button-2888 button-2888 button-2888 button-2888

11 — Сýрат ХIýд

11 — Сýрат ХIýд
[Маккахь доьссина ‚ 123 аят ду]

Аллах1а ц1арца къинхéтаме , къинхетам беш волчу

1.Алиф-лáм-рá . [х1ара] Жайна ду , шен áяташ [лéрина] ч1аг1дина [нисдина] , т1аккха кхéтамéчунна , хуучунна [говзанчyнна] гергара даьстина ,
2.шоьга Аллах1ана бен 1ибáдат ца дайтийта . Баккъалла а со шуна Цуьнгара [1áзап] д1ахьéдийриг а , [ялца] кхаъ боккхург а ву ,
3.шоьга шайн Дéле гечдар дéхийтá а , т1аккха [1ибáдатца] Цуьнга дерзийтá а — [т1аккха] Цό шоьга дикачу зовкхаца зовкх хьоьгуьйтур ду ц1етоьхначу хáнналц , массό [дикадечу] комаьршаллин дéна Шен комаьршалла лур ю . [ткъа] Шу д1адерзахь , баккъалла а со кхоьру шуна т1ехь доккхачу дийнан 1áзапех .
4.Аллах1é ду шун дерзар . Иза массό а х1уманна т1ехь ницкъ кхόчуш ву .
5.Вá [нах] ! Баккъалла а цáра хабадо [д1адерзадо] шайн нáкхош Цуьнах хьулбалархьама . Вá ! Цáра [шайха] шайн бедарш хьарчόчу хéна Цуна хууш ду цáра хьулдийриг а , гучудоккхург а . Баккъалла а Иза хууш ву кийранашкахь дерг .
6.Цхьá дийнат дац лаьттахь шен рицкъа Аллах1ана [комаьршаллин] т1ехь долуш бен . Цуна хаа цуьнан 1ойлá а , цуьнан лáттийлá а . Дерригé а билгалчу жайнахь [д1аяздина] ду .
7.Иза ву Шá кхоьллинарг стигланаш а , латта а ялх дийнахь . Цуьнан «1арш» яра хи т1ехь . Шу зерхьама , муьлха ву шух 1амалехь г1олú верг . [Дéлόра] Ахь аьлча :»Баккъалла а шу деллачул т1аьхьа [дендина] г1овттор ду» — шаьш [Дéлах] цатешначáра эра ма дара :»Х1ара ма дац билгала [долу] бозбуанчалла бен».
8.[Дéлόра] Óха цáрех 1áзап т1аьхьатеттича лéринчу [ягарйинчу] хéнé , цáра эра ма дара :»Cтé сéцадо и ?» Вá ! И [1áзап] царна дóг1учу дийнахь [цхьаммό] цáрех д1ахьовзор [ма] дац . Цáрна т1едόг1ур ду уьш шех кхаьрдаш [цабéшаш] хилларг .
9.[Дéлόра] Óха адамé Тхайгара къинхéтамех чам баккхийтана , т1аккха цуьнах и д1абаьккхича — баккъалла а иза догдуьллург , [Дéлах] ч1όг1а цатéшарг ма ду .
10.[Дéлόра] Óха цуьнга зовкхан чам баккхийтача , цуьнах хьакхабеллачу бáланал т1аьхьа , цо эра ма дара :»Д1адаха соьх вόнаш». Баккъалла а иза [шен карарчух] воккхавуьйш , дозалла деш [ма] ву .
11.Шаьш [бáланна] сатоьхнарш а , диканаш динарш а бόцурш . [ткъа] Уьш — цáрна [Дéлéра] гечдар а , йоккха ял а ю .
12.Ахьa [д1ацакхáчош] хьайга [Дáла] хьоьху цхьадерг дита тарло , цуьнца хьан нáкха гаттабала а [тарло] цáра áларна :»Цунна т1е хазна йоссийнéхьáра , я цуьнца малик деанéхьáра». Баккъалла а хьо д1ахьéдийриг ву . Аллах1 массό х1уманна т1ехь векал [юкъархо] ву .
13.Я цáра όлу :»Цό [шéгара] кхоьллинéра иза-м». Ахь áла :»Т1аккха ашa дáладé цунах тера итт сýрат , [шайгара] кхоьллина [долу] , кхайкха [г1оьнна] шайн йиш йолчуьнга , Аллах1 вόцуш [кхéчуьнга] , шу бакълуьйш хиллехь .
