Хьайн майрачуьн дага тIе боьду некъ безахь -Цуьнан доттагI хила. -Цуьнан белхана сагатдеш хила. -Цо сагатдечу гIуллакхашна сагатдеш хила. -Цуьнан диканехь-вонехь цунна накъост хила. -Цуьнга тапъалий ладугIуш а, харц дерг ца дуьйцуш а хила хьо!
|
|
||
|
Хьайн майрачуьн дага тIе боьду некъ безахь -Цуьнан доттагI хила. -Цуьнан белхана сагатдеш хила. -Цо сагатдечу гIуллакхашна сагатдеш хила. -Цуьнан диканехь-вонехь цунна накъост хила. -Цуьнга тапъалий ладугIуш а, харц дерг ца дуьйцуш а хила хьо! «Стеган шен хIусам-ненах самукъа дера ма дац, цо шен ши бIаьрг кхечу зударшка дIахьéжочуьра саца баллалца». ✍ Шайх Мухьаммад Рóтиб ан-Нáбулсий. Хьекъалчо аьлла: «Нахалахь уггаре вон гIиллакх долуш верг — хьуна ша оьгIаз вахча хьан сийнна тIекхийдаш, хьан къайле яржош, хьоьх доцург дуьйцуш верг ву». ДIатесна, ца лелочу суннатех ду, буьйсанна сурат ал-Ихлас (Къулха) дешар. Пайхамара (ﷺ), аьлла: «Цхьана буьйсанна Къуръанан кхоалгIа дакъа ца дешалуш шух цхьаъ гIорасиз вуьсур варий?.. «Къул хIуваллохIу ахьад» Къуръанан кхоалгIа дакъа санна ду». 🔸Шайх Iабдул Iазийз ат-ТIарийфий […] Имам Ибнул-Къаййим ал-Жавзийс (АллахIа къинхетам бойла цунах), аьлла: ❏ «Шен баланаш, гIайгIанаш совдевлачо «Лá хьавла ва лá къуввата иллá биллáхI» алар совдоккхуьйла». МаьIна: «Ницкъ а, гIора а дац, АллахIехь бен». 📕 Зáдул-маIáд, 4/183. Имам Ибнул-Къаййим ал-Жавзийс (АллахIа къинхетам бойла цунах), аьлла: ❏ «ГIайгIанаш, баланаш, сингаттамаш шина бахьанаца хуьлу: Хьалхарниг — дуьне чIогIа дезарна а, цунна чIогIа сутар хиларна а. ШолгIаниг — дика Iамалш кIезиг ярна а, Далла муьтIахь хилар лагIдаларна а». 📕 Iуддатус-собирийн, 256. Цхьана адамах вай кхераделча, цунах довду вай, амма АллахIах вай кхийрича, Цунна гергадоьлху вай. Иштта, адаме цхьаъ доьхучу хенахь коьртеш охьатаIадо вай, амма АллахIе вайн хьашташ доьхучу хенахь вайн коьртеш стигал хьалаойъу вай! Сан Дела! Массо кхачам бацарех ЦIена ву-кх Хьо, ма йоккха ю-кх Хьан комаьршо! Ибнул-Къаййима (АллахI реза хуьлда цунна), аьлла: ❏ «Уггаре атта меттахъхьелуш йолу меже иза мотт бу, ткъа и (мотт) бу лайна (адамана) уггаре а доккха зен деш берг». 📕 ал-Жавáбул-кáфий, 281. Имам Ибнул-Къаййим ал-Жавзийс (АллахIа къинхетам бойла цунах), аьлла: ❏ Дог АллахI хьехорах гIел мел ло а, деган дакъадалар а чIагIло. Ткъа АллахI хьахийча деган дакъадалар даша а деший дIадолу, цIергахь даш лала а лаьлла дIа ма-даллара. 📕 ал-Вáбилус-сайб, 146. Шайх Iалий ат-ТIантIавийс (АллахIа къинхетам бойла цунах) боху: «Сайн дахаран юьххьехь сайн деца-ненаца Iаш вара со. Цу хенахь царах къаьстича я уьш боцуш со ваха а лур вац аьлла хетара суна. Цул тIаьхьа, сан да-нана дIаделира, ткъа со сайн вежаршца Iийра. ТIаккха, царах къаьстича а со ваха а лур вац аьлла хеташ вара со, амма […] |
||
|
© 2008 - 2026 ИС - All Rights Reserved Powered by WordPress & Atahualpa |
||