button-2888 button-2888 button-2888 button-2888

12 — Сурат Юсуф

12 — Сурат Юсуф [Юсуп] [Маккахь доьссина ‚ 111 аят ду]

Аллах1а ц1арца къинхетаме , къинхетам беш волчу

1.Алиф — лáм — рá [Аллах1 т1ех дика хууш ву Шéна цáрех луург] . Уьш [х1орш бакъ-харц довзарехь] билгалчу жайнан [Къуръáнан] áяташ ду .
2.Баккъаллá а , Óха доссийна и — Къуръáн 1аьрбийн [маттахь] , шу [цуьнах] кхетийтархьама .
3.Х1ара Къуръáн хьоьга хьéхарца Óха хьоьга дуьйцу [кхи долчу дийцаршех шá вунό] хаза [долу] дийцар , баккъаллá а хьо цул хьалха чидам [тергам] бόцучáрех ма вара .
4.Юсупа шен дéга [Якъýбé] элира :»Х1ай сан дá ! Баккъаллá а сýна [г1éнах] гина цхьайтта сéдá а , мáлх а , бутт а — сýна гина уьш сайна [сужýдана] гόрадахна».
5.Цό элира :»Х1ай сан жима к1ант ! Ма дийцалахь хьан г1ан хьан вежаршка , [ахь и дийцахь] т1аккха цáра хьуна цхьа мекарло йийра ма ю . Баккъаллá а шайт1а адамна билгала [долу] мостаг1 [ма] ду .
6.Иштта [хьýна гина ма-хиллара] , хьо [диканна] хоржур ву хьан Дáла , хьýна 1áмор ду Цо [г1éнах] хилларш тидар , кхόчуш дийр ду Цό Шен зовкх хьуна т1ехь а , Якъýбан доьзална т1ехь а , Шá хьалха кхόчуш ма-дарра хьан шина дéна — Ибрах1имнá а , Исхьакъанá а т1ехь . Баккъалла а хьан Дéла хууш верг , кхéтам берг ву .
7.[Дéлόра] Бакъдолуш , Юсупехь а , цуьнан вежаршкахь а [дийцинчунгахь кхáчамé] билгалόнаш хилла [цáрех лаьцна] хоьттучарна .
8.Цáра [вовшашка] элира :»[Дéлόра] Юсуп а , цуьнан вашá а вайн дéна вайл дукха ма вéза , вай [цхьа] тóба йолушехь , баккъалла а вайн дá билгалчу тиларчохь ма ву .
9.Вé Юсуп , я [гéнарчу] махка д1акхосса иза , т1аккха мукъаера ю шуна шун ден юьхь , шу хир ду цул т1аьхьа [дохкόдовларца] дика нах».
10.Цáрех цхьаммa элира :»Ма вейша Юсуп , [шаьш 1анне ца 1ахь] г1ýнан к1оргалле [бухе] кхоссийша иза , схьаоьцур вара иза цхьаболчу [д1асхьа] лéлачáра , [х1ете а вете] шу делахь [цунна цхьаъ] дийра долуш».
11.Цáра элира :»Х1ай тхан дá ! Х1ун ду хьýна [хилларг , и] Юсуп тхоьх тешна [ма] ца вуьту ахьа , баккъаллá а тхо цунна [даггара] дика лууш ма ду ?
12.Ваийтахь иза тхоьца кхáна , самáлхадéра цунна , ловзур иза , баккъаллá а όха ларвийра [1áлашвийра] ма ву иза».
13.Цό [Якъýба] элира :»Баккъалла а со г1айг1анé ма во аш иза вигарό , со кхоьру иза барзό ваарна , шу цунна т1ехь чидам [тергам] бóцуш долуш».
14.Цáра элира :»[Дéлόра] Барзό иза ваахь , тхо [цхьа] тóбá йолуш , баккъалла а тхо т1аккха эшнарш [ледарнаш] ма ду».
15.Уьш цуьнца д1абаханчу хéна , цáра барт бира иза г1ýнан к1оргалле кхосса . Óха цуьнга [дагчу] хьийхира :»[Дéлόра] Ахьa цаьрга хоуьйтур ма ду х1ара цéран г1уллакх , царна хаа ца луш [хьо мила ву]».
