10 — Сýрат Юнус
[Маккахь доьссина‚ 109 аят ду]
Аллах1а ц1арца къинхетаме, къинхéтам беш волчу
1.Алиф-лáм-рá .
Х1орш кхéтамечу [кхáчамéчу] жайнан áяташ ду .
2.Нáхана тáмаш хилла тов , Óха цáрех [волчу] цхьана стагана [дагчу] хьéхар :»Д1ахьéдé нáхана [цáрна кхéрам хилар] , шаьш [Дéлах] тешначарна кхаъ бáккха , баккъаллá а царна шайн Дáлла гергахь бакъ [дика] хьалхé хиларца» . [Дéлах] Цатешначáра элира :»Баккъаллá а х1ара билггала бозбуанча ма ву».
3.Баккъаллá а шун Дéла — Аллах1 ву , Шá стигланаш а , латтá а ялх дийнахь кхоьллина волу , т1аккха [Шéца дόг1учу куьцара] «1арша» т1ехь д1анисвелла [волу] , Цό лéладо [д1акхоьхьу массό а] г1уллакх , цхьá т1ех1оттархо [шафá1атдá хир] вац Цуьнан пурбанал т1аьхьа бен . Иза ву шуна Аллах1 — шун Дéла , 1ибáдат дé Цунна [цхьаъ варца] . Ойла ца йо ашa ?
4.Цуьнга ду шун дерзар массéран . Аллах1ан ч1áг1ό бакъ ю . Баккъаллá а Цό дόладо кхоллар , т1аккха и [деллачул т1аьхьа] юхакхуллу Цό шаьш [Шех] тешначáрнá а , диканаш динчарнá а нийсонца бéкхам бархьама . Шаьш [Дéлах] цатешнарш — царна кхоьхкучух малар а , лазош [долу] 1áзап а ду уьш цатéшаш хиларна .
5.Иза ву Шá малхах серло , баттах нур хилийтинарг , меттигашца цуьнан [лéларан] бáрам бинарг , шуна хаийта шерийн дагардалар а , хьéсап а . Аллах1а ца кхоьллина и бакъонца бен . Áяташ билгала до Цό хуучу [ойлаечу] нáхана .
6.Баккъаллá а буьйса , де къастарехь [хийцадаларехь] а , стигланашкахь , лаьттахь Аллах1а кхоьллинчуьнгахь а , билгалόнаш ма ю [Дéлах] кхоьручу нáхана .
7.Баккъаллá а шаьш Тхýна дуьхьалбахкарé дог ца дόхурш , дуьнéнан дáхарна рéза хилларш , цуьнца парг1ат бевлларш [д1атийнарш] , шаьш Тхан билгалόнех чидам [тергам] бόцурш ,
8.Уьш — цéран боьрзийла [жоьжахатин] ц1е ю , цáра [дуьнéнахь] гулдеш хилларг бахьанна .
9.Баккъаллá а шаьш [Дéлах] тешнарш а , диканаш динарш а , цéран Дáла уьш шайн ийманца [ялсаманé боьдучу новкъа] нисбийр бу , зовкхан бошмашкахь царна к1елахула тáтόлаш лéлар ду .
10.Цу чохь цéран кхайкхам бу :»Йá Аллах1 , ц1ена ву-кх Хьо» , цу чохь цéран мáршалла [хáттар] ду :»Машар» [áлар] . Цéран т1аьххьара кхайкхам бу :»Хáстам бу Аллах1ана , 1áламийн Дáлла» [áлар].
11.Аллах1а адамашна вόниг сихдича , цáра диканиг сих ма-дарра , [Дáла] цаьрга [сихха] шайн 1όжалла кхáчор ма яра . Óха буьту шаьш Тхýна дуьхьалбахкарé дог ца дόхурш шайн тиларчохь боьхна лéла .
12.Адамах цхьа зен хьакхаделча , Тхоьга кхойкху цό шен áг1ор тевжина , я охьахиъна , я ирах1оьттина [волуш] , ткъа Óха шех шен зен д1аайдича [д1атилийча , шен харцонна т1ехь] д1авоьду иза баккъалла а шех хьакхаделлачу зенна шá Тхьоьга ца кхайкхича санна . Иштта хаздина [харцόнехь] т1ехбуьйлучáрна шаьш деш хилларг .
