button-2888 button-2888 button-2888 button-2888

Абу IабдуллахI: Къемат дийнахь АллахIан Iаршан IиндагIехь хир берш (24.02.2017).

Къемат дийнахь АллахIан Iаршан IиндагIехь хир берш (Рузбан хьехам, 24.02.2017) — скачать

Ахьмад Хьамза: Сурат «ат-ТIарикъ»

Тафсирул-Жалалайн, сурат ат-ТIарикъ — скачать

Абу IабдуллахI: Кхетош-кхиоран нийса некъ (17.02.2017).

Кхетош-кхиоран нийса некъ (Рузбан хьехам, 17.02.2017) — скачать

Ламаз!

Iовдал стаг еша а, яздан а ца хууш верг вац, бакъдолуш, Iовдал стаг, къилба мича агIор ду а хууш ламаз ца деш верг ву!

Абу IабдуллахI: Уггаре даккхий къинош 15-гIа дакъа (10.02.2017).

Уггаре даккхий къинош 15-гIа дакъа (Рузбан хьехам, 10.02.2017) — скачать

Баланаша муъма нехан къинош дIадоху

Шайхул Ислам Ибн Таймийяс (АллахIа къинхетам бойла цунах), аьлла: «Баланаша муъма нехан кегий къинош дIадоху, ткъа цу баланашна собаре хиларо, даржашкахь лакха а боху уьш». МажмуIул-фатáвá, 14/255.

Хьайн ойланца вогIуш вац але гамо ма лаца!

Шайхул Ислам Ибн Таймийяс (АллахIа къинхетам бойла цунах), аьлла: «Къовсам моссуза болу ши бусалба стаг вовшах къаьсташ велахьара, бусалба нахана юкъахь сий-ларам а, вежаралла а дуьсур ма дацара». МажмуIул-фатáвá, 24/173.

Хьайн берана Фатихьат сурат айхьа Iамаде, цо и мел доьшу мел хир бу хьуна

Цхьамма аьлла: «Берашна «Фатихьат» сурат сайла а хьалха цхьанге Iамадойтур дацар ас, хIунда аьлча, шен деригге а дахарехь цо и ламаз тIехь доьшур долун дела».

(Ма сийлахь ойлаяр ду иза!).

Эшарш шайтIан самукъа ду

Шайхул Ислам ибн Таймийяс (АллахIа къинхетам бойла цунах), аьлла: «Бакъдолуш, шайтIан белхаш чIагIдечух уггаре доккха бахьана — эшаршка ладегIар а, эшарийн гIирс а бу. Мушрик нехан ладегIар ду иза». Ал-Фуркъáну байна авлия́ир-рахьмáни ва авлия́иш-шайтIáн, 205 агIо.

Кхузахь Iамал ца йинарг, цигахь дохковера ву

Имам Ахьмад Хьанбалс (АллахIа къинхетам бойла цунах), аьлла: «Дуьне — Iамал йо меттиг ю, ткъа эхарт — бекхаман цIа ду. Кхузахь Iамал ца йинарг, цигахь дохковера ву». аз-ЗухIду лил-БайхIакъий, 282.