16.Уьш баьхкира сарахь шайн дá волчу боьлхуш ,
17.Цáра элира :»Х1ай тхан дá ! Баккъалла а тхо даханéра [хьалха довла] къовсадала , Юсуп тхайн х1умнаш уллехь витина , [т1аккха] барзό виира иза , [амма] хьо тхоьх тéшара-м вац , тхо [ахьa х1инцалц] бакълуьйш [лόруш] делахь а».
18.Уьш баьхкира цуьнан куьйча т1ехь харц [цуьнан дόцучу] ц1ийца . Цό [Якъýба] элира :»[барзо-м ца виънéра и] Мелхό а , шун синош хаздина шуна [цхьа вон] г1уллакх , [делахь] сόбар хаза ду , [цхьа] Аллах1 ву [асa] шéга г1о доьхург , ашa кхуллучу [йуьйцучу харцонна] т1ехь».
19.[д1асхьа] Лéларш баьхкира [г1ý йистé] , цáра вахийтира шайн [хи] т1евоьдург [хи дá , вахана г1ý чу] охьахийцира цо шен чийлик [т1аккха цуьнах Юсуп тасавелча] , цό элира :»Х1ай кхаъ — я1 ! Х1ара-м к1ант [ма] ву» . Цáра хьулвира [д1алачкъийра] иза совдéгаран х1ума лéрина . Аллах1 хууш ву цáра дийриг .
20.Цáра воьхкира бόрахчу мéхах — масех соьмех , уьш бара цуьнгахь [долун сийлалла хаар] г1éхьа [долуш].
21.Шá иза Мисрара эцначо шен зудчуьнга элира :»Дикадéлахь цуьнан [вайгахь] 1ар , вайна пайда бан герга ду цо , я вай лόцур иза [вайна] доьзалхо [вина]» . Иштта [к1елхьара ма-вáккхара] , Óха ч1аг1вира Юсуп [Миср] лаьттахь [махкахь] , Тхаьш цунна [г1éнах] хилларш тидар 1áморхьама . Аллах1 нуьцкъала ву Шен балха т1ехь , делахь а дукхах болу нах [керстанаш] хууш бац [и].
22.Иза шен г1éметтах1оттарé кхаьчча , Óха делира цунна хьукма дар а , хаар а . Иштта [цунна санна] бéкхам бо Óха дикадечáрна .
23.И [Юсуп] шен х1усам чохь [1аьш] ерг [шéна] иза [вéзаваларна] 1éхо г1оьртира , [массо] не1арш д1акъевлина цό [х1усам-нáнас] элира [Юсупé] :»Схьавола [кхуза] !» Цό элира :»Аллах1а ларвойла [со] ! [со ямарт мýха хир ву] Баккъаллá а иза сан эла [ма] ву [шá] сан 1ар-дáхар дикадина [волу] , баккъаллá а дéкъал хир [ма] бац зуламхой».
24.[Дéлόра] Бакъдолуш , [бéзамца] т1ег1оьртира и [зуда] цунна . Шéна шен Дéлан бакъо ца гинéхьáра , и [Юсуп] а т1ег1оьртур ма вара цунна . Иштта [бакъо гайтира Óха цунна] , цуьнах вόниг а , боьханиг а юхатόхархьама . Баккъалла а иза Тхан догц1енчу [доггах 1ибáдат дечу] лайшха ву .
25.Не1арé хьаьдира и шиъ , т1éхьáра [катоьхна] цуьнан [Юсупан] коч йáт1ийра цо , не1арехь цуьнан [Зулийхан] элана т1е1оттаделира [т1енисделира] и шиъ . Цό [Зулийхас] элира [шен х1усам-дéга] :»Х1ун бéкхам бу хьан доьзална вόниг лиъначунна , набахти чуволлар , я лазош [долу] 1áзап дόцург ?»
