Шайх Iабдул-Iазийз ат-ТIарийфис (АллахIа Iалашвойла иза), аьлла: ❏ «Декъаза стаг — гIорасиз верг вац, декъаза стаг — шен дика белхаш дан аьтто боллушехь уьш ца деш Iаддитинарг ву».
|
|
||
|
Шайх Iабдул-Iазийз ат-ТIарийфис (АллахIа Iалашвойла иза), аьлла: ❏ «Декъаза стаг — гIорасиз верг вац, декъаза стаг — шен дика белхаш дан аьтто боллушехь уьш ца деш Iаддитинарг ву». Шайхул Ислам ибн Таймийяс (АллахIа къинхетам бойла цунах), аьлла: ❏ «Куьйгаца тIом беш ма-хиллара, доIанца а хуьлу тIом беш». 📕 МинхIажус-суннахI, 4/482. ГIийлонехь болчу шайн вежаршна гIо де, доIанца дай а! Шайх Мухьаммад ибн Салихь ал-lусаймийнас (АллахIа къинхетам бойла цунах), аьлла: ❏ «Дукхах болу нахана таIзар гуш долчу хIуманашкахь бен ца хуьлу моьтту – догIмашкахь, даьхнешкахь я доьзалашкахь хуьлийла и. Ма-дарра аьлча-м, деганаш цомгуш а, телхина а хиларна долу таIзар, цу гуш долчу хIуманашкахьчул чIогIох а, доккхох а ду». 📕 Ахькаму минал-Къуръанил-карийм, 1/87. Имам Ибнул-Жавзийс (АллахIа къинхетам бойла цунах), аьлла: ❏ «Велларг — шена чуьра са арадаьлларг вац, ткъа велларг — Далла хьалхахь шена тIехь долу декхарш хIун ду ца хуург ву». 📙 ат-ТазкирахI, 18. Цхьана стага МуIазан кIант Яхья волчехь хIара аят дешна хилла: «Аша-шимма ала цуьнга (ФирIовне) кIеда дош». ТIаккха Яхьяс велха а вилхина аьлла: Сан Дела! «Со дела ву» бохучуьнца хьо оццул къинхетаме, кIеда-мерза хилча, ткъа «Сан Дела Хьо ву» бохчуьнца хьо мел къинхетаме хир ву?! «Со ву шун уггаре а лекхара, веза, сийлахь дела» бохучуьнца Хьо […] Беркате рицкъ ахь хьанал даьккхинарг ду, нах Iехош, хIилланца даьккхинарг дац. Барт хоттучу Дийнахь ураттал хьайн дена-нанна, я хьайн доьзалхочунна цхьа а дика дала ницкъ кхочур бац хьан. Амма, хьайна ца везаш хилла волчу а, тIаьхьашха луьйш гIийбат диначунна а, я айхьа зулам дина хилла волчу стагана-м дIалур ду ахь хьайн диканаш. Дикка ойла елахь цу белхан! Цхьана стага Ибн Шубруме аьлла: «ХIокхунна гIо дина ас, хьенехана оьшург елла ас, минехана гIуллакх дина ас». ТIаккха Шубрумас аьлла: «Дикачу белхашкахь цхьа а дика дац, нагахь динарг дагардеш (нахе дуьйцуш) делахь». 📕 Iуйýнул-ахбáр, 3/179. Имам ал-Хьасан ал-Басрийс (АллахIа къинхетам бойла цунах), аьлла: ❏ «Адамийн деригге къамел бакъ делахьарий, цуьнан еригге Iамал а хила ма-езза дика елахьарий эшам хила герга дара цунна. ТIаккха цхьамма хаьттина: «эшам муха хира бу цунна?» – аьлла. ТIаккха ал-Хьасан ал-Басрийс аьлла: «Ша-шех воккхавеварца эшам хира бара цунна». 📕 ШуIабул-ийман – ал-БайхIакъий, 5/454. Шайхул Ислам ибн Таймийяс (АллахIа къинхетам бойла цунах), аьлла: ❏ «Беллачарна тIера даьккхина сагIа царна дIакхочуш ду (цунах мел хуьлу царна), массо бусалба нехан барт а бу цу тIехь». 📕 Жáмиlул-масáил 4/270. |
||
|
© 2008 - 2026 ИС - All Rights Reserved Powered by WordPress & Atahualpa |
||