14.[ткъа] Цáра шайна жоп ца деллехь , шуна хаийла баккъалла а и [Kъуръáн] Аллах1ан 1илманца доссийна дуй , баккъалла а кхин дéла вόций И [Аллах1] бен . Дуй шу бусалба ?
15.Ша [шен 1амалца] дуьнéнан дáхар а , цуьнан хазалла а лууш хилларг [милла велахь] — Óха цу [дуьнен] чохь кхоччуш д1алур ю царна шайн 1амалийн ял , уьш цу [дуьнен] чохь [х1уманна] эшор бац .
16.Уьш — шайна эхартахь [жоьжахатин] ц1е бен [хир] йόцурш бу . Эрна дайна цáра цу [дуьнен] чохь динарг , доьхна ду цáра деш хилларг .
17.[дуьнé дéзарг санна ву ткъа] Шá шен Дéлéра билгалонна т1ехь хилларг , шéна т1аьхьавόзуш Цуьнгара теш волуш , цул хьалха [шéна] Мусан жайна хилла [долуш] имам а , къинхетам а ? Уьш — цунах тéшаш бу . Тόбанашха шá цунах цатешарг [милла велахь , жоьжахатин] ц1е ю цуьнан йиллина хан . Хьо ма хила цунах шéкόнехь , баккъалла а и хьан Дéлéра бакъдерг ду , делахь а дукхахболу нáх ца тéша .
18.Мила ву Аллах1ан т1ехь харцό кхоьллинчул а сов зуламé ? Уьш [къéмата дийнахь] шайн Далла хьалха д1ах1иттор бу , тéшаш эра ду :»Х1орш бу [уьш] шаьш шайн Дáлла т1ехь харцό кхоьллинарш . Вá ! Аллах1ан не1алт хуьлийла зуламхошна ,
19.шаьш Аллах1ан новкъах [нах] бухабетташ болу , и гόма хила лууш болу , уьш бу уьш эхартах цатéшарш .
20.Уьш ца хилла [Аллах1] г1όрасиза веш лаьттахь , ца хилла царна Аллах1 вόцург [1áзап духатόха] кхин г1оьнчий а . Шозза совдоккхур ду Цό царна 1áзап , уьш бáцара ладόг1а ницкъ кхόчуш , бáцара гуш а .
21.Уьш — шаьш шайн дог1машна эшам бинарш бу . [доьхна] Д1атилла цáрех цáра кхуллуш хилларг .
22.Дера [шéкό йоцуш] баккъалла а уьш ма бу уьш эхартахь уггар эшнарш .
23.Баккъалла а шаьш [Дéлах] тешнарш а , диканаш динарш а , шайн Дáлла муьт1ахь хилларш а — уьш ялсаманин дай бу , уьш цу чохь гуттар 1ийр бу .
24.[цу] Шина тόбанан масал — б1аьрзé , къора волчух а , б1аьрса гуш , хезаш волчух а тера ду . Юй и шиъ [тόба] масалехь цхьатерра ? Шу ца кхéта ?
25.[Дéлόра] Бакъдолуш Óха вахийтина Нýхь шен къόмé [шá όлуш] :»Баккъалла а со шуна билггала [1áзап хирг хилар] д1ахьéдийриг [ма] ву ,
26.Аллах1ана бен 1ибáдат ма дé . Баккъалла а со кхоьру шуна т1ехь лазόчу дийнан 1áзапех».
27.Цуьнан къόмах болчу шаьш [Дéлах] цатешначу элаша элира :»Тхýна хьо ца го тхо санна адам бен , тхýна хьо ца го хьайна т1аьхьах1иттина шаьш тхоьх лахарнаш [беркъанаш] болуш бен , дагахь х1ума дόцуш болу . Тхýна ца го шуна тхайна т1ехь цхьá а дозалла . Мелхό а , тхýна шу харцлуьйш хéта».
28.Цό [Нýхьаса] элира :»Х1ай сан къáм ! Гой шуна , со сайн Дéлéра цхьана бух т1ехь хилча , Цό сýна Шéна гергара къинхéтам белча , т1аккха [Цо] шух и хьулбича , Óха шуна т1е [мýха] бόжор бу и , шу и цабéзаш долуш ?