26.Цό [Юсупа] элира :»Со 1éхό г1оьртира иза». Цуьнан доьзалх [цхьана] тéшό тоьшалла дира :»[нагахь] Цуьнан коч хьалхáра йáт1ийна елахь , т1аккха и [Зулийха] бакълийна , [ткъа] и [Юсуп] харцлуьйчáрех ву .
27.[нагахь] Цуьнан коч т1éхьáра йáт1ийна елахь , т1аккха и [Зулийха] харцлийна , [ткъа] и [Юсуп] бакълуьйчáрех ву».
28.Шéна цуьнан коч т1éхьáра йáт1ийна гича , цό элира [шен зудчуьнга] :»Баккъалла а иза шун мéкарлόнех ду , баккъалла а шун [зударийн] мéкарло йоккха ю».
29.[тéшό элира] «Х1ай Юсуп ! Дитахь х1ара [г1уллакх нáхал ца доккхуш] ! Ткъа ахьa [Зулийха хьан х1усам-дéга хьайна] гечдар дéха хьан къинна , баккъалла а хьо къа латόчáрех хилла».
30.Шахьарехь [бéхачу] зударша элира :»Элан зуда шен лай 1éхό г1ерта , бакъдолуш цό юьзза иза бéзамах . Баккъаллá а тхуна иза билгалчу тиларчохь ма хéта».
31.Шéна цéран мéкарло [хабарш] хезча , цό [цхьаъ] вахийтира царна т1е [уьш шá йолчу кхайкха] , цό кечйира цáрна д1атовжийла , делира цáрех х1όрангá а урс , [т1аккха] цό элира :»Áравáла царна т1е !» Ткъа шайна иза гича , вазвира цáра и , шайн куьйгаш хéдийра цáра [цецбовларна] , цáра элира :»Аллах1а лардойла [вай] ! Х1ара-м дац адам . Х1ара [ма] дац лéраме малик бен».
32.Цό [Зулийхас] элира :»И ву шуна [и] , шá ашa соьгара шен хьокъехь бехк баьккхинарг . [Дéлόра] Бакъдолуш , со и [бéзамца] 1éхό ма г1оьртира , [ткъа] иза ларвелира . [Дéлόра] Асa шéга омар дийриг цо ца дахь , набахти чувуллур ма ву иза , [шайна] г1éлό [сийсазлό] йинчáрех хир ма ву иза».
33.Цό [Юсупа] элира :»Х1ай сан Дéла ! Набахти [вунό] дукха ма éза сýна , цáра со шéга кхойкхучул а . Ахьa соьх цéран мéкарлόнаш д1ацахьовзайахь , [т1аккха] со [бéзамца] цаьргахьá тевжара ву , сонтачáрех хир ву».
34.Жопделира цуна шен Дáла , д1ахьовзийра Цό цуьнах цéран мéкарлόнаш . Баккъаллá а Иза хезаш , хууш ву .
35.Т1аккха , шайна билгалóнаш гинчул т1аьхьа , царна [бéг1ийла] хийтира , [Дéлора] шаьш и набахти чувуллур ма ву цхьана хàнна [аьлла] 36.Цуьнца набахти чувахара [жима] ши стаг . Цаьршиннах цхьаммa элира :»Баккъалла а суна [г1éнах] со [кемсех] чáг1ар доккхуш го» . Вýкхо элира :»Баккъалла а суна [г1éнах] со го , аса хьуш сайн коьрта т1ехула бéпиг , олхазарша шех дууш . Дийцахь тхуна цуьнан тидар [мýха ду]. Баккъалла а тхуна хьо хéта дикадечáрех».
37.Цо [Юсупа] элира :»Шу шинна [г1éнах] даар дóг1ур дац , шá шу шинна луш долу , аса шу шинга цуьнан тидар дийцинá бен , и [тидар] шу шинга дáле хьалха . И ду шуна сан Дáла суна 1áмийначух дерг . Баккъалла а аса дитина Аллах1ех цатéшачу сан къóман дин , уьш бу уьш эхартех цатéшарш .
38.Со т1аьхьах1оьттина сан дайн — Ибрах1иман а , Исхьáкъан а , Я1къубан а динна . Тхоьца [дóг1уш] ца хилла , оха Аллах1ана х1уммà а дéкъахо яр . И [Дéла цхьаъ вар] Аллах1ан комаьршóнах ду тхуна т1ехь а , адамашна т1ехь а , делахь а дукхахболчу нáха баркалла ца óлу .
