button-2888 button-2888 button-2888 button-2888

13 — Сурат Арра1д

13 — Сýрат Арра1д [Къовкъар] [Мадийнатахь доьссина ‚ 43 аят ду]

Аллах1а ц1арца къинхéтаме , къинхéтам беш волчу

1.Алиф-лáм-мийм-рá [Аллах1 т1ех дика хууш ву Шéна цáрех луург] . Х1орш [Дéлан] жайнан áяташ ду . Шá хьан Дéлéра хьоьга доссийнарг — [шéкό йόцуш] бакъдерг ду , делахь а дукхах болу нах [тéшам] ца тéша [и Цуьнгара хиларх].
2.Аллах1 ву Шá стигланаш айъинарг [уьш совцийна] шуна гуш г1ортόраш йόцуш , [Шéца дόг1учу куьцара] «1арша» т1ехь Шá д1анисвелларг . Малх а , бутт а муьт1ахь бина Цо [пайдана , цаьршиннах] х1όр лéлаш ду ц1етоьхначу хáнналц . Цо лéладо [д1акхоьхьу массό а] г1уллакх . Цо билгалдо áяташ . Шун догтешийта шайн Дáлла дуьхьал кхéтарх .
3.Иза ву Шá лáтта даржийнарг а , цу т1ехь [даккхий] лаьмнаш а , [лéлаш] тáтόлаш а хилийтинарг а , Цо хилийтина цу т1ехь массό а стоьмех ши тайпа . Цо хьулдо буьйсанца де . Баккъалла а цу чохь билгалόнаш ма ю ойлаечу нáхана .
4.Лаьттахь [тайп-тайпана] дáкъош ду [вовшашна] лýлахь , кемсийн бошмаш ю , ялта ду , хурманаш ю [цхьа óрам болуш] курсе [ц1евнé] ерш а , [цхьа óрам болуш , цхьалха г1ад долуш бен] йόцурш а . Цунна [хьахийначунна] хи дуьллу [тýху] цхьана хица . Óха цáрех цхьаерш вýкхáрел [чόмана] г1όли йо йаарехь . Баккъалла а цу чохь билгалóнаш ма ю хьéкъалéчу нáхана .
5.Хьо [цéран цатéшарх] цецвáлахь , [инзарé] цецвáлар [хьакъ долуш] цéран къамел ду-кх :»Тхоьх лáтта хилча , баккъалла а тхо керлачу кхолларехь [хир] ду тов ?» . Уьш — шайн Дéлах шаьш цатешнарш бу , уьш — цéран кόчахь [логах] буржалш [хир] ду , уьш [жоьжахатин] ц1еран дай [хир] бу , уьш гуттар [1ийр] бу цу чохь .
6.Цáра хьо сихво вόчуьнца дикачул хьáлха . Бакъдолуш , цáрел хьалха д1адахна масалé [долу къиза] та1зарш . Баккъалла а хьан Дéла , нáхана цéран зуламна гечдеш ма ву. [иштта] Баккъалла а хьан Дéла буьрса та1зар деш ма ву .
7.Шаьш [Дéлах] цатешначáра όлу :»Цунна т1е шен Дéлéра [цхьа] билгало йоссийнéхьáра». Баккъалла а хьо [та1зар хирг хилар] д1ахьéдархо [кхерамтасархо] ву . Х1όр къóманна [уьш] нисбийриг [вόг1ур] ву .
8.Аллах1ана хаа х1όр стечо [шен кийрахь] лéлош дерг [х1ун бéра ду , хаа] кийранаш шá эшόриг а , совдоккхург а . Массό а х1ума Цунна гергахь бáрамца [дόзанца] ду .
9.[Иза] Къайлах дерг а , гучохь дерг а хууш верг а ву , воккха верг а , лакхаваьлларг а ву .
10.[Далла] Цхьатерра [хууш] ву шоьх шá [шен] къамел хьулдинарг а , шá и гучудаьккхинарг а , и шá буьйсанна хьулвелларг а , дийнахь гуш воьдург а .
