❏ «Нагахь санна, хьо хьайн баланаш дlабаха лууш велахь, (цкъа хьалха) айхьа летош долу къинош дlадаха!»
✍️ Имам Ибнул-Жавзий (АллахIа къинхетам бойла цунах).
|
|
||||
|
❏ «Нагахь санна, хьо хьайн баланаш дlабаха лууш велахь, (цкъа хьалха) айхьа летош долу къинош дlадаха!» ✍️ Имам Ибнул-Жавзий (АллахIа къинхетам бойла цунах). Хаттар: «Фáтихь» цIе йолчу салават хьокъехь хIун эра дар ахь, хIай лераме Шайх? Жоп: «Аллох1умма солли Iала саййидина мухьаммадильфатихьа лима уг1ликъо вальхотимо лима сабакъо насириль хьакъо бильхьаккъи вальх1ади ила сирот1окаль мустакъим ва1ала алих1и хьаккъо къодрих1и вамикъдарих1иль Iазим». Жоп: Иза бух болуш хIума дац. Цу кепара салават диллар Элчанера (саллаЛлахIу IалайхIи ва саллам) деана дац. Жоп делларг: гIарваьлла воккха хьадисехь lелам стаг Шайх lабдул-Мухьсин ал-lаббáд. СаIийд Ибн Жубайрера (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, цо элира аьлла: ❏ «Дела хьехор — АллахIана муьтIахь хилар ду. АллахIана муьтIахь хиллачо, Дела хьехийна, Цунна муьтIахь воцург Дела хьехош вац хьуна, цо мел дукха тасбихьаш дахь а, мел дукха Къуръан дешахь а». 📕 ТахIзибу хьилятил-авлияъи ва тIабакъатил-асфияъ, 2/104. ТIалхьа а, Зубайр а (АллахI реза хуьлда цаьршинна) (Рузбан хьехам, 29.09.2017) — скачать Хаттар: Ялсамани чохь буьйцур берг хlун мотт бу? Жоп: «Дика хууш верг АллахI ву, бух болуш деана цхьа а хlума дац ялсамани чохь хIун мотт хир бу билгал деш. Цундела вай иза кега ца деш Iаддитича дика хир ду». ✍️ Шайх Мухьаммад ал-Мунажжид 21 — Сурат Альанбийáъ [Пайхамарш] [Маккахь доьссина , 112 аят ду] Аллах1а ц1арца къинхетаме , къинхетам беш волчу 1.Гергадеана нáхана цéран [къемат дийнан] хьéсап [сахьт , ткъа] уьш [цуьнах] чидам бóцуш [кéчам бар дóцуш] д1абирзина бу . Ад-Даххьáка (АллахI реза хуьлда цунна) аьлла: ❏ «Эшарша дог хIаллак а до, Дела оьгIаз а вохуьйту». 📕 Салáтул-муъмин, 2/935. Шайх Мухьаммад ибн Салихь ал-lусаймийнас (АллахIа къинхетам бойла цунах), аьлла: ❏ «Нагахь Къуръанах (и дешча я хезча) хьан дагна асар хуьлуш дацахь, айхьа-хьайга бехк баккхалахь. ХIунда аьлча, АллахIа аьлла: ХIара Къуръан лома тIе доссийнехьара (дукха хьастабаларна) áтабелла дIабера ма бар иза». 📕 Шархьул-Iакъидатил-вáситIия, 440. Iаьрбийн мотт: 2-гIа том, 8-гIа дарс, 3-гIа дакъа — скачать |
||||
|
© 2008 - 2026 ИС - All Rights Reserved Powered by WordPress & Atahualpa |
||||