button-2888 button-2888 button-2888 button-2888

Уггаре а доккха зен деш берг мотт бу

Ибнул-Къаййима (АллахI реза хуьлда цунна), аьлла:

❏ «Уггаре атта меттахъхьелуш йолу меже иза мотт бу, ткъа и (мотт) бу лайна (адамана) уггаре а доккха зен деш берг».

📕  ал-Жавáбул-кáфий, 281.

Ахьмад Хьамза: 4-гIа шардар 3-гIа дакъа (ан-Нахьвул вáдихь)

4-гIа шардар 3-гIа дакъа — скачать


Дог АллахI хьехорах хер мел ло а дакъадалар чIагIло цуьнан

Имам Ибнул-Къаййим ал-Жавзийс (АллахIа къинхетам бойла цунах), аьлла:

❏ Дог АллахI хьехорах гIел мел ло а, деган дакъадалар а чIагIло. Ткъа АллахI хьахийча деган дакъадалар даша а деший дIадолу, цIергахь даш лала а лаьлла дIа ма-даллара.

📕 ал-Вáбилус-сайб, 146.

Ахьмад Хьамза: 2.3-гIа шардар 2-гIа дакъа (ан-Нахьвул вáдихь)

2.3-гIа шардар 2-гIа дакъа — скачать

Еригге а зIенаш дIахеда, Iаламийн Делаца йолу зIе йоцург

Шайх Iалий ат-ТIантIавийс (АллахIа къинхетам бойла цунах) боху: «Сайн дахаран юьххьехь сайн деца-ненаца Iаш вара со. Цу хенахь царах къаьстича я уьш боцуш со ваха а лур вац аьлла хетара суна. Цул тIаьхьа, сан да-нана дIаделира, ткъа со сайн вежаршца Iийра. ТIаккха, царах къаьстича а со ваха а лур вац аьлла хеташ вара со, амма уьш зударий а балийна шайн-шайн доьзалашка бирзира. Ас а ялийра зуда, йоьIарий а, кIентий а хилира сан. Царах къаьстина Iалур а вац аьлла хетара суна, амма, цара а шайн доьзалш а болийна хIораммо а шен шен некъ лецира.

ТIаккха кхийтира со, адамаца цуьнан Дела воцург цхьа а вуьсуш ца хилар!

Еригге а зIенаш дIахеда, Iаламийн Делаца йолу зIе йоцург».

АллахI хьехор

АллахI хьехор

Абу IабдуллахI: АллахI хьехоран нийса некъ 1-ра дакъа (05.01.2018).

АллахI хьехоран нийса некъ 1-ра дакъа (Рузбан хьехам, 05.01.2018) — скачать

Декъаза стаг

Шайх Iабдул-Iазийз ат-ТIарийфис (АллахIа Iалашвойла иза), аьлла:

❏ «Декъаза стаг — гIорасиз верг вац, декъаза стаг — шен дика белхаш дан аьтто боллушехь уьш ца деш Iаддитинарг ву».

Ахьмад Хьамза: МудариI фиIлана Жазм дар а, хьалхара шардар а (ан-Нахьвул вáдихь)

МудариI фиIлана Жазм дар а, хьалхара шардар а — скачать

ДоIа бусалба стеган герз ду

Шайхул Ислам ибн Таймийяс (АллахIа къинхетам бойла цунах), аьлла:

❏ «Куьйгаца тIом беш ма-хиллара, доIанца а хуьлу тIом беш».

📕 МинхIажус-суннахI, 4/482.

ГIийлонехь болчу шайн вежаршна гIо де, доIанца дай а!