11.Цунна [адамна] шен хьалхáхулá а , шен т1éхьáхула а [хийцалуш] лéларш [малийкаш] ду , шаьш иза ларвеш Аллах1ан омарца . Баккъалла а Аллах1а ца хуьйцу нáхаца [цéран хьόлах] дерг , цáра хийцалц шайн дог1машца дерг . Аллах1ана лиъча нáхаца [цхьа] вόниг , [т1аккха] юхатόхар дац цунна , царна вац Иза вóцург [цхьá] эла .
12.Иза ву Шá шуна кхéрамнá а , догдáхарнá а ткъес гойтург а , [дог1анах юьзна] еза мархаш кхуллург а .
13.[стигал] Къовкъарό теспахь до Цунна хастам барца , малийкаш Цуьнах кхéрарна . Стелахаьштигаш дохкуьйту Цо , [т1аккха] уьш тýху Цо Шéна луучунна , уьш Аллах1ан хьокъехь къуьйсуш болуш , Иза г1ýда [кийтарло] ч1óг1а дерг ву .
14.Цуьнга бу бакъ [болу] кхайкхам . Шаьш И [Аллах1] витина [ц1уйш] кхойкхурш — цáра жоплур дац царна [цхьанá а] х1уманца , шен ши кáна хинé кховдийначунна — и шен бете кхáчийтархьама — [хинό лур дерг] санна бен , [ткъа] и дац цуьнга кхόчур долуш . [Дéлах] Цатéшачéран до1а дац тилар чохь бен .
15.Аллах1ана [сужда деш] горадоьду шá стигланашкахь а , лаьттахь а [мел] дерг [шен] лаамехь [долуш] а , [ца даьлла] лаамзá а , [иштта] цéран 1индаг1аш а [доьду суждане] 1уьйраннá а , суьйраннá а .
16.Ахь áла [цаьрга] :»Мила ву стигланашин а , лаьттан а Дéла ?» [цáра жоп ца лахь] Ахь áла :»Аллах1 ву». Ахь áла :»Аша [мýха] лецна ткъа Иза вόцург вéрасаш , шайн дόлахь шайн дог1машна пайда бар а , зен дар а дόцуш [болу] ?» . Ахь áла :»Вуй ткъа цхьатерра б1аьрзéниг а , б1аьрсадерг а , йа буй ткъа цхьатерра бόданаш а , серлό а ?» Йа Аллах1ана дéкъахой бина цáра , шаьш Цуьнан кхолларах тера [дерг] кхоьллина [болу] , т1аккха царна [и ши] кхоллар [цхьатера] тарделла ? Ахь áла :»Аллах1 ву массό а х1ума кхоьллинарг , Иза ву цхьаъ верг , нуьцкъала верг».
17.Цо доссийна стиглара [дог1ан] хи , [т1аккха эха] доладелира [хин] хершанаш шен бáрамца , йаьхьира 1овраша [шайна] т1ехула йаьлла чопа . Шá цáра хазалла йа [кхин] дика [пайден дерг] лоьхуш ц1ергахь йáгόчух а ю цуьнах тера [йолу] чопа . Иштта [цуьнах терра] Аллах1а [масална] дáладо бакъдерг а , харцдерг а . Чопа эрна [хилла] д1айоьду , ткъа нáхана пайдабийриг лаьттахь дуьсу . Иштта Аллах1а дáладо масалш .
18.Шаьш шайн Далла [муьт1ахьаллийца] жоп деллачарна [ялсаманин] дика ду , [ткъа] шаьш Цунна жоп ца делларш — баккъалла а цéран дόлахь лаьттахь мел дерг а , цуьнца [кхин] оццул а хилча , цáра и [1áзапах хьалхабовлархьам] махийна лур ма дара . Уьш — царна вон хьéсап [хир] ду , цéран боьрзийла жоьжахати ю . Ма вон [кечбина] мотт бу-кх [и].
19.Шá хууш верг , баккъалла а хьоьга хьан Дéлéра доссийнарг бакъ хилар , шá [бакъдолчух] б1аьрзе верг санна ву ткъа ? Баккъалла а хьéхам оьцу [Дéлан áйатех] хьéкъалан дайша .
20.Шаьш Аллах1ан [бина] ч1áг1ам кхочуш беш а , барт ца бόхош а болу .
