|
|
||
|
«Шеца Къуръан тIера а, суннатера а бух мел боцу некъ — жоьжахати боьду некъ а, Дала Шех эккхийначу шайтIанан некъ а бу». «كُلُّ طَرِيقٍ لَمْ يَصْحَبْهَا دَلِيلُ القُرْآنِ وَالسُّنَّةِ، فَهِيَ مِنْ طُرُقِ الجَحِيمِ وَالشَّيْطَانِ ِالرَّجِيمِ». Ибнул-Къаййим — Мада́рижус-са́ликийн, 2/468. Iамр ибн Къайса (АллахIа къинхетам бойла цунах) олуш хилла: «Декъал хуьлда, Рамадан бутт тIебале хьалха (бусалба динехь) нисвелларг». ЛатIа́ифул-маIа́риф, 138. «Хьайн ламазехь хьуна марзо ца караяхь, хаалахь хьан дагчу марзо ца кхочуьйтуш хьан ламазехь кхачамбацар а, сакхат а дуйла». Бава́батул-хушу́Iи фис-сала́ти, 15. «Кхана марха кхобур ду ас аьлла дагадеанчо — нигат дина». «من خطر بقلبه أنه صائم غدا فقد نوى». Ибн Таймийя — ал-Фата́ва́ ал-кубра́, 5/375. Рамадан баттахь хуьлуш долу уггаре доккха зен — хьо мукъа Iар ду. Адаман са, бакъонна а, АллахIана муьтIахь хиларна тIехь а къахьоьгуш дацахь, харцонна а, АллахIана Iеса хиларна тIехь а къахьоьгуш хир ду. «Бакъдолуш, са вониг хьоьхуш ду». Жиммал шайн электронни гIирсаш дIа а байъий, Къуръан деша а, Дела хьехо а мукъадовла! Шайх Ахьмад Iиса ал-МаIсаравий |
||
|
© 2008 - 2025 ИС - All Rights Reserved Powered by WordPress & Atahualpa |
||