button-2888 button-2888 button-2888 button-2888

Вайн пайхамаран башхаллаш (ﷺ) | Шайх СаIд Iарафáт

Кхин дIахьажа

Я АллахI! Со ларло Хьоьца жоьжахатин цIеран йовхонах

АсмаIийс (АллахIа къинхетам бойла цунах), дуьйцу: «Со Маккахь а волуш мархийн бутт тIебеара. ТIаккха со ТIáифе ваха аравелира, Маккахь йолчу йовхонах ведда. 

Со новкъаваьлла воьдуш а волуш, цхьа акха Iарби дуьхьалакхийтира суна. 

Ас хаьттира цуьнга: «Хьо стенга воьду» — аьлла? 

Цо элира: «Беркатечу Макка воьду со, беркате мархийн бутт цигахь кхабархьама». 

Ас хаьттира цуьнга: «Йовхонах ца кхоьру хьо?». 

Цо элира: «Цу йовхонах ведда воьдуш ву-кхи со а цига»». (Акха Iарбичо юьйцург, жоьжахатин цIеран йовхо яра). 

ал-Кáмилу филлугIати валадаби, 1/163.

Мархийн баттах къамел | Шайх СаIд ал-Iатийкъ

Кхин дIахьажа

Рамадан 2019

Абу IабдуллахI: Мархийн бутт тIебогIуш муха кийча хила веза бусалба стаг (03.05.2019)

Мархийн бутт тIебогIуш муха кийча хила веза бусалба стаг (Рузбан хьехам, 03.05.2019) — скачать

Лараме вежарий, йижарий!

Лараме вежарий, йижарий!

Бертте беана тIехIоьтти вайна мархийн бутт.

И Рамадан бутт бу и, хийлаза АллахIах кхоьруш болучара шега сатийсина болу.

И Рамадан бутт бу и, хийлаза дикачу нехан синоша шега сатийсина болу.

Дерриг дика а, беркат а шена чохь долу цу батте дегнаша са муха тосур дацара?!

Шена чохь шортта гечдар а, къинхетам а болу цу батте дегнаша са муха гатдийра дацара?!

Я АЛЛАХI РАМАДАН БАТТЕ ДАХА АХЬ ТХО.

Ахьмад Хьамза: Зудчо майрчунна дIадала дезаш долу хьакъ

Риядус-салихьийн: 35- Зудчо майрчунна дIадала дезаш долу хьакъ — скачать

Дуьне — кхо де ду

Имам ал-Хьасан ал-Басрийс (АллахIа къинхетам бойла цунах), аьлла: Дуьне — кхо де ду: 

Селхане ю. Иза шен чохь мел долчуьнца дIаяхана. 
Кхане ю. Хьо цуьнга волий а ца хаьа. 
Тахане ю. Ткъа иза хьан керахь ю, цундела, дика Iамалш е цу чохь. 

аз-ЗухIд лил-БайхIакъий, 196.

Вонан кхоъ бух бу, ткъа цуьнан дакъош ялх ду

Ал-Хьасан ал-Басрийс (АллахIа къинхетам бойла цунах), аьлла:
«Вонан кхоъ бух бу, ткъа цуьнан дакъош ялх ду.

Вонан баххаш иштта ду:
ХьагI а,
Сутаралла а,
Дуьне дезар а.

Ткъа цуьнан ялх дакъа иштта ду:
Наб езар,
Вуззалца хIума яар дезар,
ПаргIато езар,
Коьртехь хилар дезар,
Наха ша хестор дезар,
Дозалла дезар».

Ал-Iикъдул-фарийд, 2/151.

Ахьмад Хьамза: Сурат «ал-ГIашийа»

Тафсирул-Жалалайн, Сурат ал-ГIашийа — скачать