button-2888 button-2888 button-2888 button-2888

Абу IабдуллахI: IабдуллахI ибн МасIуд (10.11.2017).

IабдуллахI ибн МасIуд (АллахI реза хуьлда цунна) (Рузбан хьехам, 10.11.2017) — скачать

Iа, атта мéла баккха хан ю

Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна), олуш хилла: «Ас цхьа шийла хIонц йийций шуна?» ладоьгIучара олуш хилла: «Йийцахь». ТIаккха цо олуш хилла: «Iай марха кхабар ю шуна» — олий.

📕 ЛатIáифул-маIáриф – Ибн Ражаб, 558.

ЙоI йича реза ца хилар, мушрик нехан Iадат хилла

Имам Ибнул-Къаййим ал-Жавзийс (АллахIа къинхетам бойла цунах), аьлла:

❏ Шена йоI йича оьгIаз вахар Ислам-дин тIедале хьалха хиллачу мушрик нехан гlиллакхех ду. АллахIа Шен дашехь цаьрга бехкбоккхуш аьлла: «Царах цхьаьнга йоI йина (хьуна) аьлла кхаъ баьккхича, юьхь Iаржалой дIахIутту иза, шен оьгIазло хьул а еш. Шега (иштта) вон кхаъ баккхарна нахах (эхь хеташ) дIалечкъа иза, шена тIе эхь даийтина Iадйита те ша и (йоI) я лаьттах йоллий йийна дIаяккха те ша и бохуш. Ма вон сацам бу-кх цара бийриг!». Сурат «ан-Нахьл», 58-59 аят.

📕 Тухьфатул-мавдýд, 25 агIо.

Iа — Iибадат дечеран хIонц ю

Iумар Ибн ал-ХаттIаба (АллахI реза хуьлда цаьршинна), аьлла:

❏ «Iа — Iибадат дечеран хIонц ю».

📕 Хьилятул-авлияъ, 8/134.

Хьекъалечу зударшна доккха хьехар

ХIай лераме йиша!
Хьайн марзахошца хьан мел дика юкъаметтиг елахь а, наггахь юкъа цхьаъ дожаза ца дуьсу хьуна. Цунах хьо кхеташ елахь, дахар иштта бен хир доций хууш елахь, шайна юкъа цхьа къовсам боьжча, и хьекъалца, сих а ца луш дIабаккхалур бу хьоьга.

Абу IабдуллахI: Доьзалхо дика хуьлуьйтуш долу 15 бахьана (03.11.2017).

Доьзалхо дика хуьлуьйтуш долу 15 бахьана (Рузбан хьехам, 03.11.2017) — скачать

Къематде атта ден йолу Iамал

ал-АвзаIийс (АллахIа къинхетам бойла цунах), аьлла:

❏ «Буьйсанаш дуккха а (ламазашкахь) ден йиначунна, АллахIа къематдийнахь латтар а атта дийра ду».

📕 Сияру аIлáми ан-Нубалáъ, 7/119.

АллахI веза бахарх тоьуш дац, Цо бохург деш дацахь

Яхья Ибн МуIáзас (АллахIа къинхетам бойла цунах), аьлла:

❏ «АллахI вéза бохуш, Цуьнан дозанаш лардеш воцург бакълуьйш вац».

📕 ЖáмиIул-Iулуми вал-хьикам, 86.

25 — Сурат Алфуркъáн

25 — Сýрат Алфуркъáн [Къастóриг] [Маккахь доьссина ‚ 77 аят ду]

Аллах1а ц1арца къинхетаме , къинхетам беш волчу .

1.[сийлахь] Беркате [лекха] хили Шен лайна т1е [хьáрам-хьáнал] къастóриг [Kъуръáн] Шá [юх-юха] доссийнарг , и хилийтархьама 1áламашна д1ахьéдийриг [кхéрамтосург] ,
2.Шá стигланашин а , лаьттан а дóлалла [óлалла] Шен [карахь] долуш волу , Цо ца лаьцна цхьá а [Шен] доьзалхо [вина]. Цуьнан ца хилла дóлаллехь [óлаллехь] цхьá а дéкъахо , Цо кхоьллина массó а х1ума , белла Цо цуна бáрам а . Кхин дIахьажа

Мéла баккха уггаре дика хан

Мéла баккха уггаре дика хан Iуьйкъа хан ю, рицкъ даккха уггаре дика хан Iуьйре хиларе терра.

Шайх Iабдул Iазийз ат-ТIарифий.