13.[Дéлόра] Бакъдолуш Óха х1аллакдина шул хьалхара чкъоьрнаш [къаьмнаш] , цáра зулам динчу хéна . Царга баьхкира цéран элчанаш билгалόнашца , [х1еттé] уьш ма бáцара [Дéлах] тéшар болуш . Иштта бéкхам бо Óха къа-латόчу нáхана .
14.Т1аккха цáрел т1аьхьа Óха шу хилийтира лаьттахь вéрасаш , Тхаьш хьовсархьама шу мýха лéлар ду .
15.Царна Тхан билгала [долу] áяташ дешча , Тхýна дуьхьалбахкарé дог ца дόхучáра элира :»[тхýна] Х1ара дόцуш кхи Къуръан дá , я и хийца». Ахь ала :»Соьца ца дόг1у ас и сайгара хийцар , со т1аьхьа ца х1утту сайга [Дáла] хьоьхучунна бен . Баккъалла а со кхоьру — сан Дáлла со 1éса хилча — доккхачу дийнан 1áзапах».
16.Ахь áла :»Аллах1ан лиънéхьáра аса шуна и доьшур дáцара , [Дáла] шуна и [соьгахула] довзуьйтур дáцара . Бакъдолуш со цул хьалха [ма] 1ийна шуна юккъехь вéхаш . Хьéкъалé ца хуьлу шу ?»
17.Мила ву Аллах1ана т1ехь хáрцό кхоьллинчул сов зуламé , я Цуьнан áяташ харц динчул ? Баккъаллá а къа-латόраш дéкъал хир [ма] бац .
18.Цáра 1ибáдат до Аллах1 [1адда] вуьтий , шайн зен ца дечуннá а , шайна пайда ца бечуннá а . Цáра όлу :»Х1орш — Аллах1ана гергахь тхан т1ех1уьттурш бу». Ахь áла :»Аш Аллах1ана хоуьйту Цуна стигланашкахь а , лаьттахь а ца хуург ?» Ц1ена ву Иза , лакхаваьлла Иза цáра [Шéца] дéкъахό лόцучух .
19.[хьалха] Адамаш ца хилла цхьа [дин долу] уммат бен , [цул т1аьхьа] дéкъаделира уьш [динехь] . Хьан Дéлéра [1áзап т1аьхьататтарца] хьалха даьлла дош дáцахьáра , царна юкъахь [дуьненчохь] кхелйина хир ма яра уьш шéгахь бéкъалочуьнгахь .
20.Цáра όлу :»Цунна т1е шен Дéлéра цхьа билгалό йоссийнéхьара». Ахь áла :»Баккъаллá а къайлах дерг [хаар] Аллах1ан [дόлахь] ду . Хьовса [Дéлан 1áзап дáрé] ! Баккъалла а со ву шоьца [цхьана] хьовсучáрех».
21.Óха адамашка къинхéтаман чáм баккхийтича , цáрех халό хьакхайеллачул т1аьхьа , т1аккха Тхан áяташкахь мéкарлό ю цéран . Ахь áла :»Аллах1 сов чехка ву кийтарлόнехь». Баккъаллá а Тхан гéланчаша д1аязйеш ю аш еш йолу мéкарлό .
22.Иза ву Шá шу лаьттахулá а , х1ордахулá а лéлόриг . Шу хинкéманаш чохь хилча , уьш цаьрца дахча мелачу мохца , уьш цуьнах баккхий бийча — [т1аккха] цуна беара [хьаькхира] ч1όг1а мох , царна еара тулг1é массό меттигéра , царна хéтаделира баккъаллá а шайна гό биллина — [т1аккха] цáра Аллах1é кхайкхира [доггах] Цунна дин [1ибáдат] ц1андеш :»[Дéлόра] Ахьа тхо х1окхунах хьалхадáхахь , тхо баркаллéчáрех хир ма ду» [аьлла].