21.Шаьш Аллах1а шá хоттарца омaр динарг [гергарло] хуттуш [лéлош] а , шайн Дéлах кхоьруш а , вон хьéсапах кхоьруш [ийзалуш] а болу .
22.Шаьш шайн Дéлан юьхь лууш сатоьхнá а , лáмаз х1оттийнá а , Óха шайна деллачух къайлах а , гучохь а харж йинá а , диканца вон юхатýхуш а болу . Уьш — царна [ялсаманин] х1усаман т1аьхье —
23.дáхаран [1адн] бошмаш ю . Цу чу г1ýр бу уьш а , цéран дайшхá а , цéран зударшхá а , цéран т1аьхьéнашхá а дика [ийманца] хилларш а , шайна массό а не1арéхула [уьш дéкъал беш] малийкаш т1едόг1уш [шаьш óлуш]:
24.»[Дéлéра] Салам [мáршалла] ду шуна ашa [халόнашна] сатόхарна . Ма дика х1усаман т1аьхье ю-кх [и шуна хир йолу бошмаш]».
25.Шаьш Аллах1ан [бина] ч1áг1ам бόхош а , цуьнан барт хиллачул т1аьхьа , Аллах1а шá хоттарца омaр динарг [гергарло] хéдош [ца лéлош] а , лаьттахь бόхамаш беш а берш , уьш — царна не1алт ду , царна вон х1усам ю .
26.Аллах1а Шéна луучунна рицкъанна шортό а йо , [иштта] гаттό а йо . Уьш баккхийбийра дуьнéнан дáхарах , [ткъа] дуьнéнан дáхар [ма] дац эхартахь [долчуьнца дуьстича к1еззиг долу] зовкх бен .
27.Шаьш [Дéлах] цатешначáра όлу :»Цунна [элчанна] т1е шен Дéлéра [йолу] цхьа билгалό йоссийнéхьáра» . Ахь áла :»Баккъалла а Аллах1а [шоьх] Шéна луург тилá а во , шá [Дáлла] т1евирзинарг цуьнга [динé] нис а во .
28.Шаьш [Дéлах] тешнарш а , шайн дегнаш Аллах1 хьéхорца парг1ат довлурш а [нисбо Цо] . Вá [нáх] ! Аллах1 хьéхорца парг1ат довлу [шуна] дегнаш !
29.Шаьш [Дéлах] тешнарш а , диканаш динарш а — цáрна [зовкхé] дéкъалаллá а , хаза [йолу] боьрзийлá а ю .
30.Иштта [хьоьл хьалхарнаш санна] , Óха вахийтина хьо — бакъдолуш шел хьалха къаьмнаш д1адахначу — къόмé , хьоьга цáрна дешийтархьама Óха шá хьоьга хьехнарг . Уьш цатéша Къинхéтамéчух . Ахь áла :»Иза сан Дéла ву , кхин дéла вац Иза вόцург , Цунна т1етевжина со , Цуьнга ду сан [дохкόваьлла] юхаверзар».
31.Баккъалла а [цхьана] Kъуръáно шéца лаьмнаш меттах-хьáдича , йа шéца латта декъча , йа шéца белларш бистихилийтача [т1аккхá а х1ара Kъуръан бен хир ма дáцара и] . Мелхό а , Аллах1ан ду дерригé а г1уллакх . Ткъа шаьш [Дéлах] тешначарна ца хиъна тов , баккъалла а Аллах1ана лаахьáра Цό берригé а нáх нисбина хир барий ? Шаьш [Дéлах] цатешнарш бу шаьш динарг бахьанехь шайна т1ебόг1у бόхам [бáла] ца соцуш , йа шайн х1усаман юххехь буссуш [и бόхам] , Аллах1ан ч1áг1ό йáллалц . Баккъалла а Аллах1а ца йόхайо [Ша] йиллина хан .
32.[Дéлόра] Бакъдолуш , [хьоьх санна ма] кхаьрдина [ца баьшна] хьоьл хьалхарчу элчанашхá а . Аса [нисбала] хан елира шаьш [Дéлах] цатешначáрна . Т1аккха [нис ца белча] Аса [та1зарца] схьалийцира уьш , [ткъа] мýха дара Сан та1зар ?
