button-2888 button-2888 button-2888 button-2888

20 — Сурат Т1óх1á

20 — Сурат Т1óх1á
[Маккахь доьссина , 135 аят ду]

Аллах1а ц1арца къинхетаме , къинхетам беш волчу.

1.Т1ó-х1á [Аллах1 т1ех дика хууш ву Шéна цáрех луург].
2.Оха ца доссийна хьуна т1е [х1ара] Къуръáн хьо дáкъазвáлийта ,
3.хьéхамнá бен [шá] кхоьручунна ,
4.Шá латтá а , лекха стигалш а кхоьллинчуьнгара доссóрах .
5.Къинхетамéниг 1арша т1ехь д1анисвели .
6.Цуьнан [дóлахь] ду стигланашкахь а , лаьттахь а , цаьршинна юккъехь а , [варх1е] лаьтта бухахь а [мел] дерг . Кхин дIахьажа

Ахьмад Хьамза | Iаьрбийн мотт: 2-гIа том, 7-гIа дарс, 4-гIа дакъа

Iаьрбийн мотт: 2-гIа том, 7-гIа дарс, 4-гIа дакъа — скачать

НИЦКЪ ЦХЬААЛЛЕХЬ БУ

Цхьана lелам стага аьлла: «Вайга санна барт болуш хила бохуш цхьа а дин дац, хIетте а, вай санна декъаделла цхьа а уммат дац».

Ахьмад Хьамза | Iаьрбийн мотт: 2-гIа том, 7-гIа дарс, 3-гIа дакъа

Iаьрбийн мотт: 2-гIа том, 7-гIа дарс, 3-гIа дакъа — скачать
тIехьажа лаахь жайна дехьадаккха — скачать

Даккхий къинош

Анасах (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, цо элира аьлла: «АллахIан элчане (ﷺ) цкъа даккхий къинойх лаьцна хаьттинера. ТIаккха цо элира: «(Даккхий къинош) — АллахIаца накъост вар а, дена-нанна вон хилар а, ша-шен вер а, харц тешалла дар а ду»» — аьлла. ал-Бухарий, 2653.

Бобере хьажар

Абу Дардаъах дийцина (АллахI реза хуьлда цунна), цо элира аьлла: «Пайхамарна тIе (ﷺ) цхьа стаг веара дог дакъаделла-кх шен аьлла, шен дог далхош. ТIаккха пайхамара (ﷺ) элира цуьнга: “Хьайн дог кIеда хила а, хьайн хьашташ кхочуш хила а лаьий хьуна?! (Лаахь) Боберах къа хета, цуьнан коьртах куьг а хьакха, хьайн даарха цунна юург а ло, тIаккха дог (къинхетаме) кIеда хир ду хьан, хьашташ кхочуш а хир ду хьан”».

Сахьихьул-джамиI, 80.

19 — Сурат Марьям

19 — Сурат Марьям [Марем].
[Маккахь доьссина, 98 аят ду].

Аллах1а ц1арца къинхетаме , къинхетам беш волчу.

1.Кáф-х1á-йá-1айн-сóд [Аллах1 т1ех дика хууш ву Шéна цáрех луург].
2.[х1ара] Хьан Дáла Шен лайх — Закариййáх къинхéтам бар хьахор [ду].
3.Цо кхайкхира шен Дéле хьуламе [къайлаха] кхайкхарца
4.Цо элира :»Х1ай сан Дéла ! Баккъалла а [къáналлийна] даь1ахкаш ледара евлла сан [дéг1ах] , къеждаларх корта буьзна [сан] , со ца хиллéра — х1ай сан Дéла — [х1инццалц айса] Хьоьга кхайкхарца [жоп ца луш] дéкъаза . Кхин дIахьажа

Маж дIаяшар

Имам Ибн Хьазмас (АллахIа къинхетам бойла цунах) аьлла: «Маж дIаяшар хьарам хиларна тlехь массо lелам нехан барт хилла». Марáтибул-ижмál.

Кхо хIума тIедеача дан деза кхо хIума

«Цхьаболчу наха шайна кера хIума деача кураллаш йо, шайна тIе бала беача собарха буху, къа латийча кхин а Iесаллийна чу оьгу.
Ткъа ишттачу хьолехь цара дан дезарг хIунд ду?! Шайна кера хIума деача АллахIана шукур дар, шайна тlе бала беача собаре хилар, къа латийча АллахIе гечдар дехар ду».

Шайх Мухьаммад Салихь ал-Мунажжид

ГIиллакх

Хазачу гIиллакхо Iамалаш язйо, мел кIезиг уьш елахь а. Ткъа вочу гIиллакхо Iамалаш талхайо, мел яккхий уьш елахь а.

Хьадисехь деана: «Бакъдолуш, вочу гIиллакхо Iамал талхайо, къонзано моз ма талхадарра».

Шайх Iабдул Iазийз ат-ТIарифий