23.Ткъа Цό шаьш к1елхьара баьхначу хéна , т1аккха уьш [цхьá] бакъό йόцуш зулам [бόхамаш] деш бу лаьттахь . Х1ай нах ! Баккъаллá а шун зулам , шуна шайна ду . Дуьнéнан дáхаран [к1еззиг долу] зовкх ду [и аша хьоьгург] . Цул т1аьхьа Тхоьга ду шун дерзар , т1аккха Óха хоуьйтур ду шуна аша деш хилларг .
24.Баккъаллá а [х1окху] дуьнéнан дáхаран масал — Óха шá стиглара доссийначу [дог1ан] хих тера ду , шéца лаьттан όрамат ийна , адамаш а , хьайбанаш а , шех дуучух [долу] . Ткъа лаьтто шен хазалла схьаэцча , и кечделча [хьийкъича] , цуьнан ох1лунна хéтаделча , баккъалла а шаьш цу т1ехь ницкъ кхόчуш бу , Тхан кхел еара цунна [т1е] буьйсана я дийнахь , Óха дира и [ялта маьрсаца] хьаькхна [долуш санна] , шá селхана ца хилча санна . Иштта билгала до Óха áяташ ойлаечу нáхана .
25.Аллах1а [нах] мáшаран х1усамé кхойкху , Шéна [нисван] луург [ислáман] нийсачу новкъа нисво .
26.Шаьш дика динчарна [бéкхамна] диканиг [ялсамани] а , [цул] сов [Аллах1é хьажар] а ду . Цéран яххьаш хьулйийр яц кхόларό а , сийсазаллό а . Уьш ялсаманин дай бу , уьш цу чохь гуттар лаьттар бу .
27.Шаьш вόнаш динчáрна — и санна вон бéкхам [хир] бу , уьш хьулбийр бу сийсазаллό . Цхьá ларвархό вац царна [шаьш] Аллах1ах [ларбан] . Шайн яххьаш бόданечу буьйсан дáкъошха хьулйича санна [хир] бу [уьш] . Уьш жоьжахатин дай бу , уьш цу чохь гуттар лаьттар бу .
28.[хьахадé царна] Óха уьш берригé [денбина] гулбийр болу де . Т1аккха Óха эра ду шаьш [Дéлаца] дéкъахό винчарга :»[cовца] Шайн меттигехь [шаьш долчохь] шу а , шун дéкъахой а !» . Óха къастийра царна юккъехь . Цéран дéкъахόша элира :»Шу-м дáцара тхýна 1ибáдат деш .
29.Аллах1 тоьар ву теш тхуна а , шуна а юккъехь . Баккъаллá а тхо шун 1ибáдатах чидам [тергам] бóцуш [ма] дара».
30.Цигахь ловр [1овшур] ду х1όр дéг1ό шá [1амалах] хьалха динарг . Уьш берзийра Аллах1е — шайн бакъволчу элé , д1атилира цáрех цáра [Цуна дéкъахойх] кхуллуш хилларг .
31.Ахь áла :»Мила ву шуна стигларá а , лаьттарá а рицкъа луш верг ? Я мила ву [шун] хазар а , гар а шен дόлахь дерг ? Мила ву деллачух дийна дерг доккхург , дийначух делларг доккхург ? Мила ву [массо] г1уллакх лéлόриг [д1акхоьхьург] ? [т1аккха] Цáра эра ду :»Аллах1 ву». Ахь áла :»Шу [Цуьнах кхéра] ца кхоьру ?»
32.И Аллах1 ву шуна шун бакъволу Дéла . Х1ун ду бакъдолчул т1аьхьа тилар дόцург ? Шу мýха [стé] д1адерзадо [Цунна 1ибадат дарха] ?
33.Иштта бакъ [хьакъ] хилла шаьш песакъ хиллачарна т1ехь хьан Дéлан дош — баккъалла а уьш [Дéлах] тéшаш бац .
34.Ахь áла :»Вуй шун дéкъахойх кхоллар дόлош верг , т1аккха и юхакхуллург ?» Ахь ала :»Аллах1а дόладо кхоллар , т1аккха и юхакхуллу Цό . Шу [бакъόнах] 1éха мýха до ?»
