|
|
«Гlурба дийначул тIаьхьа, ша гlурбан урс хьаькхна долчу хьайбан тlера цхьа хIума йохка мегаш дац, жижиг хуьлийла иза, я дум хуьлийла иза, я цIока хуьлийла иза, я маl хуьлийла иза, я тlаргlа хуьлийла иза, цу тIера хlумма а йохка мегар дац».
[ал-МуIтамад, дакъа: 2, агIо: 485].
Пайхамара (ﷺ), аьлла: «Уггаре дика доIа Iарафат дийнахь дина доIа ду. Ткъа уггаре диканиг аса а, соьл хьалхарчу пайхамарша а аьлларг ду: «Лá илáхIа иллаллóхIу вахьдахIý лá шари́ка лахI, лахIулмулку, ва лахIул-хьамд, ва хIува Iалá кулли шайъин къади́р»».
ат-Тирмизий 3585.
Цхьайолу рузман тIехь 1 сентябрь Iарафат де ду оле гойту, иза нийса дац. Iарафат де 31 августехь ду, ткъа 1 сентябрь гIурбан хьалхар де ду ин ша АллахI
16 — Сýрат Аннахьл [Накхармозий]
[Маккахь доьссина ‚ 128 аят ду]
Аллах1а ц1арца къинхетаме , къинхéтам беш волчу
1.Аллах1ан омар [герга] деана , аша сих ма дé иза [хéнал хьалха] . Ц1ена ву Иза , лакхаваьлла Иза цáра [Шéца] дéкъахό вечух .
2.Цо диссадо малийкаш Шен омарца [долчу] сица [хьéхамца] цхьана Шен лайшха Шéна луучунна т1е :»Аша д1ахьéдé баккъалла а [кхин] дéла вац , Со бен . Кхéра Соьх» — [áларца].
3.Цо кхоьллина стигланаш а , латтá а бакъонца . Лакхаваьлла Иза цáра [Шéца] дéкъахό вечух .
4.Цо кхоьллина адам [стеган а , зудчун а όраллин] т1адамах , т1аккха [шá анддаьлча] иза [Дáлла] билгала довхό [хилé дуьхьал дόлуш] ду . Кхин дIахьажа
«Айхьа гучахь еш йолу Iамалха хьо тамашбан (воккхавеван) волахь, къайлах еш йолчу Iамалца и цIанъелахь. Бакъдолуш, къайлах еш йолчу Iамало, гучахь еш йолу Iамал цIанйо хьуна!».
Шайх Iабдул Iазийз ат-ТIарифий
Хьан къайле хьулъеш, гIалат къайла а доккхуш, хьан диканаш гIар а дохуш, хьан вонаш лачкъа а деш волчунций бен доттагIалла ма леладелахь.
Ткъа ишттаниг хьайна ца каравахь, тIаккха айхь-хьайца леладе ахь доттагIалла.
Шайх Iалий ат-ТIантIавий
Iарафат де хьахича я дагадеъча, уггар дика а, беркате а де ду деношха хьахийнарг. Цхьá де дац, шена чохь малх схьакхеташ я дIабузуш, даим дика а долуш Iарафат дийнал. Суннатехь деана ду, хьадж деш воцчунна, цу дийнахь марха кхабаро шина шеран къинош дIадохуш ду аьлла. Бакъ хилар сецна ду Абу Къатадата алар: АллахIан элчане (саллаллахIу IалайхIи ва саллам), хаьттинера Iарафат дийнан мархех лаьцна. ТIаккха цо элира: «ДIадаханчу а, тIедогIучу а шерийн къиношна гечдо цо». Муслим. Кхин дIахьажа
15 — Сýрат Альхьиджр [Тόг1é , г1áла]
[Маккахь доьссина ‚ 99 аят ду]
Аллах1а ц1арца къинхетаме , къинхéтам беш волчу
1.Алиф-лáм-рá .
Х1орш жайнан а , билгалчу Къуръáнан а áйаташ ду .
2.Шаьш [Дéлах] цатешначáрна [къемат дийнахь] лаа тарло шаьш бусулбанаш хиллéхьáра [аьлла].
3.Бита ахь уьш йаá а , [дуьнéнахь] зовкх хьéгá а , [дуккхá а бáха] сатийсарό д1алáцá а . [т1аьхьа] Хуур ду царна [шайна хир дерг]. Кхин дIахьажа
14 — Сýрат Ибрáх1им
[Маккахь доьссина ‚ 52 áят ду]
Аллах1а ц1арца къинхетаме , къинхéтам беш волчу
1.Алиф-лáм-рá [Аллах1 т1ех дика хууш ву Шéна цáрех луург] . [х1ара] Óха шá хьоьга доссийна [долу] жайна ду , хьоьга [шéца] нáх — цéран Дéлан пурбанца áрабахийтархьама бόданашкара серлонга — Сийлахьчуьнан , Хáстамéчуьнан новкъа —
2.Аллах1ан [новкъа] , Шá стигланашкахь [мел] дерг а , лаьттахь [мел] дерг а Шен [дόлахь] дерг волу . [ма] Бáла [хир] бу-кх [Дéлах] цатешачáрна буьрсачу [луьрачу] 1áзапах . Кхин дIахьажа
|
Хьехаме дешнаш «Веллачул тIаьхьа шен Iамал дIахада ца луучо, Iилма даржадойла».
|