|
|
Ал-Хьасан ал-Басрийс (АллахIа къинхетам бойла цунах), аьлла:«Вонан кхоъ бух бу, ткъа цуьнан дакъош ялх ду. Вонан баххаш иштта ду:ХьагI а,Сутаралла а,Дуьне дезар а. Ткъа цуьнан ялх дакъа иштта ду:Наб езар,Вуззалца хIума яар дезар,ПаргIато езар,Коьртехь хилар дезар,Наха ша хестор дезар,Дозалла дезар». Ал-Iикъдул-фарийд, 2/151. […]
Цхьаболчу Iеламнаха аьлла: «Айхьа къамел дечу хенахь, АллахIана хьо хезаш хилар дагадаийта ахь. Хьо тап-аьлла Iачу хенахь, АллахIана хьо гуш хилар а дагадаийта ахь». ЖáмиIул-Iулуми вал-хьикам, 290.
Мáлик Ибн Дийнáра (АллахIа къинхетам бойла цунах), аьлла: «Адамана хьарам долу цхьа дирхIам (сом) Iаддитар гIоли ма ду, бIе эзар дирхIам сагIина лучул». ЖавáхIирул-Iилмми, 5/1125.
Шайх ал-lусаймийнас (АллахIа къинхетам бойла цунах), аьлла: «Новкъара хIума дIаяккхар сагIа хилча, новкъарло йийра йолу хIума новкъа кхоссар а (жима) къа ду». Шархь риядус-салихьийн, 3/37.
Имам ан-Нававийс (АллахIа къинхетам бойла цунах), аьлла:«Шен дена-нанна дика дан луучо, цаьршинна тIера сагIа доккхийла. Бакъдолуш, сагIа велла чунна дIа а кхочу, цунах цунна пайда а хуьлу, цу тIехь Iеламнахана юкъахь къовсам а бац». Шархь сахьихь Муслим, 1/89.
Шайхул Ислам Ибн Таймийяс (АллахIа къинхетам бойла цунах), аьлла: «Элчанна (ﷺ) тIаьхьа а ца возуш, шена АллахI веза мел бохург, харц луьйш ву». МажмуIул-фатава, 8/360.
IабдуллахI Ибн Мубараке аьлла хилла: «Хьоьга цхьамма хьан дахарах цхьа де бен ца дисна хьуна аьлча, хIун дийра дара ахь?». ТIаккха цо аьлла: «Нахана Iилма хьоьхур дара ас». ал-Мадхал лил-БайхIакъий, 370.
Шайх Iабдул-Iазийз Ибн Бáза (АллахIа къинхетам бойла цунах), аьлла: «Iуьйранна а, суьйранна а кхузза «ал-Фалакъ», «ан-Нас» сураташ дешар, сихьранах а, и санна долчух а ларвен бахьана ду». Фатава нурун-Iалад-дарб, 3/295.
Абу Давуда (АллахIа къинхетам бойла цунах), аьлла: «Со Курз ал-Хьарисий волче ваханчу хенахь воьлхуш карийра суна иза. Ас элира цуьнга: «Хьо стенна воьлхуш ву?». Цо элира: «Сийсара (айса Iадатехь доьшуш хилла долу) Къуръан тIера дакъа ца дешна ас. Ткъа и цадешар бахьана, ас латийна къа бен ма ца хета суна»». Хьилятул-авлияъ, 5/79. […]
Имам Ахьмада (АллахIа къинхетам бойла цунах), аьлла: «Нагахь санна, цхьамма кхечуьнгара ша оьцург лачкъийна юй а хууш эцахь, цо къола деш дакъа лаьцна». Масáилу ал-Имáм Ахьмад, ривáяту ал-БагIавий, 68.
|
Хьехаме дешнаш «Веллачул тIаьхьа шен Iамал дIахада ца луучо, Iилма даржадойла».
|