35.Ахь áла :»Вуй шун дéкъахойх [тилларг] бакъонга нисвеш верг ?» Ахь áла :»Аллах1а нисво бакъонга» . Ткъа шá [тилларг] бакъонга нисвеш верг хьакъ ву [лай] шéна т1аьхьах1отта , я шá [кхéчό] нисвичий бен [кхиверг] ца нисвеш верг ву ? Х1ун хилла шуна , мýха до ашa хьукма ?
36.Цáрех дукхах берш т1аьхьа ца х1уьтту моттарна [хéтарна] бен . Баккъалла а , моттарό хьалха ца доккху бакъдолчух х1уммá . Баккъаллá а Аллах1 хууш ву цáра дийриг .
37.Х1ара Kъуръан ца хилла , Аллах1 вόцучо [шéгара] кхолла [йиш йолуш] . Делахь а [и] шел хьалхарниг бакъдар а , жайна билгалдар а ду — шéгахь шéко йόцуш — 1áламийн Дéлéра .
38.Я цáра όлу :»Цό [Мухьаммада шéгара] кхоьллина иза ?» Ахь áла :»Т1аккха шу дуьйла цунах терачу [цхьана] сýратца , кхайкха Аллах1 вόцург [г1оьнна] шайн ницкъ мел кхόчург , шу бакълуьйш делахь».
39.Мелхό а , цáра харцдира шен хаарца шаьш гό ца биллинарг , цаьрга кхаьчна дáцара цуьнан дáстар . Иштта , шаьш цáрел хьалхарчáра харцдира [и] . Хьажа мýха хилла зуламхойн чаккхé [т1аьхье] !
40.Цáрех шá цунах тéшарг ву , цáрех шá цунах ца тéшарг ву . Хьан Дáлла дукха дика бевза бόхамхой .
41.Цáра хьо харцвинехь ахь áла :»Сýна сан 1амал [хир] ю [бéкхамна] , шуна шун 1амал ю . Шу ц1ена ду асa дечух , со ц1ена ву ашa дечух».
42.Цáрех бу шаьш хьоьга ладýг1урш . Ткъа ахьa [мýха] хозуьйтур ду къорачáрна , [цу т1е] уьш хьéкъалé бόцуш хилча ?
43.Цáрех ву шá хьоьга хьоьжург . Ткъа ахьa [мýха] нисбийр ву б1аьрзéнаш , уьш [са] ца гуш хилча ?
44.Баккъаллá а Аллах1а зулам ца до нáхана х1уманца , делахь а , нáха [шаьшша] шайн дог1машна зулам до .
45.Цό уьш гулбечу дийнахь , шаьш [дуьнéнан] дийнах цхьана сахьтехь бен ца 1ийча санна , вовший бевзар бу цáрна . Бакъдолуш , эшна [хир бу] Аллах1ана дуьхьал кхéтар шаьш харцдинарш , уьш ца хилла нисбелла .
46.Óха хьоьга [гайтнé а] гайтича , Óха царна [1áзапех] ч1áг1ό еш долу цхьадерг , я Óха хьо [цул хьалха кхалханé а] кхалхийча , Тхьога ду цéран берзар , т1аккха Аллах1 теш ву цáра дечунна т1ехь .
47.Х1όр умматан [къόман воуьйтуш] элча ву . [ткъа цáрна] Цéран элча веача , [Дáла] цáрна юкъахь нийсонца кхелйо , цáрна зулам ца до .
48.Цáра όлу :»Маца ю х1ара ч1áг1ό , шу бакълуьйш хилча ?»
49.Ахь áла :»Сан дόлахь дац сан дéг1ан зен [дар] , бац пайдá а , Аллах1ана лиънарг бен . Х1όр умматан [шен] хан ю [тоьхна] . Цéран хан еача , цáра [и хан] сахьтанна т1аьхьá ца тотту , хьалхá ца йоккху .
50.Ахь áла :»Шуна гиний [шайн хьал] , шуна деача Цуьнан 1áзап буьйсана , я дийнахь , х1ун сихдо цуьнах къа дечáра ?
