|
|
«Дукхах долу нехан къамел цхьатера хуьлу, амма, нехан дегнаш чохь цунах юьсуш йолу лар тайп-тайпана хуьлу. ХIунда аьлча, хьехам багахь бинарг бац, амма хьена дуьхьа бина хилар ду. АллахIан дуьхьа бина я АллахI воцчунна кхечунна дуьхьа бина». Шайх Iабдул-Iазийз ат-ТIарийфий (АллахIа Iалашвойла иза).
Бакъдерг дIаала хьо ницкъ кхочуш вацахь, харцонна тIараш мукъна а ма детта. Шайх Мухьаммад Мутаваллий аш-ШаIравий
Хьалха заманахь наха шайн де АллахI хьехаварций, ламаз дарций дIадолош хилла. Ткъа хIинца, цхьа а дIавуьжуш вац-кх шен керахь телпо йолуш бен, юха ша самаволлушехь, сихха вацапан я фейсбукан тIе хьоду! Ткъа хIоранна а ша диннарг карор ду! Шайх Мухьаммад Салихь ал-Мунажжид
Iамран кIанта IабдуллахIа (АллахI реза хуьлда царшинна), дийцина, АллахIан элчано (ﷺ), элира аьлла: «Стагана ша кхача латто безачарна кхача ца латторан къа а тоьур ма дара, кхин цхьа а къа цо ца латийча а». Абу Давуд, 1692.
Бусулба стагана тIехь ду, шен берашна бусулба йолу нана харжар, шен Делан хьакъ а, шен майрчун хакъ а, берийн хьакъ а девзаш (хууш) йолу. Шен динна а, пайхамаран (ﷺ) суннатана а бала болу нана харжар. АллахIан элчано (ﷺ) аьлла: «Шух хIоранне а хуьлийла баркалле (шукур деш) дог а, АллахI хьехон мотт а, шен майрчуьнан эхарт […]
Шайх Iабдул-Iазийз ат-ТIарийфис (АллахIа Iалашвойла иза), аьлла: «АллахI хьехавар — дегнийн кхача бу. Пайхамара а, (ﷺ), цуьнан асхьабаша а Iуьйранна шайн дегнашна кхача луш хилла АллахI хьехаварца, шайн догIмашна юучуьнца шаьш кхача луш ма-хиллара».
Салафшха волу цхьана дикачу стагана АллахIан хIара дош хезна: «Ламазна герга ма гIолаш дехна а долуш, шаьш хIун дуьйцу хаалца». ТIаккха цо аьлла: «Масне ламаз дийриг ву-кх вахош йолу хIума молуш а воцуш, делахь а, шен ламазехь ша хIун дуьйцу ца хаа-кх цунна дуьненан гIуллакхаша ша вахорна».
Абу ХIурайрас (Дела реза хуьлда цунна) аьлла: «Веллачу стеган йа зудчуьнан дарж лакхадоккхур ду эхартахь. ТIаккха цо эра ду: «Сан Дела! ХIун бахьана долуш ду-те сан дарж лакхадаккхар?». Цуьнга эра ду тIаккха: «Хьан беро (кIанта йа йоIа) гечдар дехна хьуна». Хьайн деца-ненаца хьо дика хиларх ду ахь Деле цаьршинна гечдар дехар а, цаьршинах къинхетам бар […]
Ма сийлахь ду-кх хIара вайн дин! Хурман ах декъо жоьжахатих вай генадохуш хилча, сагIано Делан оьгIазло йойъуш хилча, «субхьаналлахIи ва бихьамдихIи, субхьаналлахIил-Iазыйм» бохучу шина дешо вайн Iамалийн терза даздеш хилча, оьцуш долчу ламазо дерриг дегIан тIера къинош дIадохуш хилча, цхьа дика иттане совдолуш хилча, ткъа цхьаболчарна хIунда моьтту те, ялсамане кхачалур вац аьлла? АллахIа ялсаманин […]
Iумарега (АллахI реза хуьлда цунна), хаьттина: «ДоттагIчо шен доттагIчун хьокъехь кхочушдан дезаш долу хьакъ хIун ду?» Цо жоп делла: «И меца а волуш хьо ца вузар, цуьнан тIедуха хIума а доцуш хьайна тIе бедар ца юхар, аьттонехь а, халонехь а цуьнан дог эцар (синтембар) ду» — аьлла. [Аннужумуз-захIирахI].
|
Хьехаме дешнаш «Веллачул тIаьхьа шен Iамал дIахада ца луучо, Iилма даржадойла».
|