button-2888 button-2888 button-2888 button-2888

Iелам нехан дозалла

Имам Ибнул Къаййим ал-Жавзийс (АллахIа къинхетам бойла цунах), аьлла: «Ислам дин дендархьама Iилма Iамийнарг сиддикъийншах (бакълуьйчарах) ву. Ткъа Iилма Iамочуьнан дарж пайхамарийн даржана тIаьххье догIуш ду». Мифтáхьу дáрис-саIáдахI, 1/121.

Эшаршка ладегIаро Iибадатах юхавоккху

Шайх ибн Базас (АллахIа къинхетам бойла цунах),О аьлла: «Эшаршка ладегIар хьарам ду, мегаш дац. Дегнаш цомгуш дечу а, уьш дакъочу а, Дела хьехорах а, ламазах а юхаветтаран бахьанех цхьа бахьана ду иза». МажмуI ал-Фатава, 3/423.

Хьом вац-те хIокхо вуьйцург?!

Хьайн дай-наний хьайна хьестадала доьлча, хьо оьгIуза вахарна кхоьруш дешнаш хержа доьлча, хьуна хаалахь хьо вон доьзалхо вуйла.

Хьан меженаш тешалла дийра долуш ду хьуна, ларлуш хилалахь!

«Къемат дийнахь вайн дегIа тIехь мел йолу меже йистхира ю, ткъа вайн меттанаш дIасовцур ду». Мухьаммад Хьамид «Тахана (къемат дийнахь) Оха тухур ду мухIар церан батош тIе, Тхоьга дуьйцур ду церан куьйгаша, тешалла дийр ду церан когаша, цара лелош хиллачуьнца». Сурат «Йáсийн», 65 аят.

Диканиг бен ма ала

Суфян ас-Саврис (АллахIа къинхетам бойла цунах), шен накъосташка аьлла: «Аша деш долу къамел паччахьана тIе хьура долуш шуна юкъахь цхьаъ хилча, и (паччахь) оьгIуз вохуьйтун долу къамел дийра дарий аша?!». Цара аьлла: «ХIан-хIа, дийра дацар дера! Тхох мила ваьхьира вара и къамел дан?». ТIаккха Суфян ас-Саврис аьлла: «Шуна хаийла аша деш долу къамел малийкаша шун […]

Зулам ма де

Ал-Фудайл ибн Iийадас (АллахI реза хуьлда цунна) аьлла: «ВаллахIи, бакъо а йоцуш жIаьлина а, я хьакхина а новкъарло ян мегаш ма дац хьуна, ткъа бусалба стагана новкъарло муха йийра ю ахь?!».

Хьанал-хьарам къасто Iамаде хьайн бераш

Шайн берашна Iамаде: «хIара хьанал ду, хIара хьарам ду. ХIокхо АллахI реза во, хIокхо АллахI оьгIуз вохуьйту», бохуш. Деккъа «эхь ду» бохуш ма Iамаде. Мухле а, шайна тIе хьоьжуш АллахI вуй хууш долу, къайлах а, гучахь а Цунах кхоьруш долу чкъор кхиорхьама, нахах кхоьруш долу чкъор а ца кхиош.

Само яр!

Еари дийнахь (Четвергехь) марха кхобуш ву ша аьлла, тахана марха кхаба мегар дац, хIунда аьлча, хIара де (15.09.2016) гIурбан деношха ду. Ткъа хьадисехь деана ду: «И (гIурбана) денош юу а, молу а денош ду», аьлла.

ДоттагI

Яхкаеллачу кхелано уллера кхела талхош хиларе терра, галваьллачу доттагIчо уллераниг а талхаво.

АллахIах кхера хIай АллахIан леш!

Ибнул Къаййима (АллахIа къинхетам бойла цунах), аьлла: «Дукхах болчу нехан хьолан ахьа ойла йича, АллахIа шайна дала дезаш долчу хьокъе хьоьжуш хуьлу уьш, амма, шаьш АллахIана дIадала дезаш долу хьокъе хьоьжуш ца хуьлу». ИгIáсатул-лахIфани фи масáидиш-шайтIáни, 1/89.