51.Т1аккха и доьжча , тийши шу цуьнах ? Х1инцай ? Бакъдолуш шу [ма] дара и [харцдар] сихдеш».
52.Т1аккха элира шаьш зуламдинчарга :»1овша гуттарéнан 1áзап ! Бийр бу ткъа шуна бéкхам , аш гулдеш [лоьхуш] хиллачуьнца бен ?»
53.Хьоьгара хаа г1ерта уьш :»Бакъ дуй и [белларш денбар] ?» Ахь áла :»Х1аъ , сан Дéлόра , баккъалла а иза бакъ ма ду , шу ма дац [Аллах1 цуьнах] г1όрасизa вийр долуш».
54.Баккъалла а , х1όр зуламдинчу синна лаьттахь [мел] дерг [дόлахь] делхьáра , [къемата дийнахь] цо [шен са эца] маханна лур ма дара и . Цáра хьулдира [шайн] дохкόбовлар , шайна 1áзап гинчу хéна . Нийсонца кхелйира царна юккъехь . [Дáла] Царна зулам ца до .
55.Вá ! Баккъалла а Аллах1ан [дόлахь ма] ду стигланашкахь а , лаьттахь а [мел] дерг . Вá ! Баккъалла а Аллах1ан ч1áг1ό бакъ [ма] ю , делахь а , цáрех дукхах болчарна ца хаа [и].
56.Цό [массό х1ума] дендо , кхалхáдо , Цуьнга дерзор ду шу .
57.Х1ай нах ! Бакъдолуш , шоьга шун Дéлéра [хаза] хьéхам а , [шун] кийранашкахь [шéкόнех] долчунна дарбá а , муъманáхана къинхéтам [нийса некъ] а беана .
58.Ахь áла :»Аллах1ан комаьршаллийцá а , Цуьнан къинхéтамцá а — цуьнца баккхийбéбойла уьш !» И [мелхό] г1олий [тоьлуш] ду цáра [дуьнéнах] гулдечул а .
59.Ахь áла :»[дийцийша] Шуна гиний , Аллах1а рицкъанех шуна доссийнарг , [т1áккха] ашa шех хьáрам , хьáнал динарг ?» Ахь áла :»Аллах1а пурба делла шуна [цуьнгахь] , я Аллах1ана т1ехь харцό кхуллуш ду шу ?»
60.Х1ун хéта , Аллах1ана т1ехь харцό кхуллучáрна , къéмата дийнах ? Баккъалла а Аллах1 , нáхана т1ехь комаьршаллин Дá ма ву , х1еттé а цáрех дукхах болчáра баркалла [ма] ца όлу .
61.Хьо ца хуьлу [цхьана] г1уллакхехь [хьόлехь] , ахьa ца доьшу цунах — Kъуръáнах [х1умма] , ашa ца йо цхьá 1амал , Тхо шайна т1ехь теш долуш бен , шу цу [балхана] чудýлучу хéна . Хьан Дéлах хьуллуш [къайладόлуш] дац лаьттахь а , дац стиглахь а заррат бáрамехь [х1ума] , дац цул жимадерг , дац цул доккхадерг [шá] билгалчу жайнахь долуш бен .
62.Вá [нах] ! Баккъалла а Аллах1ан авлийáаш , цáрна т1ехь кхéрам [хир] бац , [хир] бац уьш г1айг1анé а ,
63.шаьш [Дéлах] тешна , [Цуьнах] кхоьруш хилла [болу],
64.цáрна кхаъ бу дуьнéнан дáхарехь а , эхартахь а . Хийцар дац Аллах1ан дешнашна . И бу и боккха тόлам .
65.Хьо г1айг1анe ма войла цéран áларό , баккъалла а сийлалла Аллах1ан ю ерригé а . Иза хезаш , хууш ву .