29.Х1ай сан къам ! Асa шоьга ца боьху цу [дин] т1ехь бáхам , сан ял яц Аллах1ан т1ехь бен . Со вац шаьш [Дéлах] тешнарш лелхор [къахкор] болуш . Баккъалла а уьш шайн Дáлла дуьхьал х1уьттур бу . Амма сýна шу го сонта нах .
30.Х1ай сан къам ! Со хьá ларвийр ву Аллах1ех , ас уьш лелхийча ? Шу ца кхéта ?
31.Асa шоьга ца бόху :»Cоьгахь Аллах1ан хазнаш ю». Къайлé ца хаа сýна . Асa ца бόху :»Баккъалла а со малик ду». Асa ца бόху шун б1аьргаш [шайха] цадéшачáрна :»Аллах1а цáрна цхьá дика лур ма дац». Аллах1 т1ех дика хууш ву цéран дог1машкахь [дегнашкахь] дерг . Баккъалла а [ас и бáхахьáра] со т1аккха зуламхойх [хир] ма ву».
32.Цáра элира :»Х1ай Нýхь ! Бакъдолуш тхоьца къийси ахьа , шорта ди ахьa [и] тхоьца къийсар , вόла тхýна айхьа тхýна ч1áг1ό ечуьнца , хьо [цуьнгахь] бакълуьйчáрех хиллехь».
33.Цό элира :»Баккъалла а цуьнца Аллах1 вόг1ур ву шуна — Шéна [и сихдан] лаахь — шу дац [И] г1όрасиза вийр волуш .
34.Шуна пайда бийр бац сан хьéхамό , сýна шуна хьéхам бан лиъча а , [нагахь] Аллах1 шу тилό лууш хиллехь . Иза ву шун Дéла , Цуьнга доьрзур ду шу .
35.Я цáра бόху :»Цό [шéгара] кхоьллина и [Kъуръáн]» . Ахь áла :»Иза асa кхоьллинехь , сýна т1ехь ду-кх сан къа , со ц1ена ву-кх ашa дечу къинойх».
36.Нýхьé [Дáла] хьийхира :»Баккъалла а хьан къόмах [Дéлах] тешар вац , шá х1инцалé тешнарг бен . Ахьa г1айг1а ма йé цáра деш хиллачунна .
37.Хинкéма дé Тхан б1аьр хьалхá , Тхан хьéхарца . Соьга вист ма хила зулам динчéран хьокъехь . Баккъалла а уьш хи буха бохуьйтур бу .
38.Цо хинкема дόра , [ткъа] цуьнан къόмах [болу] элий цуна юххéхула чекх мел бовлу цуьнах [цабéшаш] боьлура . Цό элира :»Шу [х1инца] тхоьх делахь а , баккъалла а тхо шух доьлур [ма] ду шу [тхоьх] ма-деллара .
39.Т1аьхьа хуур ду шуна , мила ву и шéна 1áзап дόг1ур дерг , шá сийсазвеш долу , шéна т1е дуссур дерг диллина лаьтта 1áзап».
40.Тхан омaр деача , пеш кхихкича , Óха элира :»Ахьa хьо цу [хинкéман] чохь массό шина кéпарчух [сте-боьрша] шиъ а , хьан доьзал а [цáрех] шéна т1ехь [Дéлан] дош хьалха даьлларг вόцург , шá [Дéлах] тешнарг а». Цуьнца [Дéлах] ца тийшира к1еззиг [нáх] бен .
41.Цό элира :»Ховша цу [хинкéман] чу ! Аллах1ан ц1арца ду цуьнан лéлар а , цуьнан сацар а . Баккъалла а сан Дéла гечдийриг , къинхéтамéниг ма ву».
42.И лéлара цаьрца лаьмнаш санначу тулг1éнашкахь . Нýхьас кхайкхира шен к1антé , [хинкéманна] нáцкъара вара и :»Х1ай сан жима к1ант ! Т1е хаахь тхоьца , ма хилахь керстанашца !»
43.Цό элира :»Лам т1е вер ву со , цό ларвийр ву со хих». [Нýхьас] Элира :»Аллах1ан омарх ларвархо вац тахана [цхьá а] , Цό [шех] къинхéтам бинарг вόцург». Тулг1éнό д1асакъастийра и шиъ , иза хилира хи буха бахийтинчáрех .
