button-2888 button-2888 button-2888 button-2888

ВАЙН ХЬАЛ ТИША ХИЛАРАН КЪАЙЛЕ

ВАЙН ХЬАЛ ТИША ХИЛАРАН КЪАЙЛЕ

Шайхул Ислам ибн Таймийяс (АллахIа къинхетам бойла цунах), аьлла:

❏ «Нагахь санна бусалба нахехь гIийло елахь, церан мостагI царал тоьлуш велахь, иза бусалба нехан къинош а, гIалаташ а бахьанехь ду».

📕МажмуIул фатава, 11/645.

Деган дахаран догIа

Имам Ибнул-Къаййим ал-Жавзийс (АллахIа къинхетам бойла цунах), аьлла:

❏ «Деган дахаран догIа – Къуръан тIехь долчунна ойла яр а, Iуьйкъенашкахь доIанаш деш АллахIана хьаставалар а, къинош Iаддитар а ду».

📕 Хьáдил-арвáхь илá билáдил-афрáхь, 100.

Абу IабдуллахI: Абу Муса IaбдуллахI ибн Къайс ал-АшIарий (17.11.2017).

Абу Муса IaбдуллахI ибн Къайс ал-АшIарий — АллахI реза хуьлда цунна (Рузбан хьехам, 17.11.2017) — скачать

Къинош чевнаш ю

Ибнул-Къаййима (АллахIа къинхетам бойла цунах), аьлла:

❏ «Къинош чевнаш ю, ткъа цхьайолу чов вуьйш чов хуьлу».

📕 ал-Фавáид, 41.

Ахьмад Хьамза | Iаьрбийн мотт: 2-гIа том, 10-гIа дарс, 1-ра дакъа

Iаьрбийн мотт: 2-гIа том, 10-гIа дарс, 1-ра дакъа — скачать

Иблисо тилош берш шена тIаьхьабозуш берш бу

Имам Ибнул-Къаййим ал-Жавзийс (АллахIа къинхетам бойла цунах), аьлла:

❏ АллахIан мостагIчунна (Иблисана) хиинчул тIаьхьа, Сийлахь-Везачу АллахIа Ша цхьаъвеш (тавхьидаца) болчу а, цIенна даггара (ихласца) Iамал еш болчарна тIехь а шега куьйгалла дойтур доций, цо элира: «Хьан возаллора! Уьш берриге а тилор ма бу ас, царех Ахь хаьржина дог цIена (ихласца) болу Хьан лайш боцурш». Сурат «Сόд», 82-83 аят.

АллахIан мостагIчунна (Иблисана) хиъна, Сийлахь-Везачу АллахIах тасавелларг а, Цунна цIеначу даггара (ихласца) муьтIахь хилларг а, Цунна тIе болх буьллуш верг а шега Iехалур воций а, галвакхлур воций а.

📕 ИгIáсатул-лухIфáн, 1/99.

26 — Сурат Ашшу1арáъ

26 — Сурат Ашшу1арáъ [Илланчаш] [Маккахь доьссина ‚ 227 аят ду]

Аллах1а ц1арца къинхетаме , къинхетам беш волчу

1.Т1ó- сúн-мúм [Аллах1 т1ех дика хууш ву Шéна цáрех луург] .
2.Х1орш — билгалчу [харц-бакъ гучудоккхучу] жайнан [Kъуръáнан] áйаташ ду .
3.Хьо [Мухьаммад] хьан дег1 къиза хьийзош [дуьйш] хила тарло уьш [Дéлах тéшаш] муъманах ца хиларна [г1айг1анна] . Кхин дIахьажа

Абу IабдуллахI: IабдуллахI ибн МасIуд (10.11.2017).

IабдуллахI ибн МасIуд (АллахI реза хуьлда цунна) (Рузбан хьехам, 10.11.2017) — скачать

Iа, атта мéла баккха хан ю

Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна), олуш хилла: «Ас цхьа шийла хIонц йийций шуна?» ладоьгIучара олуш хилла: «Йийцахь». ТIаккха цо олуш хилла: «Iай марха кхабар ю шуна» — олий.

📕 ЛатIáифул-маIáриф – Ибн Ражаб, 558.

ЙоI йича реза ца хилар, мушрик нехан Iадат хилла

Имам Ибнул-Къаййим ал-Жавзийс (АллахIа къинхетам бойла цунах), аьлла:

❏ Шена йоI йича оьгIаз вахар Ислам-дин тIедале хьалха хиллачу мушрик нехан гlиллакхех ду. АллахIа Шен дашехь цаьрга бехкбоккхуш аьлла: «Царах цхьаьнга йоI йина (хьуна) аьлла кхаъ баьккхича, юьхь Iаржалой дIахIутту иза, шен оьгIазло хьул а еш. Шега (иштта) вон кхаъ баккхарна нахах (эхь хеташ) дIалечкъа иза, шена тIе эхь даийтина Iадйита те ша и (йоI) я лаьттах йоллий йийна дIаяккха те ша и бохуш. Ма вон сацам бу-кх цара бийриг!». Сурат «ан-Нахьл», 58-59 аят.

📕 Тухьфатул-мавдýд, 25 агIо.