button-2888 button-2888 button-2888 button-2888

Ахьмад Хьамза: Маж дIаяшар а, и яц яр а хьокъехь Iеламнехан къамел

Маж дIаяшар а, и яц яр а хьокъехь Iеламнехан къамел — скачать

Iилма

IабдуллахI Ибн Мубараке аьлла хилла: «Хьоьга цхьамма хьан дахарах цхьа де бен ца дисна хьуна аьлча, хIун дийра дара ахь?».

ТIаккха цо аьлла: «Нахана Iилма хьоьхур дара ас».

📚  ал-Мадхал лил-БайхIакъий, 370.

Сихьранах ларвеш долу ши сурат

Шайх Iабдул-Iазийз Ибн Бáза (АллахIа къинхетам бойла цунах), аьлла: «Iуьйранна а, суьйранна а кхузза «ал-Фалакъ», «ан-Нас» сураташ дешар, сихьранах а, и санна долчух а ларвен бахьана ду». 

📚  Фатава нурун-Iалад-дарб, 3/295.

Къуръан дешар а, и дезар а

Абу Давуда (АллахIа къинхетам бойла цунах), аьлла: «Со Курз ал-Хьарисий волче ваханчу хенахь воьлхуш карийра суна иза. Ас элира цуьнга: «Хьо стенна воьлхуш ву?». 

Цо элира: «Сийсара (айса Iадатехь доьшуш хилла долу) Къуръан тIера дакъа ца дешна ас. Ткъа и цадешар бахьана, ас латийна къа бен ма ца хета суна»». 

📚  Хьилятул-авлияъ, 5/79.

Лачкъийна хIума эцар

Имам Ахьмада (АллахIа къинхетам бойла цунах), аьлла: «Нагахь санна, цхьамма кхечуьнгара ша оьцург лачкъийна юй а хууш эцахь, цо къола деш дакъа лаьцна».
 
📚 Масáилу ал-Имáм Ахьмад, ривáяту ал-БагIавий, 68.
 

ал-Фуркъа́н, 58 аят

Сийлахь-Везачу АллахIа аьлла:

.وَتَوَكَّلْ عَلَى الْحَيِّ الَّذِي لا يَمُوت

«Ахь болх тIебилла цкъа а лийра воцучу, дийначунна (АллахIана)…» ал-Фуркъа́н, 58 аят.

Сулайман ал-Хавва́са (АллахIа кьинхетам бойла цунах) аьлла: «И аят шена хезначул тIаьхьа, цхьана а лена мегар дац, шен балхехь АллахI воцучунна кхин цхьанне а тIетовжа».

📚 Та́риху Димашкъ, 72/249.

Iилма а, Iеламнах а безар

Имам Ибнул-Къаййим ал-Жавзийс (АллахIа къинхетам бойла цунах), аьлла: «Iилма а, Iелимнах а безначунна, АллахIана дезарг дезна». 

Мифтахьу дарис-саIáдахI, 1/435.

Шен оьгIазло хьулъяр

АллахIан элчано (ﷺ), аьлла: «ОьгIазло чекхъяккха шен ницкъ боллушехь, иза хьулйиначуьнга къематдийнахь АллахIа — Сийлахь, ЦIена ву И, Шен кхолламашна хьалха кхайкхам бийра бу: «Хьурул-Iинех (хьайна) луъург харжа» — аьлла». 

Сахьихьул-жáмиI, 6518.

Пайхамаран дахар 2-гIа дакъа | Абу IабдуллахI

ал-ФикъхIул-манхIажий: Бусалба динехь доьзалан меттиг 3-гIа дакъа

Ахьмад Хьамза: Бусалба динехь доьзалан меттиг 3-гIа дакъа — скачать