button-2888 button-2888 button-2888 button-2888

Къинош чевнаш ю

Ибнул-Къаййима (АллахIа къинхетам бойла цунах), аьлла: ❏ «Къинош чевнаш ю, ткъа цхьайолу чов вуьйш чов хуьлу». 📕 ал-Фавáид, 41.

Иблисо тилош берш шена тIаьхьабозуш берш бу

Имам Ибнул-Къаййим ал-Жавзийс (АллахIа къинхетам бойла цунах), аьлла: ❏ АллахIан мостагIчунна (Иблисана) хиинчул тIаьхьа, Сийлахь-Везачу АллахIа Ша цхьаъвеш (тавхьидаца) болчу а, цIенна даггара (ихласца) Iамал еш болчарна тIехь а шега куьйгалла дойтур доций, цо элира: «Хьан возаллора! Уьш берриге а тилор ма бу ас, царех Ахь хаьржина дог цIена (ихласца) болу Хьан лайш боцурш». Сурат […]

Iа, атта мéла баккха хан ю

Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна), олуш хилла: «Ас цхьа шийла хIонц йийций шуна?» ладоьгIучара олуш хилла: «Йийцахь». ТIаккха цо олуш хилла: «Iай марха кхабар ю шуна» — олий. 📕 ЛатIáифул-маIáриф – Ибн Ражаб, 558.

ЙоI йича реза ца хилар, мушрик нехан Iадат хилла

Имам Ибнул-Къаййим ал-Жавзийс (АллахIа къинхетам бойла цунах), аьлла: ❏ Шена йоI йича оьгIаз вахар Ислам-дин тIедале хьалха хиллачу мушрик нехан гlиллакхех ду. АллахIа Шен дашехь цаьрга бехкбоккхуш аьлла: «Царах цхьаьнга йоI йина (хьуна) аьлла кхаъ баьккхича, юьхь Iаржалой дIахIутту иза, шен оьгIазло хьул а еш. Шега (иштта) вон кхаъ баккхарна нахах (эхь хеташ) дIалечкъа иза, […]

Iа — Iибадат дечеран хIонц ю

Iумар Ибн ал-ХаттIаба (АллахI реза хуьлда цаьршинна), аьлла: ❏ «Iа — Iибадат дечеран хIонц ю». 📕 Хьилятул-авлияъ, 8/134.

Хьекъалечу зударшна доккха хьехар

ХIай лераме йиша! Хьайн марзахошца хьан мел дика юкъаметтиг елахь а, наггахь юкъа цхьаъ дожаза ца дуьсу хьуна. Цунах хьо кхеташ елахь, дахар иштта бен хир доций хууш елахь, шайна юкъа цхьа къовсам боьжча, и хьекъалца, сих а ца луш дIабаккхалур бу хьоьга.

Къематде атта ден йолу Iамал

ал-АвзаIийс (АллахIа къинхетам бойла цунах), аьлла: ❏ «Буьйсанаш дуккха а (ламазашкахь) ден йиначунна, АллахIа къематдийнахь латтар а атта дийра ду». 📕 Сияру аIлáми ан-Нубалáъ, 7/119.

АллахI веза бахарх тоьуш дац, Цо бохург деш дацахь

Яхья Ибн МуIáзас (АллахIа къинхетам бойла цунах), аьлла: ❏ «АллахI вéза бохуш, Цуьнан дозанаш лардеш воцург бакълуьйш вац». 📕 ЖáмиIул-Iулуми вал-хьикам, 86.

Мéла баккха уггаре дика хан

Мéла баккха уггаре дика хан Iуьйкъа хан ю, рицкъ даккха уггаре дика хан Iуьйре хиларе терра. Шайх Iабдул Iазийз ат-ТIарифий.

ДоттагIий дуккха а леца хьайна

IубайдуллахI Ибн ал-Хьасана цхьана стаге аьлла: ❏ «ХIай хьанех! ДоттагIий дуккха а хилийта ахь хьайн. ХIунда аьлча, хьо велла аьлла шайга хабар кхаьчча, цаьргара уггаре а кIезга хьуна хин долу дика — хьо Деле воьхуш хьуна доIа дар ду хьуна». 📕 ал-Ихвáн ли-ибн Аби ад-Дуня, 29.