Iумаран кIанта IабдуллахIа (АллахI реза хуьлда царшинна) дийцина, АллахIан элчано (ﷺ) элира аьлла: «Белхалочуьнан мах, цуьнан хьацар дакъадалале дIало». Ибн МаджахI, 2443.
|
|
|||||
|
Iумаран кIанта IабдуллахIа (АллахI реза хуьлда царшинна) дийцина, АллахIан элчано (ﷺ) элира аьлла: «Белхалочуьнан мах, цуьнан хьацар дакъадалале дIало». Ибн МаджахI, 2443. Шайх Iабдул-Iазийз ас-Садхьáнас (АллахIа Iалашвойла иза) аьлла: «Вайн хIусамашкахь вай лелош йоцуш, вайна оьшуш йоцуш бедарш ю вайн. Цхьа хан ма яьлнехь тишъелла дIакхуьссур йолуш ю уьш. Вай сихо ян еза и тайпа хIуманаш сагIина мискачу нахана дIаяла. Вайна цунах ял а хира ю, царна пайда а хира бу». Мухьаррам бутт тIе беача хаа дезарг (Рузбан хьехам, 22.09.2017) — скачать «Бусалба стеган декхар ду, шен динан хьокъехь ша шек воккхур волчу массо а хlумнах ларвалар». Шайх lабдул-Карим Зайдан. Тафсирул-Жалалайн, сурат Сурат ал-АIла — скачать ПIераскан дийнан Iамалш: 1. Рузбана вахале лийчар Хьекъал дайшна шо дIадаларца хьехам хуьлу (Рузбан хьехам, 15.09.2017) — скачать Шайхул Ислам ибн Таймийяс (АллахIа къинхетам бойла цунах), аьлла: «Питан АллахIа де аьлларг дIатесчий бен хуьлуш дац. АллахIа (Шеца там боцучу массо а хIуманех цIена ву И), бакъонца хила аьлла а, собаре хила аьлла а омра дина. Ткъа питан бакъдерг дIатасарца, я собаре ца хиларца хуьлуш ду». ал-Истикъáма, 1/39. Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (ﷺ) элира аьлла: «Декхар дIадала аьтто болуш (и) дIацалуш хьедар зулам ду…». ал-Бухарий, 2287. Имам Шафиlийс (АллахIа къинхетам бойла цунах), аьлла: «АллахIана хьо гуттаренна а жоьжахатехь вáгийта лууш хиллехьара, Цо хьан даг чу Ша цхьаъвайтар (тавхьид) тосур ма дацара». Дийвáн ал-Имáм аш-Шáфиlий. |
|||||
|
© 2008 - 2026 ИС - All Rights Reserved Powered by WordPress & Atahualpa |
|||||