button-2888 button-2888 button-2888 button-2888

КIант вина я йоI йина — олий ца хоттура цара

Iайшата (АллахI реза хуьлда цунна) шен гергарчарех цхьанна бе́р дича, «КIант вина я йоI йина?» — олий, ца хоттура. Амма, цо хоттура: «Могуш а долуш даьллий и дуьненчу?» — олий. Ткъа шега «хIаъ» аьлла жоп делча, цо олура: «Хастам бу АллахIана, Iаламийн Далла». ал-Адабул-муфрад, 1256. […]

Дог нуьре дечу бахьанех цхьадерг

Имам ШафиIийс (АллахIа къинхетам бойла цунах) аьлла: «Къиношна генаваларо а, шен бала боцург Iаддитаро а дог нуьре до (нийсонна а, бакъонна а тIенисво)». اجتِنَابُ المَعَاصِي وَتَرْكُ مَا لاَ يَعْنِيْكَ يُنَوِّرُ القَلْبَ Сияру аIла́ми ан-Нубала́ъ, 10/98.

Варийлаш, гIийбатах ларлолаш

Имам ал-Хьасан ал-Басрийс (РахьимахIуллахI) аьлла: «Варийлаш, гIийбатах ларлолаш! Со Шен керахь волчу АллахIах дуй ма буу ас, цIаро дечиг дагочул а сиха ягайой дIа ма йоху цо дика Iамалш». قال الحسن البصري رحمه الله: إياكم والغيبة، والذي نفسي بيده، لهي أسرع في الحسنات من النار في الحطب ал-ГIийбату ван-намима, 163. […]

АллахIах тешар гIийла хилар бахьана

Имам ал-Хьасан ал-Басрийс (АллахIа къинхетам бойла цунах), аьлла:  «ХIай, Адаман воI! Бакъдолуш, хьан (АллахIах) тешар гIийла хилар бахьана, АллахIан керахь долчу хIуманал а, хьайн керахь долчу хIуманах хьо алсам тешаш хилар ду (Сийлахь-Веза ву И)». МавсуIа ибн Аби ад-Дуня, 1/36. […]

Синтемехь вахархьама нийса Iакъийдат Iамае!

Ахь нийса Iакъийдат ца Iамаяхь: Iаьржачу цициго некъ хадийча, некъ ца тов аьлла юха воьрзур ву хьо.Куьйган кераюкъ кIамъелча, рицкъ тIе догIу бохуш лелар ву хьо.Ког хьаьшча, нана ле бохуш Iийр ву хьо. Синтемехь вахархьама нийса Iакъийдат Iамае! […]

Гуттар а гечдар дехаран къайле

Имам ибн Касийра (АллахIа къинхетам бойла цунах) аьлла: «Гуттар гечдар дехар шегахь долушволчунна АллахIа рицкъан тIехь ааьтто бийр бу, цуьнан гIуллакх адайдийр ду, иза лар а вийр ву». من اتصف بصفة الاستغفار يسّر الله عليه رزقه وسهَّل عليه أمرَه وحفظ عليه شأنه وقوته Тафсир ибн Касийр 4/329. […]

Бусалба вешин гIуллакхе хьажар

ал-Хьасан ал-Басрийс аьлла: «Бусалба стеган гIуллакхе хьажар, эзар ракаIат (суннат ламаз) дечул а дукха ма деза суна». لَأَنْ أَقْضِيَ لِمُسْلِمٍ حَاجَةً أَحَبُّ إِلَيَّ مِنْ أَنْ أُصَلِّيَ أَلْفَ رَكْعَةٍ Ибн Аби ад-Дуня «Къадáул-хьавáиж» 48.

Массо нах бакъонна тIебирзинчу хенахь, цунна тIаьхьаваза атта ду

«Бакъонна тIаьхьаваза атта ду, нах цу бакъонна тIебирзинчу хенахь. Амма, цу бакъонна тIехь латта хала ду, нах цу бакъонах дIабирзинчу хенахь». Шайх Iабдул-Iазийз ат-ТIарийфий

Тоба дIа ма тетта

Лукъманул-Хьакима шен кIанте аьлла: «Сан кIант! Тоба тIаьхьа ма тетталахь, валар цIаьххьана догIу хьуна». يَا بُنَيَّ لَا تُؤَخِّرِ التَّوْبَةَ، فَإِنَّ الْمَوْتَ يَأْتِي بَغْتَةً Ибнул-Жавзий — ат-Табсира, 34.

3. Элчанан ﷺ дийцар — Ахьмад Абу Яхья

3-гIа дакъа: Телхина Iалам 1-ра дакъа — скачать http://islamanserlo.net/audiosh/ahmad_abu_yahya/siyrat/3.siyrat.mp3