button-2888 button-2888 button-2888 button-2888

Нахана дика хIума Iаморан дозалла

Iа́ишата (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (ﷺ) элира аьлла: «(Нахана) дика хIума Iамош волчунна, мел долу хIума гечдар доьхуш ду, хIорд чуьра киташ цхьаьна».

📕 Сахьихьул-джамиI, 5883 .

АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) аьлла: «Бакъдолуш, АллахI а, Цуьнан маликаш а, шайн бенаш чохь долу зингаташ цхьаьна, хIорд чохь долу кит чIерий цхьаьна салават дуьллуш ду, нахана дика хIума Iамош волучунна».

📕 ат-Тирмизий, 2685.

Дегнаш леш а, денлуш а ду

Хьасанул-Басрийс (АллахIа къинхетам бойла цунах), аьлла:

«Бакъдолуш, дегнаш леш а, денлуш а хуьлу. Нагахь санна уьш лахь, парз Iамалшца денде аша уьш, ткъа денделча, суннат Iамалшца кхиаде аша уьш».

аз-ЗухIд ли-Ахьмад Ибн Хьанбал, 233.

Iашураъ дийнахь марха кхабар

Имам ЗухIрийс (АллахIа къинхетам бойла цунах) ша новкъа ваьлла воьдуш волуш Iашураъ дийнахь марха лаьцна хилла. ТIаккха цуьнга хаьттина: «И марха хIунда лаьцна ахь, Рамадан баттахь хьо новкъахь волуш ма ца кхобу ахь Рамадан беттан марха?!»

ТIаккха ЗухIрийс аьлла: «Рамадан беттан марханаш (хьо новкъахь нислахь) кхечу деношкахь кхаба йиш йолуш ду, амма Iашураъ де тIехдаьлчул тIаьхьа цуьнан хан дIайолуш ю».

Сияру аIлáми ан-Нубалáъ, 5/342.

Муъма стеган гIора цуьнан дагца ду

ШумайтI Ибн Iаджлáна аьлла: «Бакъдолуш, АллахIа – Сийлахь, Веза ву И, муъма стеган ницкъ цуьнан дагчохь бина, цуьнан меженашкахь ца бина. Шуна ца гина гIийла, воккхачу стага кхехкаш долу довхачу дийнахь марханаш кхобуш, буьйсанаш ламазехь денъеш?! Ткъа жимачу стеган ницкъ ца кхочу и лело».

АIмáлул-къулуб, 1/43. Халид Ибн Iусман ас-Сабт

Ахьмад Хьамза: Iашураъ дийнахь марха кхабар

Iилма

Имам ШафиIийс (АллахIа къинхетам бойла цуьнах) аьлла:

«Iилма ца дезачуьнгахь хайр дац».

📕 Тариху Димашкъ, 15/407.

АллахIа Шех кхийринчарна кечдина доккха ниIмат (25.05.2018).

АллахIа Шех кхийринчарна кечдина доккха ниIмат (Рузбан хьехам, 25.05.2018) — скачать

Ахьмад Хьамза | Iаьрбийн мотт: 2-гIа том, 14-гIа дарс, 5-гIа дакъа

Iаьрбийн мотт: 2-гIа том, 14-гIа дарс, 4-гIа дакъа — скачать

Абу IабдуллахI: Бахам а, ахча а гулдаран Iалашо

Бехка боцуш стаг вер (18.05.2018).

Бехка боцуш стаг вер (Рузбан хьехам, 18.05.2018) — скачать