44.[Дáла] Элира :»Х1ай латта ! Д1ахýда хьан хи ! Х1ай стигал ! Саца [дог1анах] !» . Хи лахделира , [цу] белхан кхел кхόчуш хилира . И [хинкéма] сецира Джýд-лам т1ехь . Элира :»[Дéлан къинхéтамах] Гéнадоккхийла зуламé къáм».
45.Нýхьас кхайкхира шен Дéлé , цо элира :»Х1ай сан Дéла ! Баккъалла а сан к1ант , сан доьзалх ву [и] , Хьан ч1áг1ό бакъ ю , Хьо — кхéлахойх уггар говзаниг ву».
46.[Дáла] Элира :»Х1ай Нýхь ! Баккъалла а иза хьан [к1елхьара боьвллачу] доьзалх вац , баккъалла а и [цό бинарг] дика бόцу болх бу . Ахьа ма дéха Соьга хьан шех [дерг] хаар дόцург . Баккъалла а Аса хьéхам бо хьýна сонтачáрех хиларх [вухатýхуш]».
47.[Нýхьас] Элира :»Х1ай сан Дéла ! Баккъалла а со ларло Хьоьца айса дéхарх сан шех [дерг] хаар дόцург . Ахьа сýна геч ца дахь , соьх къинхéтам ца бахь — со хир ву эшначáрех».
48.Элира :»Х1ай Нýхь ! Охьавосса Тхоьгарчу маршонца , беркаташца хьайнá а , хьоьца долчу халкъашнá а . [цхьадолу] Халкъаш Óха т1аьхьа зовкх хьоьгуьйтур ду цаьрга , цул т1аьхьа цáрех хьакхалур ду Тхоьгара лазош долу 1áзап».
49.И [дийцар] къайлéнан хабарех ду , Óха шаьш хьоьга хьоьхуш долу , вáцар и хууш хьό а , дáцар хьан къáм а х1окхул хьалха . Сатόха ! Баккъалла а чаккхé [т1аьхьло Дéлах] кхоьручáрна ю .
50.1áдашка — цéран ваша Х1ýд [вахийтира] . Цό элира :»Х1ай сан къáм ! Аллах1ана 1ибáдат дé , шун вáц И вόцург кхин дéла . Шу дáц , [харцό] кхуллурш бен .
51.Х1ай сан къáм ! Аса ца боьху шоьга цу т1ехь мах , сан мах бáц , Шá со кхоьллинчунна т1ехь бен . Хьéкъалé ца хуьлу шу ?
52.Х1ай сан къáм ! Гечдар дéха шайн Дéлé , цул т1аьхьа [дохкόдовларца] дерза Цуьнга — [т1аккха] Цό шуна т1е стигал йоуьйтур ю шорта дог1анца , шу совдόхур ду шун ницкъана т1е а ницкъехь , шу [цуьнах] д1а ма дерза къа-дийраш хилла .
53.Цáра элира :»Х1ай Х1ýд ! Хьо ца веана тхоьга [цхьанá] билгалонца . Тхо дац буьтур болуш тхан дéланаш хьан дашна , тхо дац хьоьх тéшаш .
54.Óха ца όлу , цхьаболчу тхан дéланаш хьуна [цхьа] вон дина [хир ду] áлар дόцург». Цό элира :»Баккъалла а ас Аллах1 х1оттаво [сайна] теш , аша тéшалла дé баккъалла а со ц1ена хилар [т1ехь] аша шá [Цуна] дéкъахό вечух ,
55.Аллах1 вόцург . Аша массáра мекарлό йé сýна , со [хьéвина] т1аьхьа ма татта .
56.Баккъалла а со тевжина Аллах1ан т1е — сан Дáллá а , шун Дáллá а [т1е] . Цхьá дийнат дáц , шен к1ужал лаьцна И [Аллах1] волуш бен . Баккъалла а сан Дéла нийсачу новкъа т1ехь ву .
57.Шу [цуьнах] д1адерзахь , бакъдолуш аса шуна д1акхáчийна со шоьга шéца ваийтинарг . Сан Дáла [шу х1аллак дина] т1аьхьа дуьтур ду кхин къáм шу дóцург . Ашa Цуна зен дийра дац цхьанá х1уманца . Баккъалла а сан Дéла ву массо х1ума лардийриг».
58.Тхан омaр деанчу хéна , Óха к1елхьара ваьккхира Х1ýд а , шаьш цуьнца тешнарш а Тхайгарчу къинхетамца , Óха к1елхьара бéхира уьш буьрсачу 1áзапех .
