«Дахар-м дIадоьдуш ду хьуна, хьо веларах а, велхарах а. Цундела, хьайна хиллане а пайдане хин йоцу гIайгIане хьо хIаллак ма вайта. Жимма велакъежаш хила».
|
|
||
|
«Дахар-м дIадоьдуш ду хьуна, хьо веларах а, велхарах а. Цундела, хьайна хиллане а пайдане хин йоцу гIайгIане хьо хIаллак ма вайта. Жимма велакъежаш хила». 18 — Сурат Алках1ф [Хьех] [Маккахь доьссина , 110 аят ду] Аллах1а ц1арца къинхетаме , къинхетам беш волчу. 1.Хастам — Аллах1ана бу , Шá Шен лайна [Мухьаммадна] т1е [Къуръáн] жайна доссийначу , Шá цу [Къуръан] чохь [маь1ний] галаморзахалла ца еш , АдхIаман кIанта ИбрахIима аьлла: «Харцоне дукха хьежаро дагчуьра бакъдерг довзар дIадоккху». АллахIан Элчано (ﷺ) аьлла: «АллахIах кхералахь, хьо миччахь велахь а. айхьа цхьа вон хIума дича цунна тIаьххье дика хIума а делахь, и вон хIума дIадойъур долу. Нахаца хаза гIиллакхе а хилалахь». ат-Тирмизий: 1987. Ибн Хьиббáна (АллахIа къинхетам бойла цунах) аьлла: «Вежарий хало тIехIоьттича бевза. ХIунда аьлча, паргIатонехь массо а хуьлун дела доттагI. Ткъа вежарех уггаре а вониг — шен вежарашна цхьа хIума хьашт хилча, я царна тIе хало еача, царна гIо а ца деш уьш дIатеснарг ву». Ровдатул Iукъалáъ, 221. АдхIам кIант ИбрахIим (АллахIа къинхетам бойла цунах) Басра олучу шахьаран базара кхаьчна хилла. Цунна тIегулбеллачу наха хаьттина цуьнга: «ХIай Абу Исхьакъ, тхуна хилларг хIун ду-те, АллахIе доIанаш до оха, жоп ма ца ло тхуна»? – аьлла. Кхин дIахьажа Кхана оршот дийнахь (04.09.2017) суннат марха кхаба воллу ша аьлла, марха кхаба мегар дац, хIунда аьлча, иза гIурбан деношха тIаьххьара де ду. Ткъа хьадисехь деана ду: «…И (гIурбана) денош юу а, молу а денош ду», аьлла. Ан-Насаъий 3004. 17 — Сурат Альисрáъ [Дéхьаваккхар]. Аллах1а ц1арца къинхетаме , къинхетам беш волчу . 1.Ц1ена ву Шá Шен лай [Мухьаммад] буьйсанна [цхьана муьрехь] «Xьарам» [дихкинчу] маьждигéра «Акъсá» [гéнарчу] маьждиге дéхьаваьккхинарг , шá Оха шéна гóнаха беркат дина долчу , Тхаьш цунна гайтархьама Тхан [яккхийчу] билгалóнашха [инзаре билгалóнаш] . Баккъалла а И [Аллах1] ву Иза хезаш , гуш [верг]. «АллахIа кхоьллина долчу хlуманца дуй биъча цунах дуй хуьлуш бац. Масала: «Делан Элчанора», я «Жабраил маликора», я «маликашца дуй буу ас», «Хьаьжин цlинора», я «дайшца дуй буу ас»- аьлла. Иштта, АллахIа кхоьллина долчу муьлхха а хlуманца дуй баар къилахь ду, дика дац иза, цо иштта дуй баахь къа хира ду цунна». [ал-МуIтамад, дáкъа: 2, агIо: 532]. |
||
|
© 2008 - 2026 ИС - All Rights Reserved Powered by WordPress & Atahualpa |
||