39.Х1ай сан набахти [чуьра] ши нáкъост ! Тайп-тайпана дéланаш г1óли бу , я цхьаъ волу , нуьцкъала волу Аллах1 ву ?
40.Аша 1ибáдат [ма] ца до Иза [1адда] витина , ц1ерашнá бен , шаьш техкина йолу ашá а , шун дайшá а , Аллах1а ца йоссийна цаьрца цхьá а бакъо . Хьукма дар дац , Аллах1ан бен . Цо омар дина аша 1ибáдат ма дé Шéна бен [аьлла] . Иза бакъдолу дин ду , делахь а дукхахболчу нáхана ца хаа [и].
41.Х1ай сан набахти [чуьра] ши нáкъост ! Шу шиннах цхьаъ — цо шен элана чáг1ар малор ду [хьалха санна] , амма важа — и д1атýхур [ирх уллур] ву , олхазарш дуур ду цуьнан коьртара . Аша шиммо хоьттучу белхан кхел сецна .
42.Цо [Юсупа] элира , баккъалла а шéна цаьршиннах к1елхьаравер ву [аьлла] хетначуьнга :»Со хьахавéлахь хьан элана гергахь !» . Шайт1ано дицдира цунна шен эле [и] хьахор , т1аккха и лаьттира набахти чохь маситта шарахь .
43.Паччахьо элира :»Баккъалла а суна [г1éнах] го берстана ворх1 етт шаьш ворх1 óзачо бууш , [иштта] баьццара ворх1 кан а , вуьйш [ворх1] дакъаделла а . Х1ай элий ! Сацам бé суна сан г1éнан , шу г1ан туьдуш делахь».
44.Цара элира :»[уьш ийначу] Г1éнашин ц1евнаш [ду] . Тхо дац г1éнаш тидар хууш».
45.Цаьршиннах шá [вéрах] к1елхьара ваьллачо элира , цунна дагадеара цхьа хан яьлча :»Аса дуьйцур ду шуна цуьнан тидар , вахийта со [Юсуп волчу] !»
46.»Юсуп — х1ай бакълуьйриг ! Сацам бéхьа тхуна берстана ворх1 аттах [лаьцна] шаьш ворх1 óзачо бууш [болчу , иштта] баьццара ворх1 кéнах а , вуьйш [ворх1] дакъаделла [долчу] . Со вухаверза мегар нáхана т1е . Царна хаа мегар».
47.Цо элира :»Аша [ялта] дуьйр ду диллина ворх1 шарахь . Ткъа шаьш гулдинарг — аш и дита шен кéнахь , шаьш дуучух [долу цхьа] к1еззиг дóцург .
48.Т1аккха дóг1ур ду цул т1аьхьа ворх1 халанаш , шаьш дууш аша шайна [ялтанех] кечдинарг , аша д1адуьллучух [долу] к1еззиг дóцург .
49.Т1аккха цул т1аьхьа дóг1ур ду [цхьа] шо , шéна чохь нáхана дог1а доуьйтуш [долу] , цу [шар] чохь цáра [стоьмех] мутт доккхуш .
50.Паччахьо элира :»Схьавáлавé и суна т1е !» Шá волчу [элан] гéланча веача цо [Юсупа] элира [цуьнга] :»Юха хьан элан т1е г1ой ахьа цуьнга хатта , х1ун хьал ду шайн куьйгаш хéдийначу зударийн , баккъалла а сан эла цéран мéкарло хууш ву [хьуна]».
51.Цо [элано] элира [зударшка] :»И х1ун дара шуна шаьш Юсуп 1éхо г1ерташ [лиънарг] ?» Цáра элира :»Аллах1а лардойла ! Тхуна ца хиъна цуьнах цхьá вóниг» . Элан зудчо элира :»Х1инца къаьсти бакъдерг . Со яра иза 1éхо г1оьртинарг , баккъалла а иза бакълуьйчáрех ма ву».
