Iаьрбийн мотт: 2-гIа том, 14-гIа дарс, 2-гIа дакъа — скачать
|
|
||||
|
Iаьрбийн мотт: 2-гIа том, 14-гIа дарс, 2-гIа дакъа — скачать АллахIан Элчано (IалайхIис салату вас-салам) аьлла: «Iилма лохуш (и Iамо) новкъа ваьллачунна, АллахIа ялсамане боьду некъ атта бийра бу». Муслим, 2699. Шайхул Ислам Ибн Таймийяс (АллахIа къинхетам бойла цунах), аьлла: «Дагна АллахI хьехор чIерана хи эшарх тера ду. Ткъа хих къаьстича чIеран хьал муха хир дара (аьлла хета хьуна)?!». 📚 МажмуIул-фатава, 10/85. Цхьана стага Ибн МасIудана тIе а веана аьлла: «Суна новкъарлонаш еш, суна луьйш, шега йалуш йолу хало еш цхьа лулахо ву сан» — аьлла. ТIаккха Ибн МасIуда (АллахI реза хуьлда цунна), аьлла: «Хьада дIагIо, бакъдолуш, иза хьан хьокъехь АллахIана Iеса хилла, ткъа хьо цуьнан хьокъехь АллахIана муьтIахь хила хьо». [Ихьйáъ Iулýмиддин, 2/212].Дахаро Iожалле хаьттина: «Нахана со дукха хIунда деза, ткъа хьо дукха хIунда ца еза?» — аьлла. Цхьана стага тáбиIий волчу Iа́мир Ибн Iабди Къайсе аьлла: «АллахIе доIа дехьа суна» — аьлла. ТIаккха Iа́мира аьлла: «Цкъа АллахIана муьтIахь а хилий, тIаккха Цуьнга айхьа деха ахь, Цо жоп лур ду хьуна!». Хьилятул-авлияъ, 2/93. Iаьрбийн мотт: 2-гIа том, 14-гIа дарс, 1-ра дакъа — скачать |
||||
|
© 2008 - 2026 ИС - All Rights Reserved Powered by WordPress & Atahualpa |
||||