button-2888 button-2888 button-2888 button-2888

Хьайн хьаша бан ма-безза лерам бина дIавохуьйтуш вуй ахь?!

Хьайн хьаша бан ма-безза лерам бина дIавохуьйтуш вуй ахь?!

«Рамадан бутт новкъабала герга баха, тIекхечи цуьнан дIабоьду хан. Аша йина lамалш эцна дlабоьдуш бу иза. Ткъа кхана, къематдийнахь, аша йина lамалш эцна (тоьшалла дан) шуна дуьхьала богIур бу иза. Алийша соьга, аша хlу эцна бахийти и дIа?! Алийша соьга, муьлхачу lамалшца йи аша цуьнца Iодика?!

Имам Ибнул-Жавзий

Рамадан беттан чаккхенга кхьачна хьо, соввала диканашкахь!

«Говраш хохкучу майданахь, говраш шаьш чаккхенга кхача гергаяхача, шайгахь мел болу ницкъ тIебохуьйту, вукхарел хьалха дIакхача гIерташ. Ткъа, говраш хьайла а хьекъале ма хилийталахь! ХIунда аьлча, Iамалш чаккхене хьаьжжина ю хьуна».
 
Имам Ибнул-Жавзий (АллахIа къинхетам бойла цунах).

АллахIан къинхетамах дог ма дилла

Шайхул Ислам ибн Таймийяс (АллахIа къинхетам бойла цунах), аьлла:

«Цхьаммо а АллахIан къинхетамах дог дилла мегар дац, шен къинош мел даккхий хиларх а».

📕 МажмуIул-фатава, 16/19.

ШоIип: Лайлатул къадр

Само яр!

Цхьаболу нах, лайлатул-къадр буьйса цхьана сахьтехь я буьйсан кхозлагIчу декъехь ю олий кхета, ткъа иза гIалат ду. Лайлатул-къадр буьйса малх чубуьзча дуьйна Iуьйра хан хиллалц ю. Сийлахьчу АллахIа аьлла: «И маршо лаьтта сатассалц». Сурат «Ал-Къадр», 5 аят.

Къийсаваларехь болу бохам

Лайлатул-къадр буьйса маца ю хаийта араваьлла хилла АллахIан элча (саллаллахIу IалайхIи васаллам), тIаккха къийсалуш цхьа ши стаг а гина йицъелла цунна иза маца хуьлу.

Масне дика а, беркат а дIаоьцу вайна юкъара, вайна хаа а ца хууш, къийсадалар а, дегнаш чохь хьагI-гамо а хилар бахьана долуш.

Шайх Мухьаммад Салихь ал-Мунажжид

Лайлатул-къадр буьйсанна деш долу доIа

лайлатул-къадр

Шайх Ибн Базáс (АллахIа къинхетам бойла цунах), аьлла: «Рамадан беттан тIаьхьара итте буьйса денйинарг, лайлатул-къадр буьйсане кхочур ву».

📕 МажмуI фатáвá, 15/430.

Шен бусалба вешина гечдар дехр

Имам Ибнул-Къаййим ал-Жавзийс (АллахIа къинхетам бойла цунах), аьлла:

«Бусалба стаг шен бусалба вешина гечдар доьхуш хила веза: «Сан Дела! Суна а, сан дена-нанна а, бусалба божаршна а, бусалба зударшна а гечде Ахь» — олуш. Цхьаболчу салафша и доIа хIора дийнахь дар дика лоруш хилла».

📕 Мифтахьу дарис-саIáдахI, 1/339.

ШаIбан бутт (20.04.2018).

ШаIбан бутт (Рузбан хьехам, 20.04.2018) — скачать