52.[Юсупа элира] «[ас] И [ц1ано лоьхура] цунна хаийтархьама , баккъалла а со цунна къайлах ямарт ца хиллий а , баккъалла а Аллах1 ямартчéран мекарло нисйеш вóций а .
53.Аса ца ц1андо сан са , баккъалла а [массо а] са вóчуьнца омар деш ма ду , шá сан Дáла [шех] къинхéтам бинарг дóцург . Баккъалла а сан Дéла гечдийриг , къинхéтамéниг ву».
54.Паччахьо элира :»Схьавáлавé и суна т1е , аса сайна [г1уллакхна] къастор ву иза» . Шá цуьнга вистхилча цо элира :»Баккъалла а хьо тахана тхуна гергахь [ч1óг1а] нуьцкъала , тéшаме ву».
55.Цо [Юсупа] элира :»Со лаьттин хазнаш т1е х1оттавéхьа , баккъалла а со т1áламéниг , хуург [ма] ву !»
56.Иштта , Оха Юсуп ч1аг1вира [Миср] лаьттахь , цуьнах шéна луучохь [вáха] охьахууш . Оха Тхан къинхéтам бо Тхайна луучунна , Оха цá йойъу дикадечéран ял .
57.Эхартан ял г1óли ма ю шаьш [Дéлах] тешначарнá а , [Цуьнах] кхоьруш хиллачарнá a .
58.Юсупан вежарий баьхкира [Мисре] , и волчу чубахара уьш , [т1аккха] цунна бевзира уьш , [амма] уьш бáцара иза вевзаш .
59.Шá уьш шайн г1ирсаца кечбинчу хéна , цо элира :»[шолг1а дóг1уш] Дéна вина шайн ваша вáлавé сýна т1е . Шуна ца го , баккъалла а аса бáрам кхóчуш [лéла] бар а , со шéна т1е хьеший буьссучáрех уггар тоьлуш верг хилар а .
60.Аша и суна т1е ца вáлавахь , суна гергахь [óза] бáрам бац шуна , суна герга мa дуьйла !»
61.Цáра элира :»Оха [т1едóжош] воьхур ву иза цуьнан дéга , баккъалла а оха дийр ма ду [и]».
62.Цо элира шен ялхошка :»Цéран х1уманаш [цéра мéхана елла йолу] цéран п1аьлдигашчу ехка . Царна йовза тарло уьш шаьш шайн ох1луне бирзича . [т1аккха] Цáра [уьш] юхайáн тарло».
63.Шайн дá волчу буха бирзича цáра элира :»Х1ай тхан дá ! [ялтан] Бáрам бухатоьхна тхоьх , ваийтахь тхоьца тхан ваша , бáрам ýзур бара óха , баккъалла а óха [вóчух] ларвийр ма ву иза».
64.Цо [Якъуба] элира :»Хьалха шух тешна цуьнан ваша витарх терра бен вуьтий ас иза шух тешна ?! Аллах1 ву [цуна] г1óли ларвийриг , Иза ву къинхетамéчáрех уггар къинхетамéниг».
65.Шайн п1аьлдигаш схьадиллича , царна карийра шайн х1уманаш шайна юхаелла . Цáра элира :»Х1ай тхан дá ! Кхин х1ун оьшу вайна ?! Х1ара вайн х1уманаш вайна юхаелла , тхан доьзална кхáча латтор бара оха , тхан ваша ларвийр вара оха , [и вигча] цхьана эмкалан бáрам сов девра дара тхо . Áтта бáрам бу-кх и».
66.Цо элира :»Аса шоьца воуьйтур ма вац иза , аша суна Аллах1аца ч1áг1о яллалц , [Дéлора] аша суна схьавáлор ма ву иза шайн цхьаъ ца хилахь [аьлла]» . Цáра шéна ч1áг1о йича , цо элира :»Аллах1 ву-кх вай бóхучун т1ехь векaл».
67.Цо элира :»Х1ай сан к1ентий ! Цхьана не1арéхула [кевнéхула] чу ма г1óлаш , тайп-тайпана не1арашкахула [кевнашкахула] чу г1óлаш . Аса хьалха ца доккху шух , Аллах1ера х1уммá а . Кхел яц Аллах1ан бен . Цунна т1етевжина со , Цунна т1етовжийла т1етевжарш».
