button-2888 button-2888 button-2888 button-2888

Дог нуьре дечу бахьанех цхьадерг

Имам ШафиIийс (АллахIа къинхетам бойла цунах) аьлла: «Къиношна генаваларо а, шен бала боцург Iаддитаро а дог нуьре до (нийсонна а, бакъонна а тIенисво)». اجتِنَابُ المَعَاصِي وَتَرْكُ مَا لاَ يَعْنِيْكَ يُنَوِّرُ القَلْبَ Сияру аIла́ми ан-Нубала́ъ, 10/98.

19. ГIийбатан къинах дIа муха цIанвала веза?

Варийлаш, гIийбатах ларлолаш

Имам ал-Хьасан ал-Басрийс (РахьимахIуллахI) аьлла: «Варийлаш, гIийбатах ларлолаш! Со Шен керахь волчу АллахIах дуй ма буу ас, цIаро дечиг дагочул а сиха ягайой дIа ма йоху цо дика Iамалш». قال الحسن البصري رحمه الله: إياكم والغيبة، والذي نفسي بيده، لهي أسرع في الحسنات من النار في الحطب ал-ГIийбату ван-намима, 163. […]

АллахIах тешар гIийла хилар бахьана

Имам ал-Хьасан ал-Басрийс (АллахIа къинхетам бойла цунах), аьлла:  «ХIай, Адаман воI! Бакъдолуш, хьан (АллахIах) тешар гIийла хилар бахьана, АллахIан керахь долчу хIуманал а, хьайн керахь долчу хIуманах хьо алсам тешаш хилар ду (Сийлахь-Веза ву И)». МавсуIа ибн Аби ад-Дуня, 1/36. […]

18. Жималлехь динчу къолах дIа муха цIанвала веза?

17. Зина динчуьнан тоба къобал дийр дуй?!

Сурат Áли-Iимран 33-39 аят — Ахьмад Хьамза (РахьимахIуллахI).

5-гIа дарс: Сурат Áли-Iимран 33-39 аят (Тафсирул-Жалалайн). — скачать https://www.islamanserlo.net/audiosh/ahmad/tafsir/Ali-1imran/Ali-1imran_33_39.mp3

9. Пайхамар везар — Абу IабдуллахI

Пайхамар (ﷺ) везаран нийса некъ 9-гIа дакъа — скачать http://islamanserlo.net/audiosh/abu_abdullah/payhamar_vezar/9.Payhamar_vezar.mp3

16. Дена-нанна вон хиларна тоба дуй-те?!

Синтемехь вахархьама нийса Iакъийдат Iамае!

Ахь нийса Iакъийдат ца Iамаяхь: Iаьржачу цициго некъ хадийча, некъ ца тов аьлла юха воьрзур ву хьо.Куьйган кераюкъ кIамъелча, рицкъ тIе догIу бохуш лелар ву хьо.Ког хьаьшча, нана ле бохуш Iийр ву хьо. Синтемехь вахархьама нийса Iакъийдат Iамае! […]