66.Вá [нах] ! Баккъалла а Аллах1ан ву стигланашкахь а , лаьттахь а [мел] верг . Стенна т1аьхьабόзуш бу шаьш Аллах1 вόцург [кхин] дéкъахой кхойкхурш ? Уьш т1аьхьацабόзу хéтарна бен , уьш ма бац [харцдерг] моьттуш бен
67.Иза ву Шá шуна йинарг буьйса а , цу чохь шуна синтем хилийта , дe [динарг] а [шéна чохь са] гуш . Баккъалла а цу чохь билгалόнаш ю хезаш болчу нáхана .
68.Цáра элира :»Аллах1а [Шéна] доьзалхό лаьцна». Ц1ена ву-кх И ! Кхáчамé ву И [доьзалé хьаштхиларх] . Цуьнан [дόлахь] ду стигланашкахь [мел] дерг а , лаьттахь [мел] дерг а . Шоьгахь бац х1окхунах [аша дуьйцучух цхьá а] бух . Ашa [мýха] όлу Аллах1ана т1ехь шайна ца хууш дерг ?
69.Ахь áла :»Баккъалла а шаьш Аллах1ана т1ехь харцό кхуллурш , дéкъал хир бац».
70.[иза цáра] Дуьнéнахь [хьоьгуш долу] зовкх ду , цул т1аьхьа Тхоьга ду цéран берзар , т1аккха Óха царга 1овшуьйтур ду ч1όг1а [буьрса] 1áзап , уьш [Дéлах] цатéшаш хиларна .
71.Дéша [дийца] цáрна Нýхьан хабар , цό шен къόмé элира :»Х1ай сан къам ! [нагахь] Шуна доккха хиллехь [дазделлехь] сан [шуна] юккъехь 1ар а , Алллах1ан билгалόнаш асa [шуна] дагаяхкийтар а , Аллах1ана т1етевжина со , ашa гулбé [кечбé] шайн болх , [кхайкха] шайн дéкъахой , цул т1аьхьа шун болх ма хулийла шуна сингаттам [г1айг1а , хьулам] , т1аккха бé сýна [и болх] , т1аьхьамататталуш со !
72.Ткъа шу [муьт1ахьаллех] юхакхетнехь , асa ца ехна шоьга [цхьá а] ял [мáх] , сан ял ма яц Аллах1ана т1ехь бен , соьга [Дáла] омaр дина бусулбанех хиларца».
73.Цáра харцвира и , [т1аккха] Óха к1елхьара ваьккхира иза , цуьнца [динехь мел] верг а хинкéманахь , Óха бира уьш [лаьттахь] вéрасаш , Óха хибуха бахийтира шаьш Тхан билгалόнаш хирцйинарш . Хьажа мýха хилла шайга [1áзап] д1ахьéдинчéран чаккхé [т1аьхьло].
74.Цул [Нýхьал] т1аьхьа Óха бахкийтира элчанаш шайн къόмé . Уьш баьхкира царга билгалόнашца , [ткъа] уьш бáцара [элчанаш бахкийтарал] хьалха шаьш харцдинчух тéшар болуш . Иштта мух1ар тýху Óха [дόзанел] т1ехбуьйлучéран дегнаш т1е .
75.Т1аккха цáрел т1аьхьа Мýсá а , Х1áрýн а ваийтира Óха Фир1авн а , цуьнан элий а болчу Тхан билгалόнашца , [цáрех тéшарх] куралла йира цáра , уьш хилира къадеш [долу] къам .
76.Шайна Тхоьгара бакъдерг деанчу хéна цáра элира :»Баккъалла а х1ара билггала бозбуанчалла ма ду».
77.Мýсас элира :»Аш [мýха] όлу ткъа бакъдолчунна , шайна и деача :»Бозбуанчалла ду х1ара ?» Бозбуанчаш дéкъала [ма] ца хуьлу».
78.Цáра элира :»Хьо веана ткъа тхо д1адерзό , тхýна тхан дай шéна т1ехь карийначух , т1аккха шушинна [Миср] лаьттахь сийлалла [όлалла] хила ? Тхо-м дац шушиннах тéшаш».
79.Фир1авнас элира :»Схьавáлавé сýна массό говза бозбуанча».
80.Бозбуанчаш баьхкича , цáрга Мýсас элира :»Охьакхосса шаьш кхуссург !»
