button-2888 button-2888 button-2888 button-2888

Iовдалчух тар вала ма гIерта

Цхьа стаг хилла Халиф волчу Iумар ибн Iабул-Iазийзе багалееш.
ТIаккха Iумар ибн Iабдул-Iазийза аьлла: «ТIе дан дезаш Къемат-де дацахьарий, хьуна (дала ма-дезза) жоп лур ма дара ас».

22 — Сурат Альхьадж

22 — Сýрат Альхьадж [Хьадж] [Мадинатехь доьссина , 78 аят ду]

Аллах1а ц1арца къинхетаме , къинхетам беш волчу

1.Х1ай нах ! Шайн Дéлах кхéра ! Баккъалла а [къемат дийнан] сахьтан [хьалхар] дéгар доккха [кхéраме] х1ума ду [шуна].
2.Оцу дийнахь шуна гур ду , х1ор [бер] дакхóриг шá [дукхадéзаш] дакхийначух [бáлан боккхаллийна] йицлуш [цо шен хьóмечу доьзалхóчух д1алóцуш] , х1óр доьзалхóчух ерг [кхéраман ч1áг1аллийна] шен [кийрара] доьзалхо [остаяьлла] охьатосуш . Нах гур бу хьýна [техкаш] бехха [болуш санна] , бехха [ма] бац уьш , делахь а [уьш 1áдийна долу] Аллах1ан 1áзап ду [шá] ч1óг1а [дерг]. Кхин дIахьажа

АллахIана хастам бу-кх массо хьолехь

❏ Цхьаболчу салафаша олуш хилла шайна тIе бала беъча:

-Хастам бу-кх АллахIана, хIара бала сан динехь (суна зен деш) ца хилийтарна.
-Хастам бу-кх АллахIана, хIара бала кхин боккха ца хилийтарна.
-Хастам бу-кх АллахIана, хIара бала лан суна собар делла волчу.

✍ Шайх Мухьаммад ал-Мунажжид.

Iабдуррахьман ибн Iовф ал-Къураший (06.10.2017).

Iабдуррахьман ибн Iовф ал-Къураший (АллахI реза хуьлда цунна) (Рузбан хьехам, 06.10.2017) — скачать

ОЙЛА Е!

❏ Хьоьга цхьамма аьлча: цхьа ши стаг ву чуьркан тlоьхула вовшах леташ, цушиннан хьекъалах воьлура ма вара хьо!

Ткъа муха хета хьуна, дуьненна тIоьхула хlара деригге lалам вовший летар?! И дуьне ма дац АллахIан гергахь чуьркан тIоман мехха а!

✍️ Шайх Ахьмад Iиса ал-МаIсаравий

Къуръан

❏ «Нахе хьайна дагахь мел Къуръан хаа ма дийца, муххале а, хьайн тIехь гайта ахь и Къуръан – мецаниг вузош, тIе-кога доцчунна тIе-кога духуш, боберах къинхетам беш, хьайна во дечунна къинтIераволуш, хьайн нанна муьтIахь хуьлуш».

Со хьахаве, тIаккха Ас шу а хьахор ду

«Со хьахаве (Суна муьтIахь хиларца), тIаккха Ас шу а хьахор ду (шуна мел лур бу)». Сурат ал-Бакъара, 152 аят.

Хáлид Ибн МаIдáна (АллахIа къинхетам бойла цунах) аьлла: «Сих а ца луш хIокху аятан ойла е. ВаллахIи, цу аятах тешар чIагIдала ма-дезза хьан дагчохь дIачIагIделча, (Дела хьехочура) хьан ши балда дакъалур ма дацара».

АЬРРУ КУЬЙГА САГIА ДАЛАР.

Хаттар: Аьрру куьйга сагlа дала мегар дуй? Делча цунах ял хира юй?

Жоп: Аьрру куьйга сагlа дала мегар ду, иштта аьрру куьйга сагlа делча цунах ял а хира ю. Делахь а, гlолий дерг а, деза дерг а, аьтту куьйга далар ду.

Жоп делларг: Шайх Сафвáн lаднáн Дáвуди аш-шáфиIий.

ГIИБАТЕ ЛАДЕГIАР ДУ КЪИЛАХЬ.

Имам ан-Нававийс (АллахIа къинхетам бойла цунах), аьлла:

❏ «Хаалахь, гIибат дечунна гIибат дар хьарам хиларе терра, гIибате ладугIуш Iаш волчунна а хьарам ду цуьнга ладогIар а, цунна реза хилар а».

📕 Ал-Азкáр, 291.

Ахьмад Хьамза | Iаьрбийн мотт: 2-гIа том, 9-гIа дарс, 1-ра дакъа

Iаьрбийн мотт: 2-гIа том, 9-гIа дарс, 1-ра дакъа — скачать