59.Цу 1áдаша т1е ца ийцира шайн Дéлан áяташ , уьш 1éса хилира Цуьнан элчанашна , т1аьхьа х1иттира х1όр къизачун , 1éсачун г1уллакхна .
60.Не1алт хьажийна царна т1аьхьа х1окху дуьненахь а , къемата дийнахь а . Вá ! Баккъалла а 1áдаш шайн Дéлах [тéша ма] цатешна . Вá ! [Дáла диканах] Гéнабόхийла 1áдаш — Х1ýдан къáм .
61.Самýдашка — цéран ваша Сáлихь [вахийтира]. Цό элира :»Х1ай сан къам ! Аллах1ана 1ибáдат дé , шун вац И вόцург кхин дéла . Цό кхиийна шу лаьттах , цу чохь дáха ховшийна шу . Гечдар дéха Цуьнга , цул т1аьхьа [дохкόдовларца] дерза Цуьнга . Баккъалла а сан Дéла [шуна] гергахь ву , жоп луш ву».
62.Цáра элира :»Х1ай Сáлихь ! Бакъдолуш хьо вара тхýна юкъахь х1окхул хьалха [хьайга] догдόхийла . Ахьa тхо юхатýху [ткъа] όха 1ибáдат дарха , тхан дайша шéна 1ибáдат дечунна ? Баккъалла а тхо , ахьa тхо шéга кхойкхучух билгалчу [тéшамбойъучу] шéкон чохь ма ду».
63.Цό элира :»Х1ай сан къáм ! Гой шуна , со сан Дéлéра [цхьана] билгалонна т1ехь хилча , Цό суна Шéгара къинхéтам белча [со Цуна 1éса мýха хуьлу т1аккха ?] . Хьá ларвийр ву со Аллах1ах , со Цýна 1éса хилахь ? Ашa сов ца боккху сýна эшам бόцург .
64.Х1ай сан къáм ! Х1ара Аллах1ан эмкал ю — шуна билгало хилла , йиталуш и Аллах1ан лаьттахь йáжа , [цхьá] вόниг ма дéлаш цуна , [дахь] т1аккха шу д1аоьцур ду гергарчу 1áзапό».
65.Цáра урс хьаькхира цунна , т1аккха цό элира :»Зовкх хьéга ашa шайн х1усамехь кхá дийнахь . Иза харц йόцу ч1áг1ό ю».
66.Тхан омaр деанчу хéна , Óха к1елхьара ваьккхира Сáлихь а , шаьш цуьнца тешнарш а Тхайгарчу къинхéтамца , [Óха к1елхьара бéхира уьш] цу дийнан сийсазаллах . Баккъалла а хьан Дéла — Иза нуьцкъалниг , сийлахьниг ву .
67.Шаьш зуламдинарш ц1ог1анό д1алéцира , т1аккха 1уьйренга бевлира уьш белла эгна [тхьузбоьлла].
68.Шаьш цу чохь ца баьхча санна . Вá ! Баккъалла а Cамýдаш шайн Дéлах [тéша ма] цатешна . Вá ! [Дáла диканах] Гéнабόхийла Самýдаш .
69.[Дéлόра] Бакъдолуш Тхан гéланчаш ма баьхкира кхаъца Ибрáх1им волчу . Цáра элира :»Cалам-маршалла [ду хьоьга]» . Цό элира [жоплуш] :»[шоьга ду] Салам-маршалла». [т1аккха] Хьéцалуш деттина эса деара цо [царна].
70.Шéна цéран куьйгаш цу т1е ца кхевдаш гича , вуха кхийтира и цáрех , кхéрам хаабелира цуна цáрех . Цáра [цуьнга] элира :»Ма кхéра ! Баккъалла а тхо дахкийтина Лýт1ан къόмé».
71.Лаьтташ йолу цуьнан зуда éлаелира . Óха кхаъ баьккхира цуьнга Исхьáкъцá а , Исхьáкъал т1аьхьа Йа1къýбцá а .
72.Цό элира :»Бáла-я1 ! Асa бéра [мýха] дийр ду ткъа , со къéна йолуш , х1ара сан майра воккха стаг волуш ? Баккъалла а х1ара тáмашийна х1ума ма ду».
