button-2888 button-2888 button-2888 button-2888

Вон нигат

«Вочу нигато санна стеган Iамал йохош хIумма а дац. Вон нигат а долуш, цо цхьа дика дахь, цу дикан беркат дIадера ду. Ткъа вочу нигатца адамо вон хIума дахь, цу вочу хIуман бохам а кхин а боккха хир бу».

Шайх Iабдул Iазийз ат-ТIарийфий

ПIераскан де

«ПIераскан де — Iибадат до де ду. Беттанашна юкъахь, Рамадан бутт санна (деза) ду и. Цу пIераскан денна чохь доIина жоп луш йолу хан, Рамадан батта чохь Лайлатул-къадр буьйса санна (еза) ю». 

Имам Ибнул-Къаййим ал-Жавзийя — Зáдул-маIáд, 1/398.

ШоIип: Бусалба нехан куй бу иза

Бакъарат сурат деша

Массаьрга салам далар

IабдуллахI ибн Iамра (АллахI реза хуьлда цаьршинна) дийцина, цхьана стага пайхамаре (ﷺ) хаьттира, Ислам динехь лелийча дика долу белхаш муьлхарш ду аьлла? ТIаккха пайхамара (ﷺ) аьлла: «Ахь (нахана) кхача балар а, хьайна вевзучуьнга а, ца вевзучуьнга а салам далар а ду». ал-Бухарий 12, Муслим 39.

Хьоьх шиъ бен кхетар вац

Хьоьх шиъ бен кхетар вац: Хьуна тIехIоьттинарг шена тIехIоьттина хилларг бен. Хьо шена дукха везаш верггий бен.

Ас-со бахарах ларвалар

«Бусалба динан бакъболу имамаш шаьш-шайх тамашбарах а, ас-со бахарах а ларло. ХIунда аьлча, иблис и хIума бахьанехь хIаллак а хилла, тилбеллачеран имам хилла».

Нигат цIена хиларан билгалонаш

ЦIеначу даггара лелачуьн нигат цIена хилар билгалдоккхуш, Iелимнаха йийцина билгалонаш ю:

  1. ГIаравийлар ца дезар.
  2. Ша наха хестор ца дезар.
  3. Динан белхашкахь жигар хилар.
  4. Дика белхаш дарехь сихо яр а, Делера а бен йоле са ца тийсар а.
  5. Собаре хилар а, шена хуьлуш йолу халонаш нахе ца елхор.
  6. Шен Iамалш чIогIа къайлаяхьа лууш хилар.
  7. Къайлах еш йолу Iамал дика яр.
  8. Къайлах еш йолу Iамал совъяккхар.
  9. Къайлах еш йолу Iамал, гучохь еш йолчу Iамалал а йоккха хилийтар.

АIма́лул-къулу́б, 43 агIо. Мухьаммад Сóлихь ал-Мунажжид.

Шена балу бух боцу некъ — кхераме некъ бу!

Имам Ибнул-Къаййим ал-Жавзийс (АллахIа къинхетам бойла цунах), аьлла: «Къуръан тIера а, суннатера а далил доцуш мел болу некъ — жоьжахатин а, Дала эккхийна долу шайтIан а некъ бу».

Мада́рижус-са́ликийн, 2/439.

Синтеме хила — Шайх СаIд ал-Iатийкъ

Кхин дIахьажа