68.Уьш чубаханчу хéна шайн дас [шайга] омар динчухула , и дáцара цáрех хьалхадоккхуш Аллах1ера х1уммá а , Якъубан дéг1éра хьашто йóцург , цо шá кхóчуш йина йолу . Баккъалла а иза 1илман дá ву , Оха шéна 1áмийначунна , делахь а дукхахболу нах хууш бац [и].
69.Уьш Юсуп волчу чубаьхкича , шен ваша шен маракъевлина цо элира :»Баккъалла а со хьан ваша ву , цáра деш хиллачунна са ма гатделахь».
70.Шá уьш шайн г1ирсаца кечбинчу хéна , цо биллира [терзан] кад шен вешин п1аьлдигчу , т1аккха кхайкхира кхойкхучо :»Х1ай къéпал [ковран дай] ! Баккъалла а шу къуй ма ду».
71.Цáра элира шаьш царна т1ебирзина :»Х1ун яйна шун ?»
72.Цáра элира :»Паччахьан [терзан] кад байна тхан . И схьабеанчунна [совг1атна] цхьана эмкалан мохь [лур] бу . Аса дош ло [шуна] цуьнах».
73.Цáра элира :»Аллах1óра , бакъдолуш шуна [хаа] ма хаа тхо лаьттахь бóхам бан ца даьхкиний а , тхо къуй доций а».
74.Цáра элира :»Ткъа х1ун бéкхам бу цуьнан , шу харцлуьйш хиллехь ?»
75.Цáра элира :»Цуьнан бéкхам — шен п1аьлдиг чохь [шуна] и [кад] карийнарг [милла велахь] , и [шá] бу-кх цуьнан бéкхам . Иштта бéкхам бо-кх оха зуламхошна».
76.Иза вóлавелира [и лаха] цéран п1аьлдигаш т1éра , шен вешин п1аьлдигал хьалха . Т1аккха цо áрабаьккхира и шен вешин п1аьлдиг чуьра . Иштта , кийтарло йира Оха Юсупна [дуьхьа] . Цуьнан йиш йáцара шен ваша схьаэца паччахьан динехь , Аллах1ан лиъча бен . Оха ойъу Тхайна луучун даржаш . 1илма долу массарна т1ехула а ву [сов] хуург .
77.Цáра элира :»Цó [и] лачкъийнехь , бакъдолуш хьалха цуьнан вашас а лачкъийнéра» . Юсупа шéна чохь хьулдира и , гучуцадаьккхира цо и царна . Цó элира [шен дагахь] :»Шу [кхин] вон [ма] ду [х1окху] меттигехь [хьолехь] . Аллах1 [т1ех] дика хууш ву аша куц х1оттóриг».
78.Цáра элира :»Х1ай эла ! Баккъалла а цуьнан воккха , къéна дá ву [и дукха вéзаш] , цуьнан метта тхоьх цхьаъ эцахь , баккъалла а тхуна хьо хéта дикадечáрех».
79.Цо элира :»Аллах1а лардойла [тхо] , тхан х1ума шéгахь тхуна карийнарг вóцург оха лáцарх . Баккъалла а тхо т1аккха зуламхой ма ду».
80.Шаьш цуьнах догдиллинчу хéна , шайна бевлира уьш [вовшех] дагабуьйлуш . Цáрех [хàнна] воккхачо элира :»Шуна ца хиъна , баккъалла а шун дáс , бакъдолуш шоьгара Аллах1аца ч1áг1о эцний ? Хьалха Юсупан хьокъехь ледарло йира аша . Аса дуьтур дац х1ара [Миср] лàтта сан дас суна [ц1а ван] пурба даллалц , я Аллах1а суна кхел яллалц . Иза ву кхелйечáрех г1óлийниг .
81.Шайн дá волчу юхадерзе аша [цуьнга] áла :»Х1ай тхан дá ! Баккъалла а хьан к1анта къóла дина , óха [цунна т1ехь] тéшалла ца дина тхайна [билггал] хиъначуьнца бен , тхо дáцара къайле ларйеш [я и хууш тхаьш хьуна дош лучу хéна].