73.Цáра элира :»Аллах1ан балхах тáмаша бо ахь ? Аллах1ан къинхéтам а , Цуьнан беркаташ а ду шуна т1ехь , х1ай ц1ийнан нах ! Баккъалла а Иза хáстамé , сийлахь ву».
74.Ибрáх1имах кхéравалар д1адаьлла , цуьнга кхаъ беанчу хéна , Лýт1ан къόман хьокъехь Тхоьца дийцарé вéлира и .
75.Баккъалла а Ибрáх1им сόбарé , ах1нé [холчух1уттург] , дохкό-вуьйлург ма ву .
76.[цáра элира] «Х1ай Ибрáх1им ! Дитахь и [дийцарé дар] ! Баккъалла а [уьш х1аллак барца] хьан Дéлан омaр х1инцалé деана [сецна даьлла] , баккъалла а уьш — царна дόг1ур ду [цхьаммό] духатýхур дόцу 1áзап».
77.Тхан гéланчаш Лýт1 волчу даьхкича , оччавéлира и уьш бахьанехь , г1όранна гаттавелира и царна . Цό элира :»Х1ара хала де ду».
78.Цуьнан къáм деара и волчу , хьаьдда , [цул] хьалхá дара и вόнаш деш . Цо элира :»Х1ай сан къам ! Х1орш сан йо1арий бу [уьш бига мáрé] , уьш ц1ена [ма] бу шуна . Кхéра Аллах1ах , ма вé со сийсаза сан хьéшашна хьалхá ! Вáц ткъа шух цхьá нийса стаг ?»
79.Цáра элира :»[Дéлόра] Бакъдолуш хьýна [хаа] ма хиъна , хьан йо1аршкахь тхан [цхьа] хьаштό йоций , баккъалла а хьýна [хаа] ма хаа тхуна х1ун лаьа».
80.Цό элира :»Баккъалла а шоьца [лáрон] ницкъ белхьáра сан , я т1етовжа онда г1ортор [мукъанé] елхьáра [т1аккха шу совцор дара асa]».
81.Цáра элира :»Х1ай Лýт1 ! Баккъалла а тхо хьан Дéлан гéланчаш ду . Уьш кхόчур ма бац хьýна т1е . Áрабáккха хьан доьзал буьйсанан [цхьана] дéкъехь , вуха ма хьожийла шух цхьá а , хьан зуда йόцург . Баккъалла а цуна т1едόг1ург цáрна т1е деанарг ду . Баккъалла а цéран йиллина хан 1уьйрé ю . Яц ткъа 1уьйрé герга ?»
82.Тхан омaр деанчу хéна , Óха йира цуьнан [г1áлин] т1ехулé [уьш бертал тоьхна] цуьнан лахé , Óха делхийра царна т1е [беттинчу] поппарех [долу] т1éк1ел [шорта] т1улгаш ,
83.[шаьш х1όранна ц1арца] хьан Дáлла гергахь билгалдина [долуш] . Уьш ма дáц зуламхойх гéнахь .
84.Мадйанхошкá а — цéран ваша Шу1айб [вахийтира] . Цо элира :»Х1ай сан къам ! Аллах1ана 1ибáдат дé , шун вац И вόцург кхин дéла . Ма эшадé [дол] дустар а , [терз] όзар а . Баккъалла а сýна шу го диканца , баккъалла а со шуна т1ехь кхоьру [шуна] гобуьллучу дийнан 1áзапех .
85.Х1ай сан къам ! Кхόчушдé дустар а , όзар а нийсонца , ма эшайé нáхана цéран х1умнаш , ма лéла лаьттахула бόхамаш беш !
86.Аллах1а бухадитинарг тоьлу шуна . Шу муъманáх хиллехь . Со вац шуна т1ехь [шу] лардийриг».
87.Цáра элира [цабéшаш] :»Х1ай Шу1айб ! Хьан лáмазо омар до хьоьга , όха тхан дайша шéна 1ибáдат дийриг дитарца , я όха тхан бáхамашкахь тхайна луург дар [дитарца] ? Баккъалла а хьо ма ву сόбарé , хьéкъалé».
88.Цό элира :»Х1ай сан къам ! Гой шуна , со сан Дéлéра билгалонна т1ехь хилча , Цό сýна Шéгара дика рицкъа делча , сýна ца лаьа шуна шалхо ян айса шуна цамагдочуьнгахь . Сýна ца лаьа [шу] нисдар бен , сайн ницкъ мел кхόчу . Сан аьтто хилар ма дац , Аллах1аца бен . Цунна т1етевжина со , Цуьнга воьрзу со .