33.Шá И х1όр синна цό динчуьнца [и хууш] т1ех1оьттина [тергό еш] верг [ц1уйх тера ву тов] ? Цáра бира Аллах1ана дéкъахой . Ахь áла :»Бийца уьш [муьлш бу] ! Йа аша д1ахоуьйту [те] Цуьнга , лаьттахь [долчух] Цуна ца хуург , йа дашах [харц] гуш дерг ?» . Мелхό а , хазйина шаьш [Дéлах] цатешначарна шайн [къамéлан] мекарло . [Дáла] Юхатуьйхира уьш [нийсачу] новкъах . Шá Аллах1а тилόриг [милла велахь] , цуьнан вац [цхьá] нисвийриг .
34.Царна 1áзап ду дуьнéнан дáхарехь , [Дéлόра] эхартан 1áзап сов хала [деза] ма ду . Цéран [ма] вац Аллах1ах [шаьш] ларбийриг .
35.[Дéлах] Кхоьручáрна ч1áг1ό йинчу [ялсаманин] бéшан масал [куц] , шéна к1елахула тáтόлаш лéлаш [йолу] ; цуьнан даар дáимна [хир] ду , цуьнан 1индаг1 а [иштта] . Иза шаьш [Дéлах] кхийранчéран чаккхé ю , керстачéран чаккхé [жоьжахатин] ц1е ю .
36.Шаьш Óха шайна [хьалха] жайна делларш , баккхийбуьйш бу хьоьга доссийначух . Тόбанашха [цхьаберш] шаьш цуьнан цхьадерг т1е ца оьцуш бу . Ахь áла :»Баккъалла а соьга омaр дина , ас Аллах1ана 1ибáдат дарцá а , асa Цунна дéкъахό ца варцá а , Цуьнга кхойкху асa , Цуьнга ду сан верзар а».
37.Иштта , Óха доссийна и [Kъуръáн] 1арбийн [маттахь] хьукма [хилла] . [Дéлόра] Хьо цéран лаамашна [дéзаршна] т1аьхьах1оттахь , хьайга [бакъдерг] хаар деанчул т1аьхьа , хьан [хир ма] вац Аллах1ера вéрас [г1оьнчá] а , [хьо] ларвийриг а .
38.[Дéлόра] Бакъдолуш , Óха бахкийтина хьоьл хьалха элчанаш , Óха хилийтира царна зударий а , т1аьхьé а . [цáрех цхьанá а] Элчанна [карахь] ца хилла [цхьá а] билгало йáлόр Аллах1ан пурбанца бен . Х1όр хáнна [шен] тептар ду .
39.Аллах1а [цуьнах] Шéна луург д1адойъу , [Шéна луург] ч1аг1до . Цуьнгахь ду [хьáдеш дóцу] нáна жайна .
40.Óха хьýна гайтахь , Тхаьш царна [1áзапах] ч1áг1ό еш долу цхьадерг , йа Óха хьо [цул хьалха] д1акхалхавахь , баккъалла а хьýна т1ехь д1акхайкхор ду , Тхýна т1ехь хьéсап дар ду .
41.Царна [Mаккин ох1лунна] ца гина [тов] , баккъалла а Тхо [цéран] лаьттé дáхкар и шен йисташкара [цéран дόлара] эшош ? Аллах1а кхел йо , Цуьнан кхéлана [цхьá а] юхатýхург вац . Иза хьéсап чехка долуш ву .
42.Бакъдолуш , шаьш цáрел хьалхарчáрá а йира [шайн элчанашна] мéкарло , [амма] Аллах1ан ю ерригé а кийтарло , Цунна хаа х1όр синό лéлόриг , керстанашна хуур ду хьáнна ю [эхартан] х1усаман т1аьхьé .
43.Шаьш [Дéлах] цатешначáра όлу :»Хьо [Аллах1ан] гéланча вац» . Ахь áла :»Тоьар ву сýнá а , шунá а юккъехь теш [хила] Аллах1 а , шéгахь жайнан 1илма дерг а».

03/01/2016

Comments are closed.