82.Хатта тхо [шéна] чохь хиллачу юьрте а , тхо шéца даьхкинчу къéпале а , баккъалла а тхо бакълуьйш ма ду».
83.Цо [Якъуба] элира :»[х1ан-х1á] Мелхо а , шун дог1маша шуна хаздина [цхьа] г1уллакх . [амма] Сóбар хаза ду . Аллах1а уьш берриге суна схьабáло тарло . Баккъалла а И ву И [сан хьал] хууш верг , кхетамениг».
84.Цáрех д1авирзира и , [шéна Юсуп дагавеана] цо элира :»Х1ай Юсупна болу сан сингаттам !» Г1айг1анна цуьнан ши б1аьрг к1айбелира , и вара [бáлана] садетташ .
85.Цáра элира :»Аллах1óра , Юсуп хьехóчура [ма] ца соцу хьо , хьо [цамгарна] к1елависсалц , я х1аллак хиллачáрех хиллалц».
86.Цо элира :»Баккъалла а аса балхабо сан сингаттам а , сан г1айг1á а Аллах1е , суна хаа Аллах1ера шуна ца хуург .
87.Х1ай сан к1ентий ! Г1ой , талла Юсупех а , цуьнан вeшех а дерг , аша дог ма дилла Аллах1ан къинхéтамех , баккъалла а Аллах1ан къинхетамех дог ца дуьллу [Дéлах] цатешачу нáха бен».
88.Иза волчу чубахча цáра элира :»Х1ай эла ! Тхоьх а , тхан доьзалах а зен хьакхаделла . Тхо даьхкина к1еззигчу х1уманца , [делахь а] бáрам кхóчуш бéхьа тхуна , сáг1ийна [х1ума] лóхьа тхуна . Баккъалла а Аллах1а [диканца] бéкхам бо сáг1алучарна».
89.Цо [Юсупа] элира [бехк боккхуш] :»Шаьш Юсупна а , цуьнан вешийна а динарг хаий [дагадóг1ий] шуна , шу [хиндерг] хууш дóцуш ?»
90.Цáра элира :»Баккъалла а Юсуп ву хьо ?» Цо элира :»Со Юсуп ву , х1ара сан ваша ву . Бакъдолуш Аллах1а дика дина тхуна . Баккъалла а шá [Дéлах] кхоьрург а , [бáлана] сатýхург а [милла велахь] , баккъалла а Аллах1а ца йойъу дикадечеран ял».
91.Цáра элира :»Аллах1óра , бакъдолуш Аллах1а [вазвина] хаьржина хьо тхуна т1ехь , баккъалла а тхо хилла галдевлла».
92.Цό элира :»[аша динчунна] Тахана шун юьхь яккхар дац , Аллах1а гечдойла шуна , Иза къинхетам бечáрех уггар къинхéтамениг ву».
93.Цо элира :»Х1окху сан кýчаца г1ой , сан ден юьхь т1е таса и — [т1аккха] б1аьрса гуш хир ву и . Шу дуьйла со волчу шайн дерриге ох1лунца».
94.Къéпал [Миср чуьра] áрайаьлча , цéран дáс [Якъуба] элира [шен доьзале] :»Баккъалла а суна Юсупан хьожа ма хаало . Шуна со 1овдал ца хéтахьара [тéшар дара шу соьх]».
95.Цáра элира :»Аллах1óра , баккъалла а хьо хьан ширачу тиларчохь ма ву».
96.Кхаъ боккхург веача цо и [коч] тесира цуьнан [Якъубан] юьхь т1е , б1аьрса гуш вухавирзира и . Цо элира :»Аса шоьга ца элира , баккъалла а суна Аллах1ера хаа шуна ца хуург ?!»
97.Цáра элира :»Х1ай тхан да ! Тхан къиношна [Дéле] гечдар дéхахь тхуна . Баккъалла а тхо галдевлла хилла».