89.Х1ай сан къáм ! Шу ма дáладойла соьца эг1арό Нýхьан къόманна , я Х1ýд къόманна , я Сáлихь къόманна т1едеанарг саннарг шайна т1едáрé . Лýт1ан къáм дац шуна [ханна] гéнахь .
90.Гечдар дéха шайн Дéлé , [тόба дарца] дерза Цуьнга . Баккъалла а сан Дéла къинхéтамé , [тόба динарг] вéзаш ву».
91.Цáра элира :»Х1ай Шу1айб ! Тхо ца кхéта ахьа дуьйцучух дукхах долчух . Баккъалла а тхýна хьо го тхайна юкъахь ледара [г1ийла] . Хьан гергарнаш бáцахьара , όха хьýна [тоххара] т1улгаш тоьхна хир ма дара . Хьо ма вац тхýна гергахь сийлахь».
92.Цό элира :»Х1ай сан къáм ! Сан гергарнаш т1ех сийлахь бу шуна гергахь Аллáх1ал а ? Шайн букъ т1éхьа витира аш Иза [д1атесна]. Баккъалла а сан Дéла аша дийриг [хаарца] чулόцуш ву .
93.Х1ай сан къам ! Шайн нéкъа т1ехь 1амалйé аша , баккъаллá со а ву [шуна сайн нéкъа т1ехь] 1амал-еш , т1аьхьа хуур ду шуна [вайх] мила ву шéна шá сийсазвеш [долу] 1áзап дόг1ур дерг а , мила ву и харцлуьйриг а . Хьоьжуш 1é , баккъаллá со а ву шоьца [цхьана] хьоьжуш».
94.Тхан омар деанчу хéна , Óха к1елхьара ваьккхира Шу1айб а , шаьш цуьнца тешнарш а Тхайгарчу къинхéтамца . Шаьш зуламдинарш ц1ог1анό д1алéцира , т1аккха 1уьйренга бевлира уьш белла эгна [тхьузбоьлла].
95.Шаьш цу чохь ца баьхча санна . Вá ! [Дáла диканах] Гéнабόхийла Мадйанхой , Самýдаш гéна ма-бáххара .
96.[Дéлόра] Бакъдолуш Мýсá [ма] ваийтира Óха Тхан áяташцá а , билгалчу бухцá а ,
97.Фир1авн а , цуьнан элий а болчу . Уьш т1аьхьах1иттира Фир1авнан балхана , Фир1авнан болх ма бац нийса .
98.Шен къόманна хьалхавéра ву иза къéмата дийнахь , [жоьжахатин] ц1ерга бáлор бу цό уьш . Ма вон ю-кх и [уьш] чубáлон чуг1ойла !
99.Царна т1аьхьахьажийна х1окху [дуьнен] чохь а , къемата дийнахь а не1алт . Ма вон ду-кх и [царна] лушдолу совг1ат .
100.Иза яртийн хабарех [цхьа хабар] ду , Óха дуьйцу и хьуна . Цáрех [яртех х1инцá а] лаьтташ ерг ю , [цáрех] д1ахьаькхнарг [д1ашарйинарг] ю .
101.Óха зулам ца дина царна , делахь а цара [шаьш] шайн дог1машна зуламдина . Цáрех хьалха ца даьккхира [юха ца туьйхира] , цáра Аллах1 [1адда] витина шаьш кхойкхуш болу цéран дéланаш х1уммá . Хьан Дéлан [1áзапца] омар [кхел] деанчу хéна , цáра сов ца бéхира уьш х1аллак хиларехь [эшамехь] бен .
102.Иштта ду хьан Дéлан схьалáцар , Цό ярташ схьалаьцча , уьш зуламé йолуш . Баккъалла а Цуьнан схьалáцар лазош , ч1όг1а ду .
103.Баккъалла а цу [хьахийна] чохь билгалό ма ю [шá] эхартан [дийнан] 1áзапах кхийранчунна . Иза шéна [чохь] нах гулбийр болу де ду , иза [массарнá] гур долу де ду .
104.Óха т1аьхьа ма ца тотту и [де] , ягарйинчу хéнé бен .
105.И дόг1учу дийнахь цхьá дег1 дистхир дац , Цуьнан пурбанца бен . Цáрех ву дéкъазниг а , дéкъалниг а .
