button-2888 button-2888 button-2888 button-2888

Аятийн маьIна «Кураллаш ма е!».

«Тотин дийцар» — Шайх Мухьаммад ал-Хьасан ад-Даду.

ДIатесна, ца лелочу суннатех ду, буьйсанна сурат Къулха дешар

ДIатесна, ца лелочу суннатех ду, буьйсанна сурат ал-Ихлас (Къулха) дешар. Пайхамара (ﷺ), аьлла: «Цхьана буьйсанна Къуръанан кхоалгIа дакъа ца дешалуш шух цхьаъ гIорасиз вуьсур варий?.. «Къул хIуваллохIу ахьад» Къуръанан кхоалгIа дакъа санна ду».
 
🔸Шайх Iабдул Iазийз ат-ТIарийфий

Баланаш, гIайгIанаш совдевлачо ала дезарг

Имам Ибнул-Къаййим ал-Жавзийс (АллахIа къинхетам бойла цунах), аьлла:

❏ «Шен баланаш, гIайгIанаш совдевлачо «Лá хьавла ва лá къуввата иллá биллáхI» алар совдоккхуьйла».

МаьIна: «Ницкъ а, гIора а дац, АллахIехь бен».

📕 Зáдул-маIáд, 4/183.

ГIайгIанаш, баланаш, сингаттамаш хиларан бахьана

Имам Ибнул-Къаййим ал-Жавзийс (АллахIа къинхетам бойла цунах), аьлла:

❏ «ГIайгIанаш, баланаш, сингаттамаш шина бахьанаца хуьлу: Хьалхарниг — дуьне чIогIа дезарна а, цунна чIогIа сутар хиларна а. ШолгIаниг — дика Iамалш кIезиг ярна а, Далла муьтIахь хилар лагIдаларна а».

📕 Iуддатус-собирийн, 256.

Аятийн маьIна «Исраф дарх ларлолахь!».

Аятийн маьIна «ДоIа».

СубхьáналлóхIи ва бихьамдихI, субхьáналлóхIил-Iази́м

Ахьмад Хьамза: 5-7-гIа шардар 4-гIа дакъа (ан-Нахьвул вáдихь)

5-7-гIа шардар 4-гIа дакъа — скачать

Сан Дела! ма йоккха ю-кх Хьан комаьршо!

Цхьана адамах вай кхераделча, цунах довду вай, амма АллахIах вай кхийрича, Цунна гергадоьлху вай. Иштта, адаме цхьаъ доьхучу хенахь коьртеш охьатаIадо вай, амма АллахIе вайн хьашташ доьхучу хенахь вайн коьртеш стигал хьалаойъу вай!

Сан Дела! Массо кхачам бацарех ЦIена ву-кх Хьо, ма йоккха ю-кх Хьан комаьршо!