98.Цо элира :»Аса доьхур ду шуна сан Дéле гечдар . Баккъалла а И ву И гечдийриг , къинхетамениг».
99.Уьш Юсуп волчу чубаьхкича , цо шен дá-нáна шéна т1еийцира , цо элира :»Маьрша дóг1ийла Мисранчу , Аллах1ан лиънехь !»
100.Айъира [охьахаийра] цо шен дá-нáна «1аршан» т1е . Гора ийгира уьш цунна . Цо элира :»Х1ай сан дá ! Х1ара ду-кх [и] суна хьалха [г1éнах] гинчун тидар , бакъдолуш сан Дáла бакъди и , бакъдолуш сан Дáла суна дикадина ; набахти чуьра со áраваьккхина Цо , éсачу [г1ум] áрара шу дáлийна , шайт1ано суна а , сан вежаршна а юккъе дов тесначул т1аьхьа . Баккъалла а сан Дéла к1éда-мерза [óзабéзаме] ву Шена луучунна . Баккъалла а И ву-кх И хууш верг , кхéтамениг .
101.Х1ай сан Дéла ! Бакъдолуш Ахьа паччахьаллá а делла суна , хилларш тидар 1áмийна суна . Х1ай стигланаш а , латтá а Кхоьллинарг ! Хьо ву-кх сан вéрас [велий] дуьнéнахь а , эхартахь а ! Д1акхалхавéхьа со бусалба волуш , д1атóхахь [кхиавéхьа] со дикачáрех !»
102.И [хьахийнарг] къайлахчу хабарех ду , Оха шá хьоьга [Мухьаммад] хьоьхуш [долу] , хьо вáцара цаьрца [цхьана] цáра шайн белхан сацам бечу хéна , шаьш мекарло еш .
103.Дукхах болу нах , [уьш Дéлах тешар т1ехь] хьо [мел] сутара хилчá а тéшар бац .
104.Ахьа цаьрга ца йоьху цу т1ехь [цхьá а] ял [мах] . И [Къуръан] дац 1áламашна хьéхам бен .
105.Хийла [Дéла цхьаъ хиларан] билгало ю стигланашкахь а , лаьттахь а уьш шéна юххехула чекхбовлуш , шаьш цуьнах [ойла ца еш] д1абирзина болуш .
106.Цáрех дукхах берш Аллах1ех ца тéша , шаьш [Цунна] дéкъахо веш бен .
107.Уьш маьрша бевлла те шайна т1е Аллах1ан 1áзапех [долу шаьш] хьулбийриг дáрах , я ц1еххьана [къемата дийнан] сахьт дáрах , шайна [и чехка дáрна] хаа ца луш [и дóг1уш] ?
108.Ахь [цаьрга] áла :»Х1ара сан некъ бу . Аллах1е кхойкху аса билггала [нийса хилар] гуш долчунна т1ехь — асá а , шá суна т1аьхьах1оьттинчо а . Ц1ена ву Аллах1 , со вац [Цунна] дéкъахо вечáрех».
109.Оха ца бахийтина хьоьл хьалха яртийн ох1лунех [болу] стегарий бен , Оха шайга хьоьхуш [болу] . Ца лийлира уьш лаьттахула , ца хьаьвсира муха хилла шайл хьалхарчéран чаккхе ? [Дéлора] Эхартан х1усам г1óли ма ю шаьш [Дéлах] кхийранчарна . Хьéкъале ца хуьлу уьш ?
110.Элчанаш [цáрех] догдиллича , царна моьттича баккъалла а шаьш [цáра] харцбина [бевлла] — Тхан г1о деара царна , Тхуна луург к1елхьараваьккхира , Тхан ницкъ буха ца тýху къинош дечу нáхах .
111.[Дéлора] Бакъдолуш , цéран дийцаршкахь хьéхам [кхéтам] ма бу хьéкъалан дайшна . И [Kъуръан] дáцара [цхьамма] кхуллуш [долу] хабар , амма [и дара] шел хьалхарниг бакъдар а , массо а х1ума [билгал дина] дàстар а , нийса некъ а , къинхéтам а [Дéлах] тéшачу нáхана .

08/01/2016

Comments are closed.