106.Амма шаьш дáкъаза бевлларш — [жоьжахатин] ц1ергахь [хир] бу . Царна цу чохь [даккхий] синош дáхар а , узарш а ду .
107.Гуттар цу чохь лаьтташ , стигланаш а , латта а мел ду , хьан Дáлла [цхьаберш áра бáха] лиънарг дόцург . Баккъалла а хьан Дéла Шéна луург деш ма ву .
108.Амма шаьш дéкъала хилларш — ялсаманехь бу , гуттар цу чохь лаьтташ , стигланаш а , латта а мел ду , хьан Дáлла [сов бáха] лиънарг дόцург , д1ахáдор дόцу дика хилла .
109.Хьо ма хила х1окхáра 1ибáдат дечух шéкон чохь . Цáра 1ибáдат ца до , хьалха шайн дайша 1ибáдат ма-дарра бен . Баккъалла а Óха царна кхочуш д1алур ма ду шайн дáкъа , эшийна дόцуш .
110.[Дéлόра] Бакъдолуш , Óха делира Мусага жайна , т1аккха бéкъабелира цуьнгахь . Хьан Дéлéра хьалха [аьлла] даьлла дош дáцахьара , царна юкъахь кxелйина хир ма яра . Баккъалла а уьш цуьнах тéшамаза шéкόнехь [ма] бу .
111.Баккъалла а х1όранна , [Дéлόра] хьан Дáла царна кхόччуш д1алур ма ю шайн 1амалш . Баккъалла а иза цáра дийриг хууш [ма] ву .
112.Нислό хьайга омaр ма-дарра [хьό а] , хьоьца цхьана тόба динарг а . [дόзанел] Т1ехмадийла , баккъалла а Иза ашa дийриг гуш [ма] ву .
113.Ма тийжа шаьш зуламдинчáрга , т1аккха шух [жоьжахатин] ц1е хьакхалур [ма] ю . Шун бац Аллах1 вόцург [шу лардан] кхин вéрасаш , т1аккха шуна [цхьаммό] г1о дийр дац .
114.Лáмаз [х1отта] дé дийнан шина йистехь а , буьйсан жéрахьашкахь а . Баккъалла а диканаша д1адόху вόнаш . Иза хьéхам бу [шá эца] дагадόг1учарна .
115.Сатόха , баккъалла а Аллах1а [эрна] ца йойъу дикадинчéран ял .
116.Ца хилла шул хьалхарчу чкъорех [болу] бухадуьсучун [динан] дай , лаьттахь [бечу] бόхамех [нах] бухатýхуш , цáрех Óха к1елхьара баьхна [болу] к1еззиг [бόцурш] бен . Шаьш зуламдинарш т1аьхьах1иттира шайга шéгахь зовкх хьегийтинчунна , уьш бара къинош дийраш .
117.Хьан Дéла вац зуламца ярташ х1аллакйеш , цéран ох1лунаш диканах болуш .
118.Хьан Дáлла лиънéхьара , Цό нáх цхьа уммат хулуьйтур ма дара . Уьш ца совцу [динехь] бéкъабаларх ,
119.хьан Дáла [шех] къинхéтам бинарг вόцург . Цу — [балха] — на кхоьллина Цό уьш . Кхόчуш хилла хьан Дéлан дош :»[Дéлόра] Аса юзур ма ю жоьжахати жинех а , адамех а — массáрех».
120.Дерригé а дуьйцу Óха хьоьга элчанийн хабарех , Тхаьш хьан дог шéца ч1аг1дийриг . Хьоьга деана х1окху чохь бакъдерг а , хьéхам а , муъманáхана дагадаийтар а .
121.Ахь áла шаьш [Дéлах] цатéшачáрга :»Шайн хьόлехь 1амалйé аша , баккъаллá тхό а ду [тхан хьόлехь] 1амалйеш».
122.Хьéжа [шайн белхан чаккхéнé] , баккъаллá тхό а ду [цуьнга] хьоьжуш [и тергалйеш , ларйеш]».
123.Аллах1ан ю стигланашин а , лаьттан а къайлé . Цуьнга дерзор ду и дерригé а г1уллакх . Цуна 1ибáдат дé , Цуна т1етовжа . Хьан Дéла [ма] вац чидам [тергам] бόцуш аша дечух [вицвелла 1аьш].

09/01/2016

Comments are closed.