81.Цáра [и] охьакхоьссича , Мýсас элира :»Шу шéца даьхкинарг бозбуанчалла ду . Баккъалла а Аллах1а дόхор ду и . Баккъалла а Аллах1а тό [ма] ца йо бόхамхойн 1амал».
82.Аллах1а ч1аг1до бакъдерг Шен дешнашца , къадечáрна [и] цадезнехь а .
83.Мýсáх ца тийшира цуьнан къόмах цхьа тόба бен , Фир1авнах а , шайн элийх а кхоьруш , шаьш цό зерна [ийманах дόхорна] . Баккъалла а Фир1авн лакхаваьлла [кураваьлла] ма ву лаьттахь . Баккъалла а иза [Дéлан дόзанел] т1ехбевллачáрех ма ву .
84.Мýсáс элира :»Х1ай сан къам ! Аллах1ах [И цхьаъ хиларх] тешна шу делахь , Цунна т1етовжа , шу бусулбанаш делахь».
85.Цáра элира :»Аллах1ана т1етевжина тхо . Х1ай тхан Дéла ! Ма хилийтахь тхо зуламéчу къόмана [карахь] питана [уьш тхýна т1ехь тόлорца] !
86.К1елхьарадáхахь тхо Хьан къинхетамца керстачу къόмах !»
87.Óха [дагчу] хьийхира Мýсáнá а , цуьнан вешинá а :»Шаьшшин къόмана Мисрахь х1усамаш лáцар . Аша хилийта шайн х1усамаш къилба , лáмаз [кхáчамé х1отта] дé . Муъманáхé кхаъбáккха !»
88.Мýсас элира :»Х1ай тхан Дéла ! Баккъалла а Фир1авннá , цуьнан элашнá хазаллá а , бáхамаш а делла Ахьа дуьненан дáхарехь , х1ай тхан Дéла цáрга Хьан [динан] нéкъах [нáх] тилабайта , х1ай тхан Дéла х1аллакбéхьа цéран бáхамаш , ч1аг1дéхьа цéран дегнаш , т1аккха уьш иймáне бόг1ур бáцара шайна лазош [долу] 1áзап галлалц !»
89.[Дáла] Элира :»Бакъдолуш шушиннан до1анна жопделла [Аса , Сан омарна т1ехь] нисло шушиъ , т1аьхьамах1отта шаьш ца хууш болчéран новкъана !»
90.Х1ордал дéхьабéхира Óха Исрáилан к1ентий [и бéкъа а бекъна] , царна [т1екхиа дагахь] т1аьхьабевлира Фир1авн а , цуьнан б1аьхой а зуламнá , мостаг1алийнá . Шéна т1е хибухавахийтар кхиъча цо [Фир1авнас] элира :»[х1инца] Тийши со , баккъалла а [кхин] дéла ца хиларх , Исрáилан к1ентий шех тешнарг бен , со бусулбанех ву-кх».
91.»Х1инцай ? Бакъдолуш [х1окхул] хьалхам 1éса [ма] хилира хьо , бόхамхойх [ма] вара хьо !
92.Тахана Óха к1елхьаравоккхур ву хьо хьан дéг1аца , хьо хилийта хьоьл т1аьхьарчáрна билгалό . Баккъалла а дукхах болу нах Тхан билгалόнех чидам [тергам] бόцуш ма бу.
93.[Дéлόра] Бакъдолуш Óха [бáха] ховшийра Исрáилан к1ентий бакъόнан [лéраман] ховшарé [махка] , ц1еначáрех [хьáналчух] рицкъа делира Óха цáрна , ткъа уьш бéкъа [ма] ца белира шайна хаар дáллалц . Баккъалла а хьан Дáла къéматан дийнахь кхелйийр ю царна юккъехь , уьш шéгахь бéкъалуш хиллачуьнгахь .
94.Ткъа хьо шéкόнехь хиллехь Óха хьайга доссийначух , ахьа хáтта шаьш хьоьл хьалха [Таврат , Инжийл] жайна доьшучáрга . [Дéлόра] Бакъдолуш , Хьоьга хьан Дéлéра бакъдерг [ма] деана , хьо [хилланé] ма хуьлийла шекболчáрех .
