button-2888 button-2888 button-2888 button-2888

ал-Фуркъа́н, 58 аят

Сийлахь-Везачу АллахIа аьлла: .وَتَوَكَّلْ عَلَى الْحَيِّ الَّذِي لا يَمُوت «Ахь болх тIебилла цкъа а лийра воцучу, дийначунна (АллахIана)…» ал-Фуркъа́н, 58 аят. Сулайман ал-Хавва́са (АллахIа кьинхетам бойла цунах) аьлла: «И аят шена хезначул тIаьхьа, цхьана а лена мегар дац, шен балхехь АллахI воцучунна кхин цхьанне а тIетовжа». 📚 Та́риху Димашкъ, 72/249. […]

Iилма а, Iеламнах а безар

Имам Ибнул-Къаййим ал-Жавзийс (АллахIа къинхетам бойла цунах), аьлла: «Iилма а, Iелимнах а безначунна, АллахIана дезарг дезна». Мифтахьу дарис-саIáдахI, 1/435.

Да-нана

«Хьайн дех-ненах хьо къастталца, церан мах ца хаьа хьуна. Цундела, ишиъ дийна долччуьра, алсам пайда эца цаьршиннах! Дика хила цаьршинца, церан гIуллакхе хьажа, цара бохучунна муьтIахь хила!». Шайх láид ал-Къарний

Азан деш хезча дан дезарг

«Хьо Къуръан доьшуш а волуш,хьайна молла кхойкхуш хазахь, Къуръан саца а дай, моллакхойкхучунна тIаьхьара ала». Ибн Iусаймийн — Фатава нур Iалад-дарб, 4/171.

Юург-мерг хьанал хилар

Имам Ахьмад Ибн Хьанбале хаьттина хилла: «ХIай Имам! Дегнаш хIун дича кIадло?». Имама жоп делла: «Юург-мерг хьанал хилча кIадло» — аьлла. Хьилятул-авлияъ, 9/182.

Кхана тоба а дина, сайн керла дахар дIадолор ду ас

Ибнул-Жавзийс (АллахIа къинхетам бойла цунах) аьлла: «Варийлахь, да́зо́нах* ларлолахь! Бакъдолуш, иза иблисан уггаре а доккха эскар ду хьуна». Cайдул-ха́тIир, 179. ————*Юха дийра дар иза-м — бохуш хIума дIатеттар.

Сардам болларан тIаьхье

Цхьа стаг IабдуллахI Ибн Мубаракан тIе а веана, шен кIанта аьлларг ца до шена бохуш арз деш хилла. ТIаккха Ибн Мубарака хаьттина цуьнга: «Цунна вон доIа* диний ахь?» — аьлла. Стага аьлла: «ХIаъ, дина». ТIаккха Ибн Мубарака аьлла: «Хьада дIавало, айхьа талхийна ахь иза». *Вон доIа — иза дайша-наноша шайн доьзалхочунна дуьхкуш долу сардамаш […]

Само е

Маймýн Ибн МихIрáна (АллахI реза хуьлда цунна) аьлла: «Бакъдолуш, шун Iамалш кIезиг ю. Ткъа, и кIезиг бен йоцу Iамалш цIена даггара елаш». Хьилятул-авлияъ. Абу НуIайм ал-АсбахIаний, 4/92.

Сан берриге болх АллахIан керахь бу

Цхьаьнга хаьттина: «Юьхь елаелла, екхаелла хIунда ю хьан?». Цо жоп делла: «Сан берриге болх АллахIан керахь бу. Цундела, гIайгIане хила эхь хета суна».

Къамел дале хьалха цкъа ойла ян еза

Имам ан-Нававийс (АллахIа къинхетам бойла цунах), аьлла: «Цхьа дош ала, я цхьа къамел дан луучо, ша къамел дале хьалха цкъа ойла ян еза. Нагахь санна, ша олург пайде хир ду аьлла хетахь эра ду цо, пайде хир дацахь IадъIийра ву и». Шархь сахьихь Муслим, 18/328.