button-2888 button-2888 button-2888 button-2888

4. Дайшка кхайкхам | Шайх СаIд ал-Iатийкъ

3. Наношка кхайкхам | Шайх СаIд ал-Iатийкъ

2. Диканехь сов волу бутт | Шайх СаIд ал-Iатийкъ

1. НиIматийн бутт | Шайх СаIд ал-Iатийкъ

ШайтIанан лар

«ШайтIанан лорах а ма лела» — бохучу АллахIан дешан маьIна деш Имам Къатáдата аьлла: «АллахIана Iеса хуьлуш мел деш долу хIума — иза шайтIанан лар ю».

عَنْ قَتادَةَ عَنْ قَوْلِ اللَّهِ: {ولا تَتَّبِعُوا خُطُواتِ الشَّيْطانِ} قالَ: «كُلُّ مَعْصِيَةٍ لِلَّهِ فَهِيَ مِن خُطُواتِ الشَّيْطانِ».

Тафсир Ибн Аби Хьáтим, 1508.

Керла шо даздар

Беркат цахиларан бахьана | Шайх Iусман ал-Хамийс

Ма хила сийсаза | Шайх Iусман ал-Хамийс

Ямартло

Хьасанул-Басрийс (АллахIа къинхетам бойла цунах) аьлла:

«Хьайн вешин къайле йийцар, ямартлонах ду».

.«إنَّ من الخيانة أن تُحدِّث بسرِّ أخيك»

ас-Самт, Ибн Аби ад-Дуня, 404.

БЕХКАЗЛО ЯЛАР

❏ Абу Къилáбас (АллахI реза хуьлда цунна), аьлла: «Хьайн вешегара хьайна товш доцу хабар кхаьчча, цунна даггара бехказло лаха ахь. Хьайна цуьнан хьокъехь цхьа а бехказло ца караяхь, хьайн дагахь ала ахь: «сан вешин суна ца хууш цхьа бехказло хила мега»».

Хьиляту ал-авлияъ, 2/285.

❏ IабдуллахI ибн Мубарака (АллахIа къинхетам бойла цунах) аьлла: «Бусалба стага шен вежаршна бехказло лоху, ткъа мунафикъ стага церан гIалаташ лоьху».

Ада́бул-Iишрати ва зикрус-сухьбати вал-ухуввати, 56.

❏ Шайх Iабдул-Iазийз ат-ТIарийфис (АллахIа Iалашвойла иза) аьлла: «Стаг Iилмангахь сов мел волу а, шеца бакъо къуьйсуш духьал ваьллачунна алсам бехказло юьту цо. Ткъа Iилмангахь и кIезиг мел хуьлу а, бехказло а кIезиг юьту цо цунна».