95.Хьо [хилланé] ма хуьлийла шаьш Аллах1ан билгалόнаш харцйиначáрех , т1аккха хьо хила [герга ву] эшначáрех .
96.Баккъалла а шайна т1ехь хьан Дéлан [1áзапан] дош хьакъ хилларш , [Дéлан билгалόнех] тéшаш бац .
97.Шайга массό билгало еачá а , лазош долу 1áзап шайна галлалц .
98.Елара [Дéлах] Тешна цхьа юьрт , [т1аккха цу] шен тéшарό шéна пайда бина , Юнусан къам дόцург , уьш тешначу хéна Óха цáрех д1аайдира сийсазаллин 1áзап дуьненан дáхарехь , Óха царга зовкх хьегийтира цхьана хáнна .
99.Хьан Дáлла лиънéхьáра , лаьттахь [мел] верг [Цунах] тешна хир ма вара — уьш массо — берриге . Ткъа ахьа нах [нуьцкъала] т1е [мýха] тé1або цáрех муъманáх хилийта ?!
100.[цхьанá] Дéг1ана [лаамца ма] дац шá тéшар , Аллах1ан пурбанца бен . Цό та1зар до шаьш [хьéкъалé] ойла ца ечарна .
101.Ахь áла :»Хьовса , х1ун ду стигланашкахь а , лаьттахь а [Дéлан билгалόнех] !» Билгалόнаша а , д1ахьедархόша а [1áзапех] Хьалха [ма] ца доккху тéшаш дóцу къам .
102.[хьо харцварца] Шайл хьалха [цатéшаш] д1абаханчéран санна [долчу 1áзапан] деношка бен хьоьжий уьш ?! Ахь áла :»Хьовса шу [ларде аш уьш] , баккъалла а со ву шоьца цхьаьна хьовсучáрех !»
103.[1éсанáх х1аллакбина] Цул т1аьхьа , Óха [1áзапах] к1елхьарабóхур бу Тхан элчанаш а , шаьш [Дéлах] тешнарш а . Иштта , [дéкхар хилла] хьакъ ду Тхýна т1ехь [Óха т1елаьцна] муъманах к1елхьарабáхар .
104.Ахь áла :»Х1ай нах ! Шу сан динах шéкон чохь делахь , асa 1ибáдат ца до [шуна] Аллах1 вόцуш ашa шайна 1ибáдат дечарна , амма асa 1ибáдат до Аллах1ана , Шá шу [хан кхаьчча] кхалхош волчу , [Цό] соьга омaр дина муъманáхах хиларца .
105.[соьга Дáла аьлла] Хьан юьхь д1ах1оттайé динна [цу т1ехь] нисвелла [цуьнга] т1етевжина , хьо [хилланé] ма хуьлийла [Дéлаца] дéкъахόвечáрех .
106.Ахь ма кхайкха , Аллах1 вόцуш , хьайна пайдацабийриг а , хьайна зéцадийриг а , ахь [и] дахь , т1аккха баккъалла а хьо зуламхойх [ма] ву .
107.Аллах1а хьуна цхьа зé дича , и д1аойбург вац Иза [Шá] вόцург , Цуна хьýна цхьа дика лиъча , Цуьнан комаьршалла юхатýхург вац [цхьа а] . Цό и т1едоуьйту [кхиадо] Шен лешха Шена луучунна . Иза гечдийриг , къинхетамéниг ву .
108.Ахь áла :»Х1ай нах ! Бакъдолуш , шоьга деана шун Дéлéра бакъдерг , шá нисвелларг , баккъалла а шен дéг1ана нисло , [ткъа] шá [бакъόнах] тилавелларг , баккъалла а цунна [шен дéг1ана зенна] тилало [и] . Со [ма] вац шуна т1ехь векал [вина]».
109.Т1аьхьавáза хьайга [Дáла] хьоьхучунна , сатόха [халонна] Аллах1а кхел яллалц , Иза ву кхéлахойх тоьлуш [г1όли] верг .
10.01.2016