АллахIан къинхетам боккха бу бохуш, къинош леточунна хаа деза, Цо Шен Iазап а чIогIа буьрса а, лазаме а ду аьллий.
«…وَاعْلَمُواْ أَنَّ اللَّهَ شَدِيدُ الْعِقَابِ».
«Хаалаш, АллахI таIзар чIогIа долуш вуйла».
Сурат ал-Бакъара, 196 аят.
|
|
||
|
АллахIан къинхетам боккха бу бохуш, къинош леточунна хаа деза, Цо Шен Iазап а чIогIа буьрса а, лазаме а ду аьллий. «…وَاعْلَمُواْ أَنَّ اللَّهَ شَدِيدُ الْعِقَابِ». «Хаалаш, АллахI таIзар чIогIа долуш вуйла». Сийлахь-Везачу АллахIа аьлла: «فَمَن كَانَ يَرْجُو لِقَاءَ رَبِّهِ فَلْيَعْمَلْ عَمَلًا صَالِحًا». «…Шен Далла дуьхьалкхетаре сатуьйсуш волчо дика Iамалш йойла…» 18/110. Ибн ал-Муба́рака (АллахIа къинхетам бойла цунах) аьлла: «من أراد النظر إلى وجه خالقه فليعمل عملا صالحا ولايخبر به أحدا». «Ша кхоьллина волчуьнан юьхье хьажа луушволчо, дика Iамалш йойла, уьш цхьанге а йийца а ма юьйцийла цо». Шархь усул иIтикъа́д — ал-Лалакаий, 3/235. Сийлахь-Везачу АллахIа аьлла: «وَوُضِعَ الْكِتَابُ فَتَرَى الْمُجْرِمِينَ مُشْفِقِينَ مِمَّا فِيهِ وَيَقُولُونَ يَا وَيْلَتَنَا مَالِ هَٰذَا الْكِتَابِ لَا يُغَادِرُ صَغِيرَةً وَلَا كَبِيرَةً إِلَّا أَحْصَاهَا». «[Мел лелийнарг дIаяздина долу] тептар охьадуьллур ду. ТIаккха хьуна гур бу къинош летийнарш цу тептар чохь долчух кхоьруш. Цара эра ду [шайн вонаш гича]: «Тхан дакъазадовлар! ХIара хIун тептар ду?! ХIокхо-м жима а, я доккха а къа ма ца дитина дIа ца яздеш…»» 18/49. ал-Фудайл ибн Iияда аьлла: «АллахIе шайн даккхий къинош далхадале хьалха, кегий къинош далхаде». АллахIан Элчано (ﷺ) аьлла: «Ламаз керара даьлла а воцуш, ша ламаз динчу меттехь (хиина Iаш) волчунна маликаша доIанаш до. Олу цара: «Йа АллахI, гечдехьа цунна, йа АллахI, къинхетам бехьа цунах!». قال رسول الله (ﷺ): «الْمَلاَئِكَةُ تُصَلِّى عَلَى أَحَدِكُمْ مَا دَامَ فِى مُصَلاَّهُ الَّذِى صَلَّى فِيهِ ، مَا لَمْ يُحْدِثْ ، تَقُولُ اللَّهُمَّ اغْفِرْ لَهُ اللَّهُمَّ ارْحَمْهُ». ал-Бухарий, 659. АллахIан Элчано (ﷺ) аьлла: «Жимачо воккхачуьнга хьалха салам лур ду, тIехволучо хиънаIачуьнга лур ду, кIезиг болчара дукха болчаьрга лур ду». قَالَ رَسُولُ اللَّهِ (ﷺ): «يُسَلِّمُ الصَّغِيرُ علَى الكَبِيرِ، والمارُّ علَى القاعِدِ، والقَلِيلُ علَى الكَثِيرِ». البخاري ٦٢٣١. ал-Бухарий, 6231. Iамр Ибн Къайс ал-Мулáийс (АллахIа къинхетам бойла цунах) аьлла: «Бакъдолуш, Къемат-дийнахь зудчо шен хIусамда АллахIан хьалхахь кхеле озор ву. Эра ду цо: «Со бусалба динехь кхетош-кхиош вацара и, я хIумма Iама а ца дора суна. Базарара бепиг-м латтадора цо суна» (кхача-м латтабора, амма динах лаьцна хIумма а Iамош вацара)». عَن عَمْرو بن قيس الْملَائي قَالَ: «إِن الْمَرْأَة لتخاصم زَوجهَا يَوْم الْقِيَامَة عِنْد الله فَتَقول: إِنَّه كَانَ لَا يؤدبني، وَلَا يعلمني شَيْئا، كَانَ يأتيني بِخبْز السُّوق». Тафсир ас-СамIáний, 5/475. АллахIан Элчано (ﷺ) аьлла: «ПIераскан буьйсанна а, пIераскан дийнахь а суна салават алсам дилла. Суна цхьа салават диллинчунна, АллахIа итт салават дуьллу». قَالَ رَسُولُ اللَّهِ (ﷺ): «أَكثِروا الصَّلاةَ عليَّ يومَ الجمعةِ وليلةَ الجمعةِ فمن صلَّى عليَّ صلاةً صلَّى اللَّهُ عليْهِ عشرًا». ал-БайхIакъий, 5994. Пайхамара (ﷺ) аьлла: «(Бехказло а йоцуш, хаа а хууш, мало а йина) малхбуза ламаз ца динчуьнан Iамал яйна ю». قال النبي (ﷺ): «مَنْ تَرَكَ صَلاَةَ الْعَصْرِ فَقَدْ حَبِطَ عَمَلُهُ». البخاري، ٥٥٣. ал-Бухарий, 553. |
||
|
© 2008 - 2025 ИС - All Rights Reserved Powered by WordPress & Atahualpa |
||