Уггаре даккхий къинош 13-гIа дакъа (Рузбан хьехам, 20.01.2017) — скачать
|
|
|||||
|
Уггаре даккхий къинош 13-гIа дакъа (Рузбан хьехам, 20.01.2017) — скачать Дукхах болу нахана моьтту, деккъа маттехула «ЛÁ ИЛÁХIА ИЛЛАЛЛÁХI» аьлларг ялсамани гIур ву. Хьасан ал-Басрега (АллахIа къинхетам бойла цунах), аьлла хилла: «Цхьаболчу наха олу: «ЛÁ ИЛÁХIА ИЛЛАЛЛÁХI» аьлларг ялсамани гIур ву!» ТIаккха, Хьасан ал-Басрийс аьлла: «Цу дешан дала ма-дезза хьакъ дIа а луш, цуьнан парзаш кхочуш а деш и аьлларг вуьгу цо ялсамане». ал-ХутIаб ал-минбариййахI, 1/56. Уггаре даккхий къинош 12-гIа дакъа (Рузбан хьехам, 13.01.2017) — скачать Къонахчун доттагIий-м дуккху а хуьлу, амма, тIе хIума деача, юххехь ма кIезга буьсу-кх «Къаьсттинчарца леладо ас вежаралла», алий Iеха ма лолахь ТIе бала беача юххехь воцург ваша вац хьуна Ала-м хIора вешо а олу: «со тешаме ву», Амма, ша дуьйцург кхочушдеш ца караво-кх, Сий а, дин а шегахь дерггий бен, Ткъа цо ша аьлларг чекхдоккхур ду хьуна. Хьассáн Ибн Сáбит Мáлик Ибн Дийнáрас (АллахIа къинхетам бойла цунах), аьлла: «Шеца охьахиъча диканиг схьадолуш мел воцу накъостах генавала хьо». Аз-ЗухIд ли-бни Аби Iáсим, 86. Шайх Ибн Бáзас (АллахIа къинхетам бойла цунах), аьлла: «Ламаз а, сагIа а баланаш юхатухучу уггаре даккхийчу бахьанех ду. Иштта, вониш дIадохучу а, диканиш совдохучу а бахьанех а ду». МажмуIул-фатава, 3/257. «Цхьана стага хаьттина хилла Хьасан ал-Басрега: — Сан йоI йоьхуш дуккху а нах бу, иза хьаьнга ягIийтича гIолехь хир дара-те? — аьлла. ТIаккха Хьасан ал-Басрийс жоп делла: — АллахIах кхоьруш волчуьнга ягIийта ахь, нагахь санна цунна иза дукха езаш хилахь цо дика лелор ю иза, нагахь санна цунна иза ца езаш нислахь, зулам дийра дац цо цунна». [МавIизатул-муъминийн, агIо: 197]. Уггаре даккхий къинош 11-гIа дакъа (Рузбан хьехам, 06.01.2017) — скачать |
|||||
|
© 2008 - 2026 ИС - All Rights Reserved Powered by WordPress & Atahualpa |
|||||