button-2888 button-2888 button-2888 button-2888

Iилма Iаморан къайле

АллахIан Элчано (IалайхIис салату вас-салам) аьлла: «Iилма лохуш (и Iамо) новкъа ваьллачунна, АллахIа ялсамане боьду некъ атта бийра бу». Муслим, 2699.

Майрачу лаьхьано, хин буха боьдучуьра чIара кIелхьара баьккхина!

Вайна гондахьа эгаш долу хIуманаш иштта дуьйцу цхьаболчу хаамийн гIирсаша.

Галдаьлларг, цара иштта хаамаш бар дац.
Галдаьлларг, чIара хин буха боьду бохучух нах тешар ду.

Зикр дар

Шайхул Ислам Ибн Таймийяс (АллахIа къинхетам бойла цунах), аьлла:

«Дагна АллахI хьехор чIерана хи эшарх тера ду. Ткъа хих къаьстича чIеран хьал муха хир дара (аьлла хета хьуна)?!».

📚 МажмуIул-фатава, 10/85.

Лулахой

Цхьана стага Ибн МасIудана тIе а веана аьлла: «Суна новкъарлонаш еш, суна луьйш, шега йалуш йолу хало еш цхьа лулахо ву сан» — аьлла. ТIаккха Ибн МасIуда (АллахI реза хуьлда цунна), аьлла: «Хьада дIагIо, бакъдолуш, иза хьан хьокъехь АллахIана Iеса хилла, ткъа хьо цуьнан хьокъехь АллахIана муьтIахь хила хьо».

[Ихьйáъ Iулýмиддин, 2/212].

Дахар & Iожалла

Дахаро Iожалле хаьттина: «Нахана со дукха хIунда деза, ткъа хьо дукха хIунда ца еза?» — аьлла.
Iожалло жоп делла тIаккха: «Хьо хаза аьшпаш болун дела, ткъа со къаьхьа бакъдерг долун дела».

ДоIан жоп даларан бахьана

Цхьана стага тáбиIий волчу Iа́мир Ибн Iабди Къайсе аьлла: «АллахIе доIа дехьа суна» — аьлла. ТIаккха Iа́мира аьлла: «Цкъа АллахIана муьтIахь а хилий, тIаккха Цуьнга айхьа деха ахь, Цо жоп лур ду хьуна!».

Хьилятул-авлияъ, 2/93.

Ахьмад Хьамза | Iаьрбийн мотт: 2-гIа том, 14-гIа дарс, 1-ра дакъа

Iаьрбийн мотт: 2-гIа том, 14-гIа дарс, 1-ра дакъа — скачать

Хьайн хьаша бан ма-безза лерам бина дIавохуьйтуш вуй ахь?!

Хьайн хьаша бан ма-безза лерам бина дIавохуьйтуш вуй ахь?!

«Рамадан бутт новкъабала герга баха, тIекхечи цуьнан дIабоьду хан. Аша йина lамалш эцна дlабоьдуш бу иза. Ткъа кхана, къематдийнахь, аша йина lамалш эцна (тоьшалла дан) шуна дуьхьала богIур бу иза. Алийша соьга, аша хlу эцна бахийти и дIа?! Алийша соьга, муьлхачу lамалшца йи аша цуьнца Iодика?!

Имам Ибнул-Жавзий

Рамадан беттан чаккхенга кхьачна хьо, соввала диканашкахь!

«Говраш хохкучу майданахь, говраш шаьш чаккхенга кхача гергаяхача, шайгахь мел болу ницкъ тIебохуьйту, вукхарел хьалха дIакхача гIерташ. Ткъа, говраш хьайла а хьекъале ма хилийталахь! ХIунда аьлча, Iамалш чаккхене хьаьжжина ю хьуна».
 
Имам Ибнул-Жавзий (АллахIа къинхетам бойла цунах).

АллахIан къинхетамах дог ма дилла

Шайхул Ислам ибн Таймийяс (АллахIа къинхетам бойла цунах), аьлла:

«Цхьаммо а АллахIан къинхетамах дог дилла мегар дац, шен къинош мел даккхий хиларх а».

📕 МажмуIул-фатава, 16/19.