button-2888 button-2888 button-2888 button-2888

Дикачех хила

Шайх Iабдул-Iазийз ат-ТIарийфис (АллахIа Iалашвойла иза), аьлла: «Дикачу стагана цхьаьнгара гIалат даьлча хала а хета, цунна хьехар а до. Ткъа вочу стагана хазахетар а хуьлу, цуьнан гIалат Iора а доккху».

ХIума кхоллий ахь?

Суфъян ас-Саврийс аьлла: «Хьо волче хьайн ваша веача, цуьнга «ХIума кхоллий ахь? Юург охьайиллий хьуна?» – бохуш хетта ма хетталахь. Цунна юург хьалха йилла, шена лаахь юур цо, ца яахь, хьалхара дIайоккхур ахь и». МавáIиз 84.

Хьиджаб

Сан бусалба йиша! Хьижаб хазаллина кечлуш юхуш яц хьуна, хьижаб хазалла къайлайоккхуш юхуш ю хьуна.

Цхьана хьенехо хьо цхьа а гIиллакх доцуш стаг ву бахар соьга

«Юкъа мостагIалла долла Iалашо йолуш цхьаьнан къамел кхечуьнга дийцар, уггаре а даккхийчу къинойх къа ду». ал-Къовлул-муфид Iалакитабит-тавхьид 2/278.

Гергарло ларде

«Вежаралла дIакхехьархьама гIалат дIадаккха, гIалат бахьана долуш вежаралла дIа ма даккха».

Айхьа кхечарна цхьаъ алале хьалха, хьайн сакхташ нисде!

Корехула арахьаьжначу зудчо шен майрачуьнга элира бах: «Хьажахь стаг, вайн лулара зудчо йиттина хьалаоьхкина хIуманаш ма боьха а ю!». ТIаккха майрчо куьзган бIаьрг цIанбича, хьалаоьхкина бедарш цIена йиттина хилар гина зудчунна! Айхьа кхечарна цхьаъ алале хьалха, хьайн сакхташ нисде!

ЦIена кхоллам хьелаш хийцадаларха хийца ца ло!

Юсуф пайхамар набахти чохь волуш цуьнга аьлла: «Хьо дика дечу нахах го тхуна». Иштта, иза Мисар пачхьалкхехь хазнашна тIехIоттийна волчу хенахь а аьлла цуьнга: «Хьо дика дечу нахах го тхуна». ЦIена кхоллам хьелаш хийцадаларха хийца ца ло!

Iовжаме бакъдерг

Цхьана Iаьрбочо боху: «Цхьана хенахь жена Iуналла деш лелла уммат дара вай, юха Ислам-дин деача, цо кхечу умматашна Iуналла деш дIахIиттийра вай. Ткъа вай цу Ислам-динна генадевлча, кхечу умматаша Iуналла деш жа хили вайх!». Iовжаме бакъдерг

Шаввал беттан ялх де

— Дийна шарахь марха кхаьбнарг санна хила лаьий хьуна? — Лаьа дера, и муха хир ду ткъа?! — Ахь Рамадан бутт а, цул тIаьхьа богIу Шаввал беттан ялх де а кхабахь, дерриг шарахь марха кхаьбнарг санна хуьлу-кх хьо, хIокху хьесапца: 30 марха × цхьа дика 10 дика яздо = 300 де. 6 марха × цхьа […]

Iилма

Цхьана хьекъалчо аьлла: «Дерриг дуьне бодане ду, Iилма долу меттиг йоцург. Ткъа дерриг Iилма эрна ду, шеца Iамал еш доцург. Ткъа ерриг Iамал а эрна ма ю